ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен муьлха туьтмΙаьжиг лелайо Навальный Алексейс кавказхошца къамел деш?


Оьрсийчоь -- Москох мэран харжамашкахь дакъалоцуш волу кандидат Навальный Алексей, Mоскох, 16Мар 2013
Оьрсийчоь -- Москох мэран харжамашкахь дакъалоцуш волу кандидат Навальный Алексей, Mоскох, 16Мар 2013

КΙаргбелла Москох-шахьаран мэр хила гΙертачу политикийн къовсам. Харжамийн кампанин декъехь Москох дехачу къаьмнийн векалшца цхьаьнакхетта деношкахь ялх кандидатах цхьаъ Навальный Алексей. Цигахь цо дина къамел, цуьнан шен дехарца цкъачунна ца даржон сацам бина диаспорийн лидерша. Хууш ма-хиллара, Навальныйс кхушара а, стохка а дукха дина официалехь оьрсех боцу нах, къаьсттина кавказхой, сийсазбеш къамелаш. Цундела Москох дехачу къаьмнийн векалш тешна бу, Навальныйс шайн лидершка мел хаза дийцина хила тарлахь а, иза мэран дарже кхачийта мегар дац бохучух.




Навальныйца къайлахчу къамелехь хиллачу массех кавказхочуьнга хаьттира Маршо Радионо, хΙун дийцира аш, муха гойтура оппозицин лидера, Москох мэр хΙотта а сахьт доцчу политика шен кавказхошка болу хьажам, национализмах мукъваьллий хΙара, аьлла.

Цхьаьнакхетаран декъашхоша баркалла ала догΙу, уьш шаьш Навальныйна деллачу дашна тешаме хиларна – ца дийцира цхьаммо а шайга мэран дарже кандидат волчу оппозиционеро дийцинарг - иза дан хеназа ду, кΙира даьлча бен къамелан маьΙна Ιора ца даккха барт хилла тхан, бохура хΙраммо а.

Делахь а, Навальный коьрта тема ю харжамаш хьехочохь, коьртаниг ву Оьрсийчуьра оппозици йийца яьккхича а, Ιедалан дайша ден къоланаш хьехочохь а, иштта кавказхошна дуьхьалъяьлла ксенофоби юьйцучохь а.

Хила тарлой, Москох бехачу кавказхоша Навальныйна шайн кхаьжнаш дΙалуш, боху хаттар а ду тахана актуалехь.

Оцу хаттарна иштта жоп ло кавказхошна дуьхьалъяьллачу ксенофобица къийсалучу Москохарчу кхарачочо, Оьрсийчуьрчу кавказхойн конгрессан куьйгалхойх волчу Таганидзе Султана.

Таганидзе: «Навальный тоъал куьце яьлла фигура ю. Амма юкъараллан хаьшташ кхочушдан оьшург яц и фигура. ХΙаъ, ву иза юрист, бакъоларъярхо, цхьаццадолчу Ιедалан а, хьаькамийн а сакхташ Ιора а доху цо. Амма иза цхьа агΙо бен яц. Суна ца хета, кавказхоша иза диканна араваьллачех лору аьлла.

Дуьззина кхеташ дац, стенна тΙехь и соцур ву, стенга кхочур ву. Сан шеко яц, мэран дарже и кхачахь, вайна хьалха а тергалделла ма-хиллара, шен позитиван къамелаш тΙера негативан къамелашка иза вер хилар. Цундела суна ца хета цунах дика мэр хир ву аьлла. Вайна ца хаьа оцу стагера билггал хΙун дала тарло».

Оьрсий шайх доцчу къаьмнашна дуьхьалхΙиттар, ксенофоби, халкъалахь шашаха яьржина гΙир яц, иза Ιедалан дайша шайн леррина Ιалашонаш а йолуш кхуллу, естайо, боху Таганидзе Султана.

Таганидзе: «Халкъан лахарчу а, юккъерчу а чкъоьрнех йоьлла вирус хилла а ца Ιа иза. Социологаша бинчу хаттамо ма-гайттара, Москох 1 процент бахархой бен бац кавказхой шайга лалуш нах бу олуш. Декъаза 1 процент. Вайна Москох урамашкахь гойла ду бахархошна кавказхой бΙаьрга бан ца безийла.

И дерриг – мода яц. Иза леррина пачхьалкх йохон кхоьллина хьал ду. Леррина цим тосуш бу къаьмнашна юкъа, юхьара эцна леладо и хΙума – халкъана юкъа херо юьллуш, халкъ гаранашка доккхуш. И некъ къастийначу нехан боккха аьтто болу, цара шайн гΙуллакх толамца кхочуш а до.

Цунна аьтто беш вайн хьаькамаш а бу. Ца хаьа царна къаьмнийн юкъаметтигаш тоян, уьш дилетанташ бу, царна дукха хьолахь шаьш хΙун дан деза а ца хаьа. Национализман озехь къамелаш вайна массо а тайпанарчу хьакамашкара хеза тахана. Аьлча а, селхана и саннарг урамашкахь бен хезаш ца хиллехь, тахана иза пахьалкхан дайн кхетамца ду. Иза цара, эхь а ца хеташ, даржадо юкъарчу телехьожийлашкахь, радиочухула, газеташкахула.

Хаамийн гΙирсаша Кавказе, кавказхошка цабезам муха баржабо, муха хьал дестадо кавказхочуьнгара даьллачу вонна гонаха, иза дерриг а вайна гуш ду. Дуьйлу зуламаш, хуьлу ишттаниг а, амма, царна тΙ а тевжаш, кхуллу халкъалахь гамо. Юкъараллехь гамо есташ юйла гуш а ду вайна».

Навальный а, и санна Ιедалца бертабаха ца туьгу кхиболу политикаш а ледара бу, лаккхарчу хьаькамалле хΙитта кийча бац аьлла хетачу политикашлахь бу массо а къаьмнийн векалш. Цара кхетадо Навальныйс мел дуьйцург а бакъ дуйла, иза халкъан дуьхьалонан лидер вуйла, ишттаниг оьшийла. Амма Ιедашца цуьнан барт бацаро кΙезиг а хоьтуьйту иза вукху агΙор. И тайпа шен гар довзийтира, Маршо Радиоца ша къамел деш, Москох дагестанхойн диаспоран коьртехь волчу Ιилманчас Абдулхабиров Мохьмада.

Абдулхабиров: «Сан цуьнца цхьаьнакхетар ца нисделла. ЦΙахь а, Москох а бехачу дагестанхошца къамелаш деш а, ца гина суна и вевзаш стаг. Ган-м лаьара суна иза. Суна тов цо коррупцина дуьхьал кхайкхийна тΙом.

Оьрсийчоь цкъа а хир яц, коррупци мел ю, ехаш пачхьалкх. Оьрсийчоь санна коррупцин Ιинчу боьжна бисина мохк буй а ца хаьа суна-м. Кхаъ ца белча, цхьа а хΙума листалуш дац кхузахь. Суна ца хаьа, далур дуй Навальныйга цунна дуьхьал хΙумма а. Коррупцица цо бен тΙом мел бахлур бу а ца хаьа суна. Шек-м ву со. Ткъа Собянин мэр хΙотторца то-м деллера Москох хьал. Навальный, суна хетарехь, боккха болх гΙаттон ларалур ву аьлла ца хета суна».

Къаьмнийн цхьаалла, царна юкъара гамонаш дΙаяхар коьрта болх хила беза кхетамчохь волчу политикан, аьлла хета нах а бу Оьрсийчохь. Цара кху деношкахь аьшнашка воху Навальный, цо шен харжамхошца цхьанакхеттачохь дечу къамелашца доьзна.

Навальныйс Москох оьрсийн публикана хьалха олу, Москох дечу зуламийн ах дакъа мигранташа, аьлча а, оьрсех боцчу наха до. Иза бакъ дац, 17 процент ду стохка динчу зуламашлахь мигранташкара девлла зуламаш. Ткъа оцу 17 процент зуламашна юкъа догΙу доккхаха дакъа ду тΙебаьхкинчу наха бухарчу Ιедале шайх лаьцна хΙиттадайта кехаташ ца хΙиттадайтина боху зулам. Нах бойъурш мигранташ бац дукха хьолехь, оьрсий бу, боху «Грани.Ру» цΙе йолчу интернет-газетехула цхьана оьрсийн журналисто.

Оцу журналисто бехке во Навальный, иза, харц терахьаш а далош, ша «мигранташ» олу нах, кавказхой а, кхидолу къаьмнаш а сийсаздан гΙертарцна. Иза бахархошца харжаман компанех ловзар хилла ца Ιа, национализм яржор ду – кхеле дилла а догΙу, яздо «Грани. Руно». И ойла ю, гарехь, нийсса кавказхойн дегнаш чу а хьажна хазош. Кавказхой ца теша цундела, ша къайлахча къамел деш Навальный Алексейс оьрсех боцчу нахе мел хаза дийцина хила тарлахь а, иза национализмах цΙанлойла ду бохучух.
XS
SM
MD
LG