ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могушалла эшна политикан тутмакх Мусаева Зарема маьршайаккха дуьхьал хилла Нохчийчуьра кхел


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийчуьра Устрада-ГIаларчу колонихь хан токхуш йолу политикан тутмакх Мусаева Зарема могушаллин хьолаца доьзна хенал а хьалха маьршайаккха дуьхьал хилла Шела гIалин кхел. Цхьа могIа дарба ца хуьлу лазарш ду цуьнан дегIаца, инсулинах йоьзна диабет а цхьаьна.

Цунах лаьцна хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо" Мусаева Заремин адвокатана Савин Александрна тIетевжина. Цо билгалдаьккхина, оханан-баттахь Мусаеван могушаллех лоьрийн комиссино хийцинчу кехататана тIехьаьжна бина цара ишта сацам аьлла.

Хьалхо диагноза тIехь йаздина дара, чолхе йирзина шолгIачу кепехь диабет йу цуьнца аьлла, ткъа хIинца кехаташ тIехь билгалдаьккхина, и лазар аттачу кепехь ду, дина таIзар набахтехь такхийта цо йан новкъарло йац аьлла.

Цуьнца цхьаьна Савина билгалдаьккхина, дийнахь йолчу стационарехь дарба динчул тIаьхьа, къаьсттина когашкахь долчу лазарца доьзна, Мусаева халла дIасалелара Iасанашца а ур-атталла. Лазар теден молханаш муьйлура цо, препаратийн барам совбаккха бийзира, цул тIаьхьа жимма гIоле хиллера цунна аьлла.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуран-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • 2023-чу шеран гIуран-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира. Стигалкъекъа-беттан 27-чохь къастазчу бахьанашца иза кхеле ца йалийра хенал хьалха арайаккхар доьхуш чуделла гIуллакх дийцаредечу – кхеташо дIатеттира мангал-беттан 26-чу дийне.
  • Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украине шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG