Нохчийчуьра капитана Туков Андрейс эскарера дIаваха лаарца чуделла гIуллакх куьг ца йаздеш, йухаделла. Къилбехьарчу округан тIеман кхело и сацам нийса лерина. Президента арадаьккхина мобилизацех омра долуш, эскархочун контракт йуккъера аравала бакъо йац аьлла. Эскархочун контрактан хан товбецан-баттахь дIайаьлла, амма куьйгалхоша рапортана мухар ца туху.
Аппеляцино билгалдаккхарехь, Туков танкашна тухучу ракетийн батарейан буьйранча хилла. Дакъа №24566. Латтаран меттиг Шела-гIалахь. Эскархочо шен контракт тIеман министраллица дина ду, 2019-чу шарахь, товбецан-беттан чакхенгахь. Контрактан хан дIайалале масех бутт хьалха чуйелла хилла цо шен рапорт - 2022 чу шарахь, мангалан-беттан 8-хь. ХIоттийна бахьана цомгуш болчу гергарчарна доладан дезарца доьзна ду.
Хьаькамаша цуьнан рапорт схьаийцира. Амма "ТIеман даржера дIавалале" лахьан-беттан 18-чу кхаччалц садаIа вахийтира. Туковн балхара дIаваларах гIуллакх ца хилира. Мобилизаци кхайкхайалале кIира хьалха "йисинчу садаIаран ханна тIе кхин а денош" туьйхира, лахьан-беттан 10-гIа кхаччалц. Цу кеппара, гезгмашан-беттан 21-хь Путина "йуьзна йоцу мобилизаци" кхайкхинчул тIаьхьа иза йолахойн могIаршлахь нисвелира.
Цу бух тIехь 2022-чу шеран гIуран-баттахь Соьлжа-гIалин гарнизонан тIеман кхело Туковн дехар йухаделира. Зазадоккху-беттан йуьххьехь аппеляцино кхелан сацам тIечIагIбира. Шен чIагIаман хан дIайолучу муьрехь хиллачу низамца нисбан беза сацам, элира эскархочо. Амма и цуьнан хетарш кхело "гIалате" лерира.
- 42-чу мотострелкован дивизин 70-чу гвардейцийн мотострелкован полкан масех дакъа ду Шела-гIалахь латтош. Стигалкъекъа-баттахь Шеларчу эскархоша шаьш Украинерчу тIаме даха реза дац, шаьш Оьрсийчу дIадахийта аьлла дуьхьало йира.
- Къилбехьарчу тIеман округан гарнизонан кхелашка йолахоша шайн латкъамаш хьовсийра. Йолахоша шаьш тIеман даржех мукъадитар тIедожадора. Бахьанаш тайп-тайпана дара - доьзалера бахьанаш тIера Украинехь тIом бан цалаарна тIекхаччалц. Амма кхелаша цхьатерра церан латкъамаш къобал ца бира. ХIоттийна бахьана Путинан мобилизацех омра дара.