ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвана дронашца тIелатар динчул тIаьхьа Кадыровс тIеман хьолан раж кхайкхайе аьлла


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Стигалкъекъа-беттан 30-чохь нах бехачу хIусамашна тIе а кхеташ, дронашца тIелатар динчул тIаьхьа Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина Украинан тIеман а, политикан а куьйгаллина а, Европан пачхьалкхашна а. Иштта Нохчийчоьнан урхалхочо кхайкхамбина, тIеман хьолан раж кхайкхайе аьлла – Оьрсийчоь тIамца Украинана тIелетчхьана мел лахара а доьалгIа аьлла цо и.

"Суна хетарехь, тIеман хьал кхайкхон деза Оьрсийчохь, "цунна мел оьшучу тIеман ресурсех пайдаэца а деза" украинхойн куьйгаллина тохарш дан, йаздина Кадыровс шен телеграм-каналехь. "Европан мехкаша ойла йан йеза, шаьш хьанна гIо латтош ду, муьлхачу билламашца герз латтадо. Кхетар бу уьш, Оьрсийчоьно неI тоьхча, масала, Германин йа Польшин", тIетоьхна политико.

Хьалхо мел кIезга а кхузза элира Кадыровс тIеман хьолах лаьцна. Зазадокху-баттахь Брянскан кIоштахь латарш хиллачул тIаьхьа тIеман хьолан раж кхайкхор хьийхира цо "цхьаццайолчу регионашкахь". Хетарехь, цига кхаьчнера Украинан дозана тIера диверсин-талламан тобанаш.

ГIадужу-баттахь оьрсийн эскарш украинхойн Лиман гIалара арадевлча, хIетахь цунна бехкевира Кадыровс Коьртачу тIеман гонийн буьйралла деш хилла инарла-майор Лапин Александр, цо кхайкхамбира Украинана дуьхьал кIезиг ницкъ болу зарратан герз хеца, пачхьалкхаца дозанашкахь йолчу меттигашкахь тIеман раж а кхайкхайе аьлла.

Гезгамашин-баттахь, иштта тIеман министраллина оьрсийн эскарш Харьковн кIоштара схьадаьхча, критика йеш, Кадыровс элира: "Сайга хаьттича, ас тIеман раж йукъайоккхур йара".

  • Стигалкъекъа-беттан 30-чохь Iуьйранна Москвана тIелетира дронаш. Цунах лаьцна хаамбира шахьаран мэро Собянин Сергейс. Цо дийцарехь, тIелатар бахьана долуш масех гIишло "жимма йохийна". Дронаш тIекхеттачу шина цIийнан цхьаболу бахархой хIусамашкара арабехира, аьлла Собянина. ТIаьхьо мэро хаамбира, лоьрашкара гIо эшна шина стагана аьлла. Москван кIоштан губернаторо Воробьев Алексейс а хаамбира, Москвана герга кхаьчна масех дрон хIаллакйина аьлла. Baza телеграм-каналан информацица, Iуьйранна динчу тIелатарехь хилла мел кIезга а 25 БПЛА. Царех доккхаха долу дакъа дохийра ПВО-н ницкъаша, дронийн цхьа дакъа серех а, диттех а тасаделлера, хIунда аьлча, лаххула догIуш хиларна. Кхо дрон нах бехачу гIишлошна тIекхеттера – Ленинан проспектехь а, Профсоюзийн а, Атласовн а урамашкахь а.
  • Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа Кадыровх хилира тIеман уггар а коьрта пропагандист, регионан урхалхочо кест-кеста дуьйцу лаамхой тIаме хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна.
  • Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герз лелон деза аьлла а хьахийра цо.
  • Иштта Кадыровс кхерамаш тийсира аннекси йинчу ГIирмера бусулбанийн Динан урхаллин куьйгалхочунна Рустемов Айдерна, дIахьедора Украинаца тIом бирзинчул тIаьхьа Польшина "денацификаци а, демилитаризаци а" йан шен лаам хиларх, Украинехь мостагI йийсаре ма лаца, цунах цIе таса бохуш, кхерамаш а тийсира, ВСУ-но Лисичанскана тохар дича 30 гергга нохчийн "Ахмат" лерринчу декъера тIемало вийна аьлла хаамбича, дIахьедира бекхам бийр бу бохуш.
  • Мангал-баттахь Кадыров Рамзан вистхилира, Украина Iалашйечу Ичкерин агIончашка, - царна чIир кхайкхийра цо, ша велла дIаваллалц царна тIаьхьара вер вац ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG