ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь маьждиг кхечу меттигехь дан бина Собянинан сацам къобалбина Кадыровс


Москван мэр Собянин Сергей
Москван мэр Собянин Сергей

Маьршачу наха а, националистийн кхетам болчу жигархоша а дуьхьалонаш йинчул тIахьа Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедина, шахьаран Косино-Ухтомскан кIоштахь дан лерина хилла маьждиг кхечу меттигехь дийр ду аьлла. Хьалхо оцу протестхошна кхел йе, йа уьш тIамтIе хьийсабе аьлла, кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сацам "чIогIа дика бу" аьлла.

Шен телеграм-каналехь Кадыровс билгалдаьккхина, маьждиг дарна гонах лаьттачу хьолах лаьцна шен Собянинца къамел хиларх. "Питанчийн цхьана декъо митингашка довла бохуш, кхайкхамаш беш, шолгIачу декъо клавиатури тIе пIелгаш деттачу хенахь, хьаькамаша проблемин йист йаьккхира. Цуьнах гIуллакх а хили", - йаздина цо.

Оцу йукъанна, шен телеграм-каналехь маьждиг ден меттиг хийцарх йаздинчу Собянина хаам бина, Москван а, йоллу Русин а Патриарх а, Оьрсийчуьра бусулбачийн Динан урхаллин куьйгалхо Гайнутдин Равиль а вистхиллера шега аьлла. Кадыров хьахийна вац цо.

Собянина билгалдаьккхина, маьждиг хьаладан Iалашо "хьалххе йийцарейина" хиларх оцу хьокъехь сацам бина баьлла бацара бохуш. 40 эзар квадратан метр барам болуш доккха маьждиг дан лаам хиларх информаци "бахара-элира" лерира цо, "юьйцург ю 2,5 эзар квадратан метр йолу объект" метрон "Косино" социйлийна гена доццуш деллачу лаьтта тIехь йен йолу.

  • Москварчу Косино-Ухтомскан кIоштахь дан леринчу маьждигна дуьхьал протесташ йуьйлайелира бутт гергга хьалха, оханан-беттан юьххьехь царех дIакхийтира православин дин лелораш а, националисташ а. Дуьхьалончаша чIагIдора, "православин йезачу меттиг тIехь" дан гIерта маьждиг – Безачу Iомана гонах (легендица а догIуш, иза гучубаьлла хи бухула йахначу килсан метта). Маьждиг дан Iалашо хиларх официалехь дуьйцуш хIума дацара, ткъа зорбанашкахь оцу кIоштахь гIишло йан Iалашо хиларх лаьцна йаздийриг бIостане дара.
  • Оханан-беттан 3-чохь Кадыров Рамзана йемалбира маьждиг дарна дуьхьалбевлларш. "И дIадолийнарш малхбузенан интересашкахь лелаш бу, уьш мухха бехказабийла хьийзахь а. Иштта хьал талхораш йа тIамтIе хьийсон беза, шайн йоллу оьгIазалла мостагIчунна тIехь дIайекхийта, йа иблисехьа бевлла информационан диверсанташ санна, кхеле хIиттон беза", - дIахьедира Кадыровс шен телеграм-каналехь.
  • Кавказ.Реалиин редакцино къастийра дан леринчу маьждигна гонах иккхина скандал Къилбаседа Кавказехь тIе муха ийцира а, Украине Оьрсийчоь тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа динца лело харцо керлачу маьIне йерзорах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG