ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Монархих ловзар: шен Iедал муха чIагIдо Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

20 шо долу Висмурадов Рамзан – Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан воI а, Кадыров Рамзанан нуц а ву. "Нохчийчоьнан республикина мехала гIуллакхаш дарна" аьлла мидалца совгIат дина цунна. Даржашкахь Кадыровн гергарнаш лакхабаьхна, билгалонан седарчий царна кхаьчна ца Iаш, цуьнан бIанакъостийн берашна а цхьаьна дакъа кхачадо. Ша кхоьллинчу политикан элите орамаш хецийта хIара кеп къастийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Цхьана хенахь ийначу кепехь латаршкахь дакъалоцуш хилла Висмурадов Рамзан 2022-чу шеран чиллан-баттахь "Ахматан" клубан коьрта директоран дарже хаийра. Нохчийчоьнан урхалхочун йоьалгIа йоI, Кадырова Табарик йигина масех бутт баьллачул тIаьхьа.

Стохка стигалкъекъа-баттахь регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло "Терроризмаца къийса латторна" аьлла, некха тIехь лело билгало йелира Висмурадов Рамзанна. ХIун дина билгалвелира Кадыровн нуц, дуьйцуш дацара. Керла "Нохчийчоьнан республикина мехала гIуллакхаш дарна" мидал йелира Висмурадовна "бокс йаржош Iаламат чIогIа къахьегарна" аьлла, йаздина.

Висмурадов Рамзан а, Кадыров Рамзан а
Висмурадов Рамзан а, Кадыров Рамзан а

Рамзанан да Висмурадов Абузайд – нохчийн лерринчу "Терек" СОБР-н командир ву, Нохчийчоьнан урхалхочун уллорчу гонера стаг а ву. 2019-чу шарахь Висмурадов -воккхахверг Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцешна йукъа вахийтинчул тIаьхьа, Кадыровс мехкан вице-премьеран дарже ваьккхира иза, ницкъаллин блокаца йукъахь болхбаран хеттаршкахула.

Висмурадов Рамзан карьерехь айвар а, цунна совгIаташ дар а доьзна дац церан гергарлонца, тешна ву нохчийн политолог Кутаев Руслан. Цунна хетарехь, лаккхарчу ницкъахочун кIантана мидал, иза Кадыровн йоьIан цIийнда ву аьлла йелла ца Iаш, цуьнан дас дIалоцучу тIегIана тIехула а, мехкан урхалхочунна муьтIахь болчийн гонаш шордан а дина хIума ду.

"Висмурадов Рамзана, Кадыровн гонерчу нехан кхиндолу бераша а санна, цхьа официалехь дарж ду дIалаьцна. Висмурадов –воккхахверг вассалийн лами тIехь мел а уллохь ву Кадыровна. Оцу тIехула цуьнан кIантана хIусамнана а, дарж а, мидал а кхачайо. Кадыровн гонехь болчу нехан берийн меттиг а, Iедалан йоллу система а чIагIйеш йу политикехь", - билгалдаьккхира политолого.

Висмурадов –воккхахверг вассалийн лами тIехь мел а уллохь ву Кадыровна

Кутаевс бохучунна тIетов Къилбаседа Кавказехула аналитик волу Чемберс Гарольд а: "Кадыровн нуц хиларна делла ца Iа Висмурадовна совгIат, керла шена муьтIахь элита кхоллархьама а деш хIума ду".

Регионан урхалла даран йоллу аьлча санна система Кадыров Рамзанна а, цуьнан уллорчу гонна а тIехь йу: 2022-чу шарахь цуьнан шовзткъе итт сов гергара стаг вара Iедалан структурашкахь а, спортан комитеташкахь а, йаккхийчу пачхьалкхан компанешкахь а, Нохчийчуьра йуьртбахамехь а кеп-кепара даржаш дIалецна. Республикан куьйгалхочун гергарнаш боцурш а, даржаш делла цуьнан йуьртахошна а, бераллехь хиллачу доттагIашна а, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь цуьнан хиллачу бIанакъосташна а.

Алханов Руслан, Висмурадов Абузайд (йуккъера шиъ)
Алханов Руслан, Висмурадов Абузайд (йуккъера шиъ)

ТIаьххьарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIаьхье даржашка хIиттийна ца Iаш, шен уллорчу накъостийн бераш а цхьаьна ду цо йукъаийзош. Висмурадов Рамзанна делла ца Iа, совгIаташ кхачийра Кадыровн кхин а шина йоьIан хIусамдайшна а. Йоккхаха йолчу йоьIан Iайшатан хIусамда Мацуев Висхан лаккхарчу шина даржехь ву урхаллин иерархихь – республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а ву иза. Регионан лаккхара совгIат а цхьаьна делла цунна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден. Цуьнан да Мацуев Зеламха доттагI а, хадархо а хилла ву Кадыров Рамзанан.

Кадыров Рамзанан кхин а цхьа нуц Алханов Адам – мехкан урхалхочун шолгIачу йоьIан Хадижатан хIусамда ву. Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министраллин коьртехь ву иза. Республикин вице-премьеран даржера валийра иза министран гIента. Адаман да Алханов Руслан республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин коьртаехь лаьттира 18 шарахь, карарчу хенахь экстремизмана дуьхьало латточу "Э" Центран коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс ву иза. Кадыровн уллорчу агIончех а ву иза, ишта цуьнан йуьртахо а.

Монархин элита?

Керла элита кхиош, шен гергарчарна а, шен берашна а там бина ца Iаш, кхинболчу уллорчийн доьзалийн гIуллакхе а хьожу Кадыров. Нохчийчоьнан урхалхо иштта шена кхерамза, муьтIахь го бан хьийза, аьлла хета Прагера Карловн университетан политологин профессорна Аслан Эмильна.

ХIара дерриг а – даржашкахь лакхабахар а, совгIаташ далар а – керла политикан элита кхоллайалар ду

Оцу кепара шолгIачу тIаьхьенах Iедал вовшахтоха хьийза Кадыров, аьлла хета политологна Кутаев Русланна: "Тахана Кадыровн Нохчийчуьра агIончаш – дешна нах бац, цундела уьш кхета, кхана-лама махкахь хьекъалца урхалла дан шайн бераша деша дезий. ХIара дерриг а – даржашкахь лакхабахар а, совгIаташ далар а – керла политикан элита кхоллайалар ду".

СовгIаташ, даржаш дIасадоькъучу Кадыровс билгалдоккху шен хьал, цуьнан карахь ду мила къастор ву, совгIат дечун статус лакхара мел хуьлу а, шен гIентахь тешам боллуш Iойла ду цуьнан, билгалдоккху профессоро Аслан Эмиля: "Оцу кепара Кадыров Рамзана тIечIагIйо шен позици, ша лаккхара даржхо а, совгIат луш санна, шен лаамехь хьаьжжина, таIзар дан а йиш йолу паччахьийн персона санна хилар а".

Кадыровс шен берашца лелочуьнга хьаьжча а тергал дойла йу, монархин стратегих тера цхьа хIуманаш цо лелош хилар, боху аналитико Чемберс Гарольда. Цунна хетарехь, регионера дош лелачу доьзалех захалаш а беш, уьш цхьана дIаэбан хьийза Нохчийчоьнан урхалхо.

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Чемберса тIетуьйхира, кхузахь а Кадыровн бераш а, цуьнан гонерчу нехан бераш а цхьатерра хьалха ца тоьтту цо: Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIаьхьенна маса даржаш а, совгIаташ ло, керлачу элитин тIаьхьенал хьалхабийла таро хуьлу церан.

Регионера дош лела доьзалех захалаш а беш, уьш шечех дIаэбан хьийза Нохчийчоьнан урхалхо.

Масала, 2023-чу шеран гIадужу-баттахь 23 шо долчу Кадырова Iайшатана Нохчийчоьнан вице-премьеран дарж делира. ШолгIа йоI, 23 шо долу Хадижат чиллан-баттахь Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттийра. 2023-чу шеран гIадужу-баттахь социалан сферин хьакъйолу бахахо аьлла, цIе йелира цунна. 21 шо долу ХутIмат могушалла Iалашйарехь куратор хIоттийра. Кадыров Рамзанан 19 шо долу йоI Табарик ООО "Грозненское такси" компанин долахо хилира. БерхIийтта шаре ваьлла Кадыровн кIант Ахьмад спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс хIоттийра 2023-чу шарахь. Ткъа 16 шо долу Адам, йуьхьанца Кадыров Рамзанан кхерамзаллин декъан куьйгалхо хIоттийра, тIаьхьа тIеман министраллин батальонан куратор вира цунах.

"Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхо декхаре ву даим а шен куьйгакIеларчу нехан берашна а, шен невцаршна а, сурт хIиттош совгIаташ декъа, шен берашна алсам хьал-бахам а, Iедалан мукъ а латтабо аьлла, царна дага ца даийта", - дерзийра аналитико.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь шайн бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон ца магийначу нахах хIоттийначу Iаьржачу тептаре баьхна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан цхьа могIа доьзалера нах а. Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а дуьхьал санкцеш йаьхна Украинерчу тIамца доьзна а. Тептарехь нисбелла Нохчийчочьнан урхалхочун йоьIарий Iайшат, Карина (Хадижат), Табарик.
  • Украинин президенто Зеленский Владимира оханан-беттан 1-хь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик.
  • Марсхьокху-баттахь Кадырова Табарикца йоьзначу НКО-на грант кхечира бизнесна гIоьнна кхо миллион гергга сом. Грант кхаьчна коммерцица йоьзна йоцчу "Единство" организаци йиллина Межидова Лаура оцу йукъанна "Ирс групп" йиллинчех лоруш а йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG