2023-чу шеран жамIашца Нохчийчоьнан республикин 1608 вахархо лар йоцуш вайна лоруш ву байнарш лоьхучу базехь. Церан терахь хийцадалаза дуьсу тIаьххьарчу итт шарахь. Оцу йукъанна регионо шолгIа меттиг дIалаьцна Москвана тIаьхьа лоьхучийн терахьаллехь, аьлла ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин керлачу статистикехь.
Йоллу Оьрсийчухула стохка тIепаза вайна лоруш вара 36 эзар стаг Регионашлахь хьалхарчу меттигехь йу – Москва. Кхузахь 2014 стаг вайна лоруш ву. Нохчийчохь, иссозза ала мегар долуш кIезиг бу бахархой, 1608 ву лоьхург.
Дустуш аьлча, 2022-чу шарахь регионехь официалехь 1601 вара вайнарг. 2008-чу шарахь – 793 стаг, 2009-чу арахь – 1014 вара лоьхуш. Итт шо хьалха, 2013-чу шарахь – 1638.
Рейтингехь Краснодар-махко пхоьалгIа меттиг дIалоцу 1139 лар йоцуш байна нах хиларца. Кхин дIа тIаьхьа йу къилбан регионашлахь Ростовн кIошт (574), Ставрополь-мохк (545), Волгоградан кIошт (538). Дагестанехь тIепаза вайна стохка официалан зерашца 301 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь – 182, Астрахань-махкахь – 173.
КIезиг нах байначу регионашлахь йу ГIалгIайчоь (127), ГIалмакхойчоь (106), Адыгей (100).
Цхьана чоьхьарчу гIуллакхийн официалан хаамашца, 2018-чу шарера схьа 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь вайна 5 эзар гергга стаг, билггал долу терахь кхин а лакхара хила тарло. Нах лечкъош хиларан проблема йерзочу меттана, Оьрсийчоьнан Iедалхоша даржийна и хIума шаьш контроль латточу кхечу дозанаш тIехь а цхьаьна, аьлла хета бакъоларйархошна.
- Дуьненайукъарчу бакъоларйаран Amnesty International организацино охан-баттахь ООН-н адамийн бакъонаш ларйечу Лакхарчу комиссаран Урхалле Оьрсийчуьра адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна дIахаийтира. Цу тIехь билгалдаьккхира, тIаьххьарчу пхеа шарчохь хьал телхина хиларал совнах "политикан буха тIехь лецарш, шога репрессин низамаш тIеэцар, таIзар доцуш дуьту зуламаш" кхиарх. Доккхачу декъанна, масалш далийна Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх.
- Бакъоларйархоша билгалдоккху, "меттигерчу Iедалхошна луьйш берш Нохчийчохь лоьцуш, тIепаза бойуш хилар, регионехь таIзар доцуш дуьсур дуй а хууш". И чIагIдо Тепсуркаев Салманан, оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор хиллачун масало а. Кадыровхоша лачкъийна, тIехь ницкъбина, хетарехь, вийна иза. Иштта Мусаева Зарема а, бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран нана, кадыровхоша Лаха Новгородехь лачкъийна, полисхочунна тIелатар дина аьлла, бехкейина йолу.