ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара "Wildberries" офисна уллехь чевнаш йина Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а латархошна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москвахь "Wildberries" офисана хьалха герзаш диттина чевнаш йина ийначу кепехь латарийн Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а спортсменашна. Спортхошца цхьаьна хилла компани кхоьллинчу Бакальчук Татьянин хIусамда Бакальчук Владислав. Wildberries зорбанан сервисо дӀахьедина, шен хадархошца цхьаьна организацин офис чу ваха гӀоьртина хилла иза аьлла.

Бакальчук а, цуьца кхьана хилла болу нах офиса чу ца битинчул тӀаьхьа, дов даьлла, герзаш деттар дӀадоладелира. Mash-ан хаарехь, лаххара а итт стаг девна йукъахь хилла, уьш полицино дIалецна. Герзаш деттачу хенахь 3 стагана тоьпан чевнаш йина, хаам бо ТАСС пачхьалкхан агенталло, Mash телеграм-канало йаздо 5 стагана чевнаш йина, царна юкъахь полицин белхахо а ву, бохуш.

The Insider агенсталло йаздарехь, лазийначарна юкъахь ву Оьрсийчоьнан массо а тайпана каратэ чемпион, ГӀалгӀайчуьра Местоев Абубакар а, Къилбаседа ХӀирийчуьра Оьрсийчоьнан боксан чемпион Кодзоев Рашид а, ГӀалгӀайчуьра, ткъа иштта Нохчийчуьра Европан а, дуьненан а тхэквондон чемпион Чичаев Ӏумар а. ТӀаьххьарниг, агенсталлина къастарца, Кадыровн "Беркут" а, "Ахмат" а клубашкара латархой хилла.

ТАСС агенсталло хаам бо, девна йукъахь хиллачех цхьаъ велла аьлла, билгалйоккхуш йац цуьнан цӀе. Ткъа Mash-н хаамаша дийцарехь, леташ хилларш дIалецна, полице схьавалийна 28 стаг, царна дуьхьал стаг верна а, полицин белхахочунна тӀелатар дарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а бехктакхаман гӀуллакхаш долийна.

Бакальчук Владислава дӀакхайкхийна "йоккха провокаци" йина бохуш. Цо чӀагӀдо, ша компанин офисе веана вара, Wildberries компанин керла складаш йарна финансаш латтор сацорца доьзна, рогӀерчу дийцарийн цхьанакхетаре. Шен рогӀехь Бакальчук Татьянас чӀагӀдо, Бакальчук а, Ануфриев Сергей а, Бакин Владимир а коьртехь болуш нехан тоба гӀоьртира Москвара "Вайлдберриз" компанин офисаш схьайаха, хаам бо Свобода Радион оьрсийн сервисо.

  • Кху аьхка "Wildberries" компани арахь реклама йеш йолчу Russ Outdoor компаница цхьаьнакхетарца хӀоьттинчу хьолана юкъагӀоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кадыров Рамзана дош деллира бизнесхочун Бакальчук Владиславан, цуьнна хӀусамненаца Wildberries компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница хиллачу девнехь йист ца йаьккхича" соцур вац ша аьлла.
  • Зорбанан гӀирсаша дийцарехь, компани вовшахтоха интересаш хила тарло Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу Дагестанера миллиардеран Керимов Сулейманан а, хьалхо "Русс" компанин тобанца уьйраш хила тарлуш волу ГӀалгӀайчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Барахоев Бекхан а.
  • Бакальчук Татьянас шен майрачо Кадыровга бинчу латкъамна жоп делира: "ХӀара рейдерийн дӀалацар дац, хӀара дIасакъастар ду". Цо билгалдаьккхира, шен майрачун долахь ю Wildberries компанин цхьа процент акцеш, амма иза куьйгаллехь дакъалоцуш вац, "цхьаьнатоьхначу компанин керлачу структуран лакхарчу куьйгалхошна дIагайтар деш иза цигахь хилла ву "кхи хIумма а дац, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG