2024-чу шарахь зазадоккху-беттан 22-чохь Красногорскерчу "Крокус Сити Холл" концертан гIишло чу герзаца виъ стаг чу иккхинера. ТIелатар деш, герз диттина, йалла цӀе а бахьана 145 стаг вийра. Оццул дуккха нах хIаллакъ бар – 2004-чу шарахь тӀемалоша дӀалаьцначу Бесланерчу №Iшколан штурм йинчул тӀаьхьа бен хилла а дац. Къилбаседа а, Къилбаседа Кавказан бахархошна муха зен дина Москвахь хилла теракто?
Крокусехь йина терракт шайн тӀелецара террорхойн "Исламан пачхьалкх" тобан ОвхӀанистанерчу "Вилаят Хорасанан" декъахоша. "Исламан пачхьалкх" тобанца йоьзна йолчу агенталло бинчу хаамехь цу тIелатаран детальш ца йийцира, амма зорбане дехира зуламхой бу бохучу- 4 стеган суьрташ. Зазадоккху-беттан 22-чохь суьйранна "Пикник" тобано спектакль гойтуш, концертан зала чу а иккхина, гӀаролхошна а, хьовсархошна а герзаш диттинера цара, цу чохь лаьттачу гӀанташна цӀе а тосуш, 551 стаг лазийра, ткъа зуламхошна кӀелхьара бовла аьтто белира .
Зазадоккху-беттан 23-чохь буса, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша хаам бира Брянскан кӀоштахь, машен новкъах Таджикистанан 4 вахархо лецна хилар: 33-шо долу таксист Мирзоев Далержон, 31-шо долу белхало Рачабализода Саид-акрами, шен даймахкахь сексуальны ницкъ барна бехкево 26-шо долу Фаридуни Шамсадин, иштта 20-шо долу парикмахер Файзов Мухьаммадсобир а.
Исламан Пачхьалкхан векалша дӀахьедар динехь а, Оьрсийчоьнан кхерамазаллин ницкъаша сихонца хаам бира Крокусна тӀелатарехь, Украинин лар йу аьлла, иза "дуьххьарлера масал" дара Оьрсийчохь мел хуьлучу зуламашна жоьпалла оцу пачхьалкхана тӀедожорехь, дуьйцу политолого Дубровский Дмитрийс.
"Кхерамазаллица доьзна дерриг а – теракташна тӀера, телефончухула къолалла тӀекхаччалц – хӀинца дукхахьолахь Украинина бехке дуьллу. Иза вуно атта ду – иза талла а аьтто бац, йа иза къасто оьшуш дац, коьртаниг нацизм эшор ду, тӀаккха йерриг а проблемаш дӀайовр йу", - элира Дубровс.
Цул тӀаьхьа цхьа шо даьлча, бехкевечех цхьаьннан адвокато Власов Олега дӀахьедира, 420 томах лаьттачу бехктакхаман гӀуллакхан тӀаьххьарчу версехь, Украина хьахош йац аьлла, йаздо "Агенталло". Талламхоша террактан жоьпалла Исламан Пачхьалкх-ан тобанашна тӀедуьллу. Амма юбилей дӀахьочу дийнахь цу урхалло пресс-релиз арахийцира, Крокусехь йина теракт "Оьрсийчуьра хьал талхо Ӏалашо йолуш мостагIалла долу пачхьалкхан лерринчу сервисийн акцеш йу" аьлла. Цара билгал ца даьккхира, муьлха "мостагIалла долу пачхьалкх" йу шаьш йуьйцург.
Карарчу хенахь бехктакхаман гӀуллакхехь 27 стаг бехкевеш ву, йаздо Би-би-си Оьрсийн сервисо Талламан комитето хаамбина I9 стаг лаьцна аьлла; Цу гӀуллакхехула лецарш дӀахьош ду дозанал арахьа а: зазадоккху-баттахь ШарифуллахӀ Мохьаммад Пакистанера Америке дӀавелира. Цунна бехке дуьллуш ду тӀелатар динчу 4 стагах шиъ вовшахтохар а, Ӏамор а.
Бехкебечарна йукъахь бу Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах а. Концертийн зална тӀелатар динчул тӀаьхьа кӀира даьлча, контртерроран операцин раж йукъайаьккхира ХӀинжа-ГӀалахь а, Каспийскехь а, кхо стаг а лоцуш. Юьхьанца Ӏедалхоша а, ницкъаллин структурийн векалша а дӀахьедира, и операци республикехь кхерамазаллин гӀулчаш алсамъйахарна йеш йу, ткъа лецнарш кхечу меттигашкахь теракташ дан кечлуш бара, аьлла.
Лецначера Крокусца хила тарлуш йолу зӀенах марсхьокху-баттахь бен ца хиъна, лацаран хан йахйинчул тӀаьхьа – цу хенахь бехвевеш вара пхи стаг - Гадоев Шахромджон а, Исмоилов Зубайдулло а, Хамидов Хусейн а, ткъа иштта Солиев Мустаким а, Умеджон а. Царна бехке дуьллуш ду терроран вовшахтохараллехь дакъалацар а, терроран акт йар а, иза кечъяр а, бакъо йоцуш герз лелор а, оьккхуьйтург кечъйар а. Талламчийн версица, Дагестанерчу бахархоша герз доьхкина Крокусна тӀелатар динчу нахана.
Оццу буха тӀехь 2024-чу шеран лахьан-баттахь бехк кховдийра ГӀалгӀайчуьра Баталхьажойн вежаралла 4 декъашхочунна дуьхьал: Сурхахи йуьртара Медов Хьусейнна а, Аушев Джабраилна а, Алиев Хаваж-Баудинна а, ткъа иштта Экажево йуьртарчу Кулаев Батырна а. Медов а, Аушев а лецна, биснарш лехамашкахь бу – пачхьалкхан "Известия" зорбанан гӀирсан хьостанаша дийцарехь, лехамашкахь хиллачу нахах цхьаъ полицех къайлавала гӀоьртича вийра. Билггал мила ву хууш дац.
Ницкъаллин структураша бинчу хаамца, Медовс тIеман йоцу Калашниковн автоматех тӀеман автоматаш йира, Кулаевна патармаш чохь йолу боттанаш карийра, ткъа Аушевс а, Алиевс а герз дӀакхачийра Экажеве, цигара заказ йинчара герз дӀадахьира. Оцу балхана, Москвахь теракт йинчу наха, царна цхьа миллион сом ахча делира йаздора "КоммерсантЪ" сайто.
ТӀаьхьо кхин а БатIалхьажойн йукъара 4 стаг лецира, Кулаев Батирна къелхьара вала гӀо дарна бехке а бина, йаздора Кремлехьа йолчу каналаша. Цара, 28 шо долу Точиев Мансур а, 35 шо долу Санталиев Мохьмад а, 27 шо долу Картоев Махьмуд а, 22 шо долу Кулаев Хьусейн а лоцучу хенахь церан чохь ницкъхоша лехамаш беш, видео зорбане йехира. Лехамаш дIахьочу хенахь, церан чохь карийна бохуш дуьйцура: герз а, оьккхуьйтург а, "БОБР Ахмат" тобан билгало а (Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцучу Баталхьажойн вирдан тоба-ред.билг.).
Лецначера а, церан адвокатийн а позици а,йа уьш муьлхачу хьелашкахь латтош бу хууш дац.
Политологна Дубровский Дмитрийна хетарехь, «Крокус» террактехь БатIалхьажой гучубийлар, регионерчу ницкъхошан лаам бу.
"ХӀинца сайн хетарг дуьйцу ас, амма гарехь, "арахьара агенташ" аьлла цIе тиллина нахах санна (наггахь регионан Ӏедалша а бизнесо айкхалла а дина цIе туху царна), иштта оцу терактехь, ницкъаллин структурашна а карийна цу тобанах (БатIалхьажойх)"дика пайда эца" бахьан.
БатIалхьажой хьалхо а Iедалхоша тидаме эцнера. Дуьххьара 2021-чу шарахь ГӀалгӀайн экстремизмца къийсам латточу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехӀим а, цуьнан ваша а вийначул тӀаьхьа. Талламан коьрта верси йара БатIалхьажойн агӀор чӀир эцар. Эльджаркиевар бойуш дакъалацарна щеконца лаьцначу Картоев КIурейша мукӀарло дира, царна динарг чIир эцар дара аьлла. Бехквеш 11 стаг ву, царех цхьаболчара дIахьедарш дора, таллам бечу муьрехь ницкъхоша ток йетташ, Ӏазап латтош, шайна ницкъ бора бохуш, иштта гергарчарна кхерамаш тийсарх лаьцна а.
2023-чу шеран чиллин-баттахь ФСБ-но, кхелан сацамца, террорхойн организацийн тептаре тӀетоьхна "БатIалхьажийн тӀеман дакъа", цуьнан декъашхочунна Белхароев Ильясна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш схьадиллира, низамехь йоцчу герзаца вовшахкхеттачу вовшахтохарехь дакъалацарна а. Кавказ Реалии йеллачу интервьюхь цо дийцира Украинехь лаамхойн эскаран тобане йукъе вахана аьлла. Иштта 2022-чу шеран аьхка Белхароевна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх айдира, Оьрсийчоьнан эскарн "сийсаз" дина аьлла.
Крокусехь теракт йинчул тӀаьхьа, БатIалхьажой бехке бира химин эскарийн куьйгалхо- инарла Кириллов Игорь 2024-чу шарахь гIура-беттан 17-чохь вуьйш дакъалацарна. Инарла а цуьнан гIоьнча вийра ша Iачу Ӏишло чувоьдучу муьрехь, йуххехь скутер иккхина. БатIалхьажошца зIе йолуш хилла Падиев Рамазан а, Точиев Батухан а лаьцнера, талламчаша дийцарехь, цара тIелатар динчу нахана ахчанца пайда оьцуш петар йелла хилла. Амма бехк кховдабале, Падиев а, Точиев хьалхо лаьцна хилла административан низамаш дохорна – адвокаташа цу гӀуллакхах олу "каруселан лецарш".
Миграцин политика
Москвахь концертийн зална тӀелатар динчул тӀаьхьа, Оьрсийчохь, официалан политикехь "хийцам" хилар кхин цхьа билгало йу - мигранташца йолу политика чӀагӀъйалар, боху редакцино къамел динчу эксперташа.
Йукъараллехь ксенофобин синхаамаш чӀагӀбелла ца Ӏаш, цкъа хьалха инспекцеш йан йолийра, цул тӀаьхьа кхерамазаллин ницкъаша къинхьегаман мигранташ болх бечу а, бехачу а меттигашка йаккхий рейдаш йира. Волгоградехь, масала, "профилактикан рейдаш" йолаеллира 2024-чу шеран зазадоккху-беттан 23-чохь – теракт хиллачул тӀаьхьа шозлгӀачу дийнахь.
И тайпа проверкаш кест-кеста дӀахьош йара масех баттахь, уьш дукха хьолахь чекхйовлура Оьрсийчоьнан гражданалла схьаэцна нахана, эскаре кхойкхуш повесткаш луш. Масала, Ростов кӀоштахь цхьана эха шарахь 300 мигрант а учете хIоттийра, Кубанехь кхечу пачхьалкхашкара хилла 408 стаг а дӀайазвира цу кепара. Соьлж-ГӀала ахча даккха веана волу пхи Азербайджанан вахархо лаьцна – шинга нуьцкъаха тӀамна контракташ куьг йаздайтира, цхьанна вен кхерамаш тийсира, иза реза ца хилахь. Азербайджанера Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралле протестан официалан нота йазйинчул тӀаьхьа бен маьрша ца бехира лецнарш.
Эххар ксенофоби бахьана, официалехь дехкар дира къилбаседан масех регионехь мигранташка болх байта. Дуьххьара цу тайпа документна куьйгаш йаздира Краснодаран мехкан Ӏедалша 2024-чу шеран дечкен-баттахь, ткъа гIура-баттахь Волгоградан кӀоштахь а изза сацам бира. Цу регионашкахь уггаре а чӀогӀа белхан ницкъ оьшуш хьал ду, йаздо Finexpertiza аналитикан компанино.
Къилбаседа Кавказера а, Поволжера а, Къилбаседера а къаьмнийн векалшка болу хьежам хийцалуш бу
Дехкарш "меттигерчу абитуриентийн конкуренци" лакхайаккхар дуьхьа ду бохуш, 2025-чу шарахь дуьйна Ӏедалша дихкина кхечу пачхьалкхашкара бахархошна йохк-эцаран а, дешаран а, могашалла Ӏалашъйаран а, кхача дӀакхачоран а, транспортан а, даар а хин дIакхачорехь (муьлхха а кхачанан меттигаш) а, таллархойн а декъехь болх бар.
Оьрсийчохь болх бан бакъо луш кехат дезаш ду, махка виза йоцуш бахка йиш йолчу пачхьалкхийн бахархой, масала, Азербайджанан, Узбекистанан, Абхазин, Таджикистанан. Царех ю Евразин экономикан бертан декъашхой йолу Эрмалойчоь а, Беларусь а, Казахстан а, ГӀиргӀазойчоь а.
Де хьалха хиира Ӏедалан контракташ лелочу контрактхошна "славянийн куц-кеп" хила деза бохург хӀинца официалехь тӀедожош хилар – и тайпа документаш карийра "Система" талламан проектан журналисташна. "Кавказан къомах болчу нахана" цхьайолчу объекташка чубахка а дихкина ду.
Дубровский Дмитрийна хетарехь, Крокусехь дина тӀелатар Оьрсийчохь мигрантийн бакъонаш йехкарна коьрта бахьан дац: Терактах вуно кхиамца пайда эцна -хӀинца Крокусах бахьана а дина, муьлхха а харцо бакъ йаш йу, мигрантийн муьлхха а бакъонашна дехкарш до, кхерамазалийн барамаш бу бохуш.
Политологна Айсин Русланна Оьрсийчохь мигранташца лелош йолу политика, йукъаралла "вайннах, неханах" аьлла, йекъар ду аьлла хета, пачхьалкхан урхалла дечу ницкъаллин структурийн дуьнене болу хьежамах терра. Нагахь санна «вайниг» категорехь йукъехь "керстан а, оьрсийн къоман а" агӀончаш белахь, тӀаккха мигранташ, Малхбузе а, украинхой а санна, "неханах" категори йукъехь хуьла, кхетадо эксперто. Иза, цунна хетарехь, «мостагӀчунна» дуьхьал цхьаьнакхетаран некъ бу.
"Амма проблеман кхин бух бу. Йуккъерчу Азин пачхьалкхийн векалш алсам мобильны а доттагӀаллин дог-ойла йолуш, церан терахь алсам ду, демографи а кхуьуш хилар. Хала ду уьш "дIа схьа баржо"- Ӏедал кхоьру, нагахь санна хьал талхахь, мигранташ боккха ницкъ бу, царна дан хIума а хIира дац. Ницкъхошан массо а хаттарна атта луш жоп ду, дехкар, чувоьллина латтор, таIзар дар, ницкъ бар, иштта кхин дӀа а», - аьлла хета Айсинна.
Цу кепара хьежамаш мигранташца хилла ца Ӏаш, амма Оьрсийчоьнан чоьхьарчу кегийчу къаьмнашца а бу, терго йо политолого.
Къилбаседа Кавказан, Волжски регионан, Къилбаседа къаьмнийн векалшка болу хьежамехь хийцамаш хуьлуш бу. Муьлхха а шен башхалла - къоман, динан, маттан - тӀе тидам бахийтар цу сохьта сацош ду. Оьрсийчохь хӀинца меттан я културан жигаралла лелор кхераме ду, хӀунда аьлча, иза Ӏедална идеологин диверси йу. Цундела, массо а тайпана постмодернистийн конструкцеш кхуллуш йу, "ламастан оьрсийн ислам" санна. "ХӀун тайпа "шен ислам" хила тарло цигахь?", - хоьтту Айсин Руслана.
Москвахь теракт йале хьалха, 2023-чу шеран гIадужу-баттахь, Оьрсийчоь, кегийра къаьмнаш лардар Конвенцина йукъара дӀайелара, дуьненаюкъарчу организацешца цхьаьнаболхбар а сацийра. Конвенцино билгалдоккхура кегийчу къаьмнийн векалийн шайн меттанаш Ӏаморехь а, дин лелорехь а, ламасташ лардарехь а йолу бакъонаш ларъйар.
- Ставрополерчу Къилбаседа Кавказан федералан университетехь дискриминаци йеш хиларх лаьцна хаам бина Туркменистанерчу массех студенто – Курскан а, Белгородски а кӀошташкарчу университеташка дехьа довла бохуш. Реза воцург цхьац-ца бахьанашца дIавоккху, кехаташ дӀа а дохуш, экзаменаш дӀа ца йолийту. ВорхӀ студент лаьцна.
- Краснодарехь ницкъхоша рейд йинера кегийрхойн латаран академехь "Молодые орлы". Кхиазхой лаьтта охьабихкира, царех цхьанна, нанас дийцарехь, йиттира. Официалан тӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, рейдан Ӏалашо- спортан школехь мигранта лехамаш беш операци.