ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мобилизаци йахйаларна кийча хиларе кхайкхина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинерчу тIамехь дакъа лацархьама дIахьош йолу мобилизаци йахйаларна кечам бе аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмехь хиллачу эфирехь.

"Тахана хьашт далахь нахана мобилизаци йан йеза. Ца йича йиш йац, нах кхета беза, цара кечам бан а беза, – дIахьедина цо. – Уьш бехаш балахь, уьш баьхнехь, пачхьалкхо царна оьшург латтийнехь, тIаккха уьш жоьпаллехь бу пачхьалкхан а, шайн къоман а кхерамазалла ларйан".

"Уггар хьалха Нохчийн Республикехь, кхин дIа Кавказан регионашкахь, Оьрсийчохь, йерриг дуьненан йукъараллехь а бехаш, кеп-кепарчу динан агIонашца, ламасташца а бехачу божаршка" дина регионан куьйгалхочо шен къамел. "Хьалха цакхетамаш хиллехь, амма тахана Оьрсийчоь саготта йац мобилизацина", – чекхдаьккхина Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доьзначу инстаграм-аккаунтехь йара эфир. Цунна тIе линк Кадыровс шен телеграме хIоттийра. 2022-чу шеран зазадоккху-баттахь кхело экстремистийн лерира америкхойн Meta корпораци, цуьнан болх ца магийра Оьрсийчохь. Йихкинчарна йукъахь йара цуьнан долахь йолу фейсбук, инстаграм а, уьш Оьрсийчохь дIакъевлина йу. Роскомнадзоро кхеторца, и социалан машанаш лелор – низам хедор дац, амма низамо декхаре во церан цIе йоккхучу йукъанна уьш "экстремисте" хилар билгалдаккха.

  • "Буьззинчу барамехь йоцу мобилизаци" йерзийна аьлла Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедира гIадужу-беттан 31-хь, кхаа агIоно дакъа а лоцуш, Сочехь хиллачу цхьанакхетарехь. Амма и тIечIагIдеш омрана цо куьг ца йаздира, хIунда аьлча, бахарехь, "ишта омра оьшуш дац". Бакъоларйархоша бахарехь, арахецна омра дацахь, тIеман министраллин бакъо йу бахархой армех кхайкха. Дечкен-беттан 17-хь Кремло тIечIагIдира, мобилизацин омра хIинцале а лелаш хилар.
  • Кху Iай мобилизацин шолгIа тулгIе йолайала мегаш хиларх хьалхо дIахьедира бакъоларйархоша, жигархоша, зорбанаша, малхбузенан а, украинхойн а талламхоша.
  • Телеграмехь шиъ, ах миллион тIевазвелларг воллушехь (цхьамогIа факташа гойту, царна йукъахь боташ хилар), политика инстаграм дIа ца тоссу, шен официалехь йоцучу агIонашна сих-сиха блокаш йетташехь. Масала, Зазадоккху-беттан 11-хь "болх" сацорах дIахьедина долу Нохчийчоьнан куьйгалхочуньца доьзна ya_pomoshnik_kra_95 аккаунто, и пост дIа а ца йоккхуш, арахецарш дора Кадыровх а, Украинерчу тIамах а лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG