ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь 18 шо долу студент-йоI лачкъийна Дагестанерчу гергарчара


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москварчу лоьрийн колледжехь доьшуш хилла 18 шо долу Магомадова Ӏайшат лачкъийна Дагестанера цуьнан гергарчара. Цунна йиттина, йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсина, шаьш цо "йуьхьӀаьржа хӀиттийна" аьлла.

Иза лачкъорах лаьцна йаздо "Осторожно, новости" телеграм-канало йоI йевзачарна тIетевжина. Кавказ.Реалиин редакцина а тӀечӀагӀйина и информаци "Марем" кризисан тобанехь, иза лачкъорах хаам цаьрга кхаьчна хиллера.

Магомадова Москвахь шен дейижаршца Iаш хиллера, цуьнан да-нана Дагестанехь дисинера. Цара хаддаза Ӏуналла дар а, церан кочаэхар а бахьана долуш цаьргара дIа а йахна, Люблинехь коммуналан петарчохь йолу шен доттагIца Iен дIайаха дийзира цуьнан. Цул тӀаьхьа шен сим-карта а хийцинера цо, наггахь нене телефон тухуш хиллера, цуьнга са ца гатдайта. Амма гергарчарна дукха хан йалале иза мичахь йу а хиъна, цунна тIаьхьа а бевлла, кхерамаш тийса буьйлабелира. Iайшатан доттагӀчо дийцарехь, цуьнан девешо а, дас а йаздора цуьнга цо доьзалан сий дайъина бохуш.

Товбецан-беттан 31-чу дийнахь Ӏуьйранна Ӏайшатан да а, деваша а оцу петаре чу а вахана: йоӀана йиттина, подъездера ара а йаьккхина, шайца дӀайигина, хаамбира "Марем" тобанехь. Ишта цуьнан документаш а цхьана дӀадаьхна. Магомедова мичахь ю карарчу хенахь хууш дац, бакъоларйархой тешна бу, иза Кизилйуьрта йуьгуш хиларх.

"Тхан адвокаташ бу гӀуллакхна тӀехь болх беш, стаг лачкъорах дIахьедар чу лур ду", - комментарий йира "Марем" олучу кризисан тобан куьйгалхочо Анохина Светланас.

"Осторожно, новости" телеграм-канале Iайшатан доттагIаша хаамбина, цуьнан дог дара лозуш, иза ларйан йезаш йара, амма хIетте а цуьнан герграчара тергал ца до цуьнан могушаллин хьал аьлла.

  • Къилбаседа Кавказехь ницкъ барх уьдуш берш кест-кеста гергарчара хьийзабо. Ницкъаллин структурийн белхахоша дӀалоьцу уьш – дукха хьолахь бахьана ду зуламаш дарна харц бехкаш дахкар, цул тӀаьхьа церан гергарчара нуьцкъала йухабуьгу уьш даймахка.
  • Нохчийчуьра схьаяьллачу Заурбекова Лияс шозза видеохаамаш дӀаязбира, цIера йадар шен лаамехь хилар чӀагӀдеш. Ша ма леха аьллера, ша маьрша хиларх тешийра, доьзалехь дегӀана а, сина а ницкъ барх лаьцна дийцира цо. ЙоӀа бахарехь, гергарчара ша йерна кхоьруш хилла иза.
  • Охан-баттахь Талламан комитето бехктакхаман гӀуллакх долийра Сулейманова Седа къайлайаккхарца доьзна –шо кхочуш ду, иза Петарбухехь нохчийн ницкъахоша лачкъийна, Соьлжа-гӀала дӀайигина. Стаг вер аьллачу артиклехула толлуш ду и гӀуллакх.
  • "Кавказ.Реалии" сайто йаздира, доьзалехь хьоьгучу гIелонех бевддачарна гIо ца дарх, уьш церан гергарчеран кара дIабаларх. Цу Ӏалашонца дукха хьолахь къоланаш дина олий, харц бехкаш дохкуш лелош схема йу ницкъахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG