ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахаев Хьасан - зама заманах йозархо


Суртдиллархо Бахаев Хьасан
Суртдиллархо Бахаев Хьасан

Дерриг а доладелла 40 шо хьалха. Ткъа керлачу маьIне дирзина ши бутт хьалха. 40 шо хьалха Бахаев Хьасан суьрташ дахка волавелла. Амма ши бутт хьалха цо керла маьIна кхоьллина шен корматаллин хотIна.

Политикан репрессеш лайначийн денна лерина Фейсбукерчу цхьана бакъоларъярхочо сурт хIоттийнера шен агIонтIе вуно товш, хаза юьхь-сибат долчу къоначу зудчун – Сталинан Iедало Москох тоьпаш тоьхначу Ленинан цIарахчу рабфакан студентан Лицинская Тамарин.

28 шо долуш Сталинан Iедало йийна Лицинская Тамарин
28 шо долуш Сталинан Iедало йийна Лицинская Тамарин

​Хьасан ойлане велира, муха тору харц-дуьненна Дала оццул аьхна кхоьллинчу, къинош дебон а кхиина доцчу адамна тIехь къиза эра даккха, аьлла. Цунна денлойла лаьара и хIуманна бехке йоццу репрессин хьеро дIахьаьшна зуда.

Иштта даьржира социалан машанашкахула тахана а «ехаш», «арахь ган», дуьхьалнисъяла а «тарлучу» Лицинскаян сурт. Бахаевс, доггах хийцира цунна гонахара хьал, духар далийра кхузаманан куьце.

Хьажархочун коьрте кхачийра йовха, шийла ши ойла: мел кхоам бара иза ен, со а хила тарлора-кх цуьнан метта…

Компьютеро луш йолчу технологин исбаьхьаллах пайда а оьцуш, репрессино хьаьшначу кхечу нехан суьрташ а ийцира Хьасана тидаме. Иштта «ваьржира» интернетехула цо «таханене валийна» театрал-режиссер Мейерхольд Всеволод.

Муха вирзира Бахаев Хьасан шира суьрташка, Iазап лацна нах таханенца гайта? Цунах хилира тхан къамел:

- Суьрташ дахка маца волавелла хьо, стенгара даьлла?

- Беран хенера схьа. Кехата тIехь суьрташ дохкура ас. Виллина хуьлура суьрташ дохкуш. Айса, сайна ма-гарра, дохкура, дохкура, дохкура. ТIаьхьо керла кепаш евлира васт гайта аьтто беш, масала, компьютер, планшет. Цара а бира сан корматаллина пайда.

Мейерхольд Всеволод, театран режиссер, вийна 66 долуш
Мейерхольд Всеволод, театран режиссер, вийна 66 долуш

Школехь волуш ас карикатураш йохкура сайца доьшучарна, гонах лелачу хиламашна. Эскаре вахара, цигахь клубанна суьрташ дохкура. Сан болх, суна бепиг латтош йолу корматалла ю хIинца хIара.

-Мел хан ю хьан?

-48 шо.

- Шира суьрташ карладахар, нах кхузамане балор – и муха дагадеара хьуна? Мейерхольд го суна, репрессешкахь байина нах лаа гойтий ахь?

- Иза шашаха нисделира. Сан планшет ю, цунна дика программаш кхоьллина Эпло, со воккхаве цунах, Фотошоп санна программа арахецна Стилус. Хьекъале программа ю иза, хала а яц лелон. Суртдиллархо хьо велахь, пайде инструменташ ю-кх шортта, охьа а хиина, фантази а яржош, къахьегхьана. Цхьа цIеххьана нисделира, Фейсбуке а хьоьжуш Iаш, «Лийрйоцу барак» агIонтIе нисвелира со, цу тIехь гира Сталинан заманахь тоьпаш тоьхна вийначу 7 стеган сурт. 20-30 шераш долуш байина нах бара уьш.

Лицинская Тамарин суьртах бIаьрг кхийтира сан, уллехула ваьлла гIойла доцуш юьхь-сибат ду цуьнан – кIорга хьажар, тахана а ехаш йолуш санна. Дагадеара иза таханене а «кхачийна», вайн дахарехь муха гайталур ю хьажа. Айса сурт карладаьккхича, гира суна мел хаза го и адам таханалерчу дахарехь. КхидIа карийна суьрташ а дехира ас карла. Фейсбукерчу сайн агIонтIе хIиттийра уьш.

ТIаккха доладелира суна ца моьттинарг – дуккха нах бевлира суна «лайкаш» хIиттош. Сан-м вацара хIетахь 100 велахь бен сан агIо йоьшург а. Таханенна 20 эзар сов ю «лайкаш», 13 эзар стага шен агIоне эцна сан белхаш.

Цхьаболучара хоьтту, хьалха заманахь ваьхначу стеган сибат схьа а оьций, стенна даладо ахь кху замане, иза нийса ма дац, олий. Амма дукха нахана тов ас цхьа хан хьалха баьхна и пекъарш, репрессеш йина нах, шайна дагалоцуьйтуш, церан васташ «дендеш».

30 шо хилла 1931-чу шарахь Ярославская-Маркон Евгениян Iедало иза хIаллакъеш. Цуьнан майра Архангельскерчу Соловки набахте хьажийна хилла. Иза шен цIийндена цигара вада аьтто кечбеш хилла. Оцу бахьанийца майрачунна тIетоьхна набахтин хан, ткъа Евгения тоьпаш тоьхна йийна.

Ярославская-Маркон Евгения йийна Сталинан Iедало 29 шо долуш
Ярославская-Маркон Евгения йийна Сталинан Iедало 29 шо долуш

Хьасанан кхетамна ца могу лелла харцо лан – цо «ден а йина», Москох цхьана урамехь ша фотоаппаратан бIаьрга лаьцча санна гайтина Ярославская-Маркон.

Хьовсархой а бу Бахаев Хьасанан даггара, тов царна цо суьрташца бен хийцамаш. Нийса хета Сталина лелийна харцонаш, сурт-вастехь бен дацахь а, «юхайоккхуш» хан, нийсо тханенан хорша «йоккхуш».

Оцу хьокъехь Хьасана иштта дуьйцу:

- Сайн ларам буйла гойту ас оцу суьрташ тIерачу адамашка. Тахана бехачу нахана харцо Iаткъийта, лелийна къизалла юха ца яийта бо и болх. Сан ларам бу Iазап лайначаьрга.

Дукха хан йоццуш цхьана дозанал арахьарчу сайн накъостца къамел хилла сан оцу суьртийн гайтам хIотторан хьокъехь. Цуьнан гIоьнца суна айса суьрташца васт карладаьккхинчу Лицинская Тамарин кIентан беран йоI карийна суна Бельгехь ехаш, музыкант ю иза. Цунна тайна ас бина болх. Тамара ша а хилла шен суьрташ дохуьйтуш дезаш, иза дийна хилча реза хир яра сан балханна, элира оцу зудчо. Иштта нисделла-кх ас хIара белхаш болор.

Хьасан компьютеран графикан гIоьнца Сталинна дуьхьалгIаттар шашах а дац. Москох ненаца-оьрсийчуьнца кхианехь а, дехой нохчий бу цуьнан. Девза цунна шен тайп-тукхам а, дайн кхерч а. Веха иза депортаци лайначу шен къоман лазамца. Цунна ду боху цо ша шен кхолларехь репрессеш лайначу адамийн васташка верзар а.

Къамел шолгIачу декъехь суртдиллархочун шен орамех лаьцна а дийцира Маршо Радиога:

- Бахаев... Хьо даима а санна Москох ваьхна. Хьайн орамаш бевзий хьуна?

- Дера бевза. Сан да Хилдехахь вина, Итон-Кхаьллана гергахь. ХIинца яц и юьрт, цигахь бIаьвнийн баххаш бен ца бисина. Цигара бу-кх сан орам. Нохчийчуьрчу гергарчаьрца даима ву со зIенехь. Цул сов, соьгахь хьалха зуда а яра цигара, и герграло доьхна, халахеташ делахь а. Сан ши йоI еха Соьлж-ГIалахь. Цаьрца скайпехула къамел а хуьлу.

Соьлж-ГIалахь шина шарахь туьканан директор а лаьттира со. Цул тIаьхьа дIавахара Нохчийчуьра.

… Сан проект тидаме ца эцна Нохчийчохь. Цигарчу хаамийн гIирсашна ца хаавелла цкъачунна. «Мемориалца» юкъарло ду сан. Цигара схьаоьцу ас сайн керлачу белхашна репрессеш йинчу нехан суьрташ. Кестта гайтам схьабелла дагахь а ву. Москох баьхна, топаш йиттина Сталинан хенахь байина нах бу сан тергонехь.

Нохчийчоьно боккха бала лайна, депортаце хьовсийначу, лаамза Юккъерчу Азехь баьхначу нохчийн суьрташ оьшура суна. Амма оцу заманахь даьхна суьрташ кIезиг ду нохчийн доьзалшкахь, … суна-м НКВД-но ша лецча даьхна суьрташ а мегар дара.

Репрессешкахь нисбеллачу шайн гергарчийн суьрташ доьзалехь долу нохчий бевлча хазахетар дара суна. Вайн санна бала Iаьвшина къам хир а ма даций. Соьлжа-ГIалахула, нохчийн юьртахула тахана волавелла лелаш санна, я йолаелла йоьдуш санна, васташ карладохур дара ас вайн дедайн, ненананойн, геноцид дага а лоцуш.

Делахь а, атта дац суьрташ карон. Масала, сан деден, Бахьо хилла иза, деккъа цхьа сурт бен хилла дац, иза а тIе хьоькхнаш а яьхна, эрчадаьккхина сурт ду. Дависийла, НКВД-н архивашна тIенисвала…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG