ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мобилизацих веддачу Нохчийчуьра вахархчунна депортаци йарна дуьхьал пикете ваьлла жигархо лаьцна Хорватихь


Нохчий бу Хорватера дозанхойн постехь, гайтаман сурт
Нохчий бу Хорватера дозанхойн постехь, гайтаман сурт

Миграцин Iедалхоша лелочунна дуьхьал пикете ваьлла жигархо Ариничев Владислав лаьцна Хорватихь 15 дей-буьйсий тоьхна, хаамбина цуьнан агIончаша "Медиазоне". Нохчийчуьра ведда веана Таканаев Ахьмад миграцин набахте хьажорна дуьхьал ваьллера иза.

Пачхьалкхан органийн сий дайъина аьллачу артиклехула жоьпе озийна Ариничев, лацар доцург, 4 эзар евро гергга гIуда а хьарчийна цунах. Оьрсийчоьнан жигархо пикете ваьллера "Fuck SOA" тIейаздина футболка а йоьхна. Терроризмаца къийсам латтон Хорватин къайлаха сервисаш йу уьш.

Тоьхна хан йаьккхинчул тIаьхьа Ежевера мигрантийн а, тховкIело йоьхучийн а къевлинчу куьпа дехьаваккха везаш ву иза "йуха а низам дохорна кхоьруш", билгалдаьккхина "Хорватера маьршачу Оьрсийчоьнан бахархойн Цхьанатохаралло".

Аринчиевс шен пикет миграцин набахтехь латточу Таканаев Ахьмадана тIехIуттуш хIоттийна йара. Шен доьзалца цхьаьна веддера иза Оьрсийчуьра модбилизаци кхайкхийначу йуьххьехь, йаздо румынхойн Jutarnji list гIирсо. Хорватин Iедалхоша "радикалан исламист" ву аьллера цунна. 2023-гIа шо чекхдолуш Едевера къевлинчу куьпа дехьаваьккхира иза, хIинца цига вуьгур волуш ву цуьнгахьа гIо даьккхина Ариничев а.

  • 2023-чу шеран охан-баттахь Нохчийчуьра мухӀажарша мацалла кхайкхийра, 2022-чу шеран гурахь дуьйна цигахь Хорватехь депортацин лагерехь латторна. Цара дIахьедира, лагеран белхахоша ницкъ барх а, вон лелорах а лаьцна. Итт де даьлча, могашалла галъяларна а, Хорватин Ӏуналла дечу хьукматаша жоп ца даларна а, мацалла сацийра цара.
  • Дагестанера схьаваьллачу 40 шо долчу стага ша шена тӀе куьгаш даьхьна кхелхира Венехь – иза хилла Оьрсийчу дӀавахийта масех сахьт дисча. Австрин Ӏедалш шеконе диллира иза "Вилаят Хорасан" террорхойн тобанехь дакъалоцуш хилар а, католикийн килсашна тӀелатар кечдеш хилар а. Пачхьалкхера аравоккхуш сацамаш дукха хьолахь динан радикалашца уьйраш хиларан шеконаш бахьана долуш бо, билгалдоккху "Кавказ.Реалиин" редакцино къамел динчу бакъонашларъярхоша а, жигархоша а.
  • 2022-чу шеран чиллан-баттахь Францера араваьккхина Оьрсийчу дIахьажийра 19 шо долу нохчо Мурадов Дауд, цунна лаьтташ кхерам боллушехь. Францин Ӏедалхоша иза махках ваьккхина ца Ӏаш, Оьрсийчоьнан Ӏедалхошка дӀакхачийнера цо тховкӀело йоьхуш чуделлачу кехаташ тIера хаамаш а, цуьнан гергарчу нахах лаьцна а цхьаьна. Цул тӀаьхьа иза велира Оьрсийчоьнан набахтехь, Мурадовн доьзало чӀагӀдора цунна дӀовш делла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG