ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА-н нохчийн латархочун гIуллакх "терроран" дац ала дуьхьал хилла кхел


Якубов Ильяс
Якубов Ильяс

Терроризм къобалйарца доьзна шена дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх къовса аьтто ца баьлла нохчех схьаваьллачу ММА-н латархочун Якубов Ильясан. Стохка гIадужу-баттахь лецира иза Ичкерин хиллачу тIеман командиран Басаев Шемалан аз тIехь долу ролик бахьана долуш. Талламан дехарца Якубов Москвахь лецира.

Талламан версица, "ilyas_yakubov9I" цIарца аккаунт лелочо инстаграмехь видео хIоттийнера, цу тIехь "спортан хIусам чохь мила ву ца къаьста стаг ву тренировкаш йеш, тIемалойн командир хиллачу Басаев Шемалан монологан аудио тIехIоттийна".

Карарчу хенахь аккаунтера дIайаьхна публикацеш, амма кхечара шайгахь йитина уьш. 2022-чу шеран гIуран-баттахь UFC 282 турнирехь Якубов Ильяс а, Дацик Вячеслав а тийсалучу видео тIе хIоттийна Басаевн аз: "Машарца вогIий, машарца жоп лур ду, тIамаца вогIий – тIом бийр бу. ТIом бан Iемина ду тхо, и тхуна Дала делла ду. Маршонехьа тIом бийр бу оха, цу тIе, вала бахьана а ду". Талламан версица, терроризм къобалйар ду и дешнаш.

Якубовн интересаш хьалхайаьхна лелачу адвокато Тарамов Iабдул-Керима дIахьедина, оцу гIуллакхехь тоьшаллаш цахиларх, " ilyas_yakubov91" ник Якубовн хиларх. Чертановон а, Москва гIалин а кхелаша дуьхьало йина бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдар низамехь дац аьлла къобалдан. Бехк хиларх тоьшаллаш гIуллакх толлуш зуьйр ду аьлла, тIетевжина кхелахой.

Якубов Ильясана гIуда тIедожон тарло 300 эзарна тIера миллион соьме кхаччалц, йа пхеа шарна тIера ворхI шаре гергга чохь йаккха хан кхачон.

Нохчийчуьра Шела гIалара ву Якубов Ильяс. Шела кIоштан маьршачу кепехь латарийн чемпион ву иза, самбо спортан мастер ву, панкратионехула Москван Кубок йаьккхина цо. Якубов буйнашца летачу Hardcore FC турнирехь дакъалаьцна а ву – иза лацале хьалха эхашарна латаршна йукъараваьккхина вара иза. ХIетахь ринге а ваьлла спортхочо тоьхнера Сванидзе Токогазна, цо эшйинера нокаут йеш, Якубовн доттагI Мажидов Аух.

  • Гезгамашин-баттахь Таиландера Пхукетера полицино лецира шала вина ши ваша, ММА-н латархой Асхабов Хьасан а, Хьусейн а. И шиъ бенхкевора Казахстанера кхаа вахархочо италхойн туристанан къола деш декъахь хилла ву аьлла.
  • Кху шеран чиллин-баттахь масийттазза джиу-джитсун а, грэпплинган а дуьненан чемпион ваьлла Марданов Видади вийра Дагестанера Дербентехь. Цунна тIелеттачу шиммо сатосуш диъ долучу заманчохь ара кхайкхинчу цунна герз тоьхнера. Зулам динчул тIаьхьа къайлабевллера уьш.
  • Нохчийн спортан клубаш а, ша мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинера тIом бакъ барна а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лецна боллушехь, хIетте а америкахойн спортхой Соьлжа-ГIала леста.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG