ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохкбегийча йохийначу хIусамех компенсаци йала дуьхьало йина кхело Нохчийчуьра 27 вахархочунна


2008-чу шарахь Нохчийчохь мохкбегийначул тIаьхьа
2008-чу шарахь Нохчийчохь мохкбегийначул тIаьхьа

2008-чу шарахь мохкбегийча йохийначу хIусамех компенсаци йала дуьхьало йина Нохчийчуьра 27 вахархочунна. Оцу Iаламан бохамехь зенаш хиллачара чуйеллачу исках иштта хьесап дина махкарчу Лакхарчу кхело. Хьалхо Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIошто латкъамбинчийн агIо лаьцнера, амма и сацам юхаэцийтира финансийн министралло.

Искашца кхеле бевллера йохийначу хIусамийн дай: Абумуслимова Умира, Ибрагимов Висхан, Джамалханов Анзор, Якубова Луиза, Абубакарова Разет, иштта кхинберш а.

"ХIусамаш хIаллакхиларца бахархой шен хенна юьртарчу администрацига дехар динера пачхьалкхан бахаман сертификаташ эца Iаламан бохамехь гIишлош йоьхначийн тептаре шаьш йаздар доьхуш", - аьлла ду дIахьедарехь.

Итт шарахь гергга сатийсина цара сертификаташ даларе, цул тIаьхьа къаьстира, Эвтаран администрацино юьхьанца дуьйна а оцу тептаршна юкъабахийтина ца хиллий уьш. Цул совнах, шайн декхарш кхачамболлуш кхочушдина цахиларна и бохам хиллачу хенахь кхел йинера оцу эвлан администрацин куьйгалхочун гIовсана.

Делахь а, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело жамI дина, бахаман сертификаташ йоьхуш регионерчу бахархой Iалашбарехула а, къаьсттина хала хьал луьстучу министралле бовла безара уьш аьлла.

  • Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхело теллина, масех шарахь Iедалхошкара шен йохийначу хIусамах компенсаци яккха гIертачу Нохчийчуьра вахархочо Исмаилов Муслима чуделла арз. Искехь болчу хаамца, 2008-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчохь мохк бегийча, 40 шарахь гергга иза ваьхначу ИсмаиловгIеран цIа кхин дIа чохь Iен йиш йоцуш ду аьлла лерира, цул тIаьхьа вовшахдаьккхинера и. Iедалхоша пачхьалкхан бахаман сертификаташ лучийн тептаре язвира Исмаилов. ХIетте а масийттазза хIара кIоштан администраци ваьлча а, пачхьалкхан бахаман сертификат цунна схьа ца делира, бахьанех кхета а ца веш.
  • 2000-чу шарахь Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна дуьхьал керла хIусам йалийта хьийза Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхина цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 2011-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG