Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментарий йина шен суьйренан стримехь хьовсархоша шен могашаллех лаьцна динчу хаттарна. Цо мукӀарло дина, хӀора кхаа баттахь ша "капремонт йан воьду" аьлла, ткъа хӀора эха шарахь "йоккха ремонт" йойту аьлла. Марсхьокху-беттан йуьххьехь цо чӀагӀдора, ша унах цIена ву, "Д витамин жимма лахйелла" хиларна бен саготта вац ша аьлла.
Стрим зорбане йаьккхина "ВКонтакте" социалан машанера республикан куьйгалхочун агӀонехь. Видео тӀехь Кадыров шен зудчуьнца Мусаева Медница воьдуш ву – буьйсанна йаьхначу видеош тIехь йовза йиш йу Соьлж-ГӀалара иза веха меттиг. Хьовсархойх цхьаммо шен могушаллех лаьцна хаттар динчул тӀаьхьа, Кадыровс дӀахьедо, "волавелла лелар, дийна хилар ду" аьлла. Стримехь дакъалоцучаьрца саламаш, жоьпаш а луш хаалуш ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хала садеIар, са лоьцуш волчун санна.
"ХӀора кхаа баттахь капремонт йан воьду со, эха шарахь – йоккха ремонт йо. Лоьраша олу сан дегӀ къоначу ханан санна ду. Цундела соьца цхьа хӀума галдаьлла, цхьаъ доцуш дац бохучу шайтIанашна луург хир дац. Суна дага а догIуш, со воь, суна герз туху – хIинца ишта ца нисделла, суна ца дуьйцуш хIума а ца дуьту, кеп-кепара цамгарш а кхуллуш. Жимма толахь – олу могуш вац, жимма азлахь - йуха а могуш вац олу", - латкъамаш бира цо.
2023-чу шеран гезгамашинн-баттахь хиира Кадыров Москвара президентан дарбан цӀийнехь хилар. "Новая газетан" хаамашца, могушалла телхина хилар доьзна дара Кадыровн пехашца долу лазар бахьана долуш "Дормикум" олучу транквилизаторан барам совбаккхарна. Нохчийн Ӏедалхоша дерриг а дерзийра, Москвахь дарба деш волчу шен девешина Мохьмадна тIехIотта ваханера Кадыров Рамзан аьлла.
ТIаьхьо чолхечу хьолан федералан министраллин куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу цхьаьнакхетарехь дIайазйина видео хIоттийра Кадыров Рамзана. Цера дийцарийн коьрта тема хIун йара, хааза дисира. Ролик арахецнера мехкан урхалхо цомгаш ву бохуш, хабарш даьржинчу йуккъехула.
- "Новая газетан" хьастийн хаамашца, панкреатит чIагIйелла цуьнан, цуьнца доьзна набаран йекхоьн некроз а, панкреатогенан асцит а цхьаьна гучуйаьлла. Оцу кепара дукхахйолчу меттигашкахь адам леш ду. ГIирсан хаамашца, 2019-чу шарера схьа дуьйна панкреатит чIагIйелла цуьнан, цуьнца доьзна набаран йекхоьн некроз а, панкреатогенан асцит а цхьаьна. Оцу кепара дукхахйолчу меттигашкахь адам леш ду. Могушалла телхина хилар доьзна дара Кадыровн пехашца долу лазар бахьана долуш "Дормикум" олучу транквилизаторан барам совбаккхарна. Цуьнца доьзна дара гезгамашин-баттахь цуьнан Москва вахар а.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо дахначу шарахь масийтазза бакъ ца дира ша цомгаш ву бохуш дуьйцу хабарш, ша ницкъ болуш ву, дикачу спортан хотIехь ву бохура цо. Иза бакъдархьама, камера хьалха куьйгаш тIехь хьала-охьа ийвелира иза, шен гонерчу нахаца спарринг йора цо, йеза машенаш тоьттура.
- Гезгамашин баттахь Кадыров Москва вахначу заманчохь, цуьнан телеграм-каналехь видео гучуйелира Къуръан дагорна лаьцначу Журавель Никитаца йаьккхина – цу тIехь цунна йетташ ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долу кӀант Кадыров Адам. Оццу дийнахь телехьожийлан эфирехь Собчак Ксенияс дӀахьедира, "дийна а, могуш а волуш" волчу Кадыровс шега дийцина Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-хь хиллачух лаьцна аьлла.
- Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Федералан гуламе хаамца динчу къамелехь дакъалоцуш вацара – Нохчийчоьнан цӀарах вара цу барамехь Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, республикин парламентан куьйгалхо хилла цу хенахь Даудов Мохьмад а. "Новая газета Европа" гIирсан хьостанаша дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла ледара хилар бахьана долуш хила мега иза.
- Кавказ.Реалии сайто кIорггера дийцира, политиках лаьцна и хабараш маца дуьйна дуьйладелла а, билггал цуьнан могушаллех лаьцна хууш долчух а.