ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МостагIаллехь хиллачу шина доьзална йукъахь маслаIат дарх дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхоша


Нохчийчохь чIирхой куьйгебахийтар, 2019 шо. Архивера сурт
Нохчийчохь чIирхой куьйгебахийтар, 2019 шо. Архивера сурт

Нохчийчуьра Куьрчала кIоштан Майртуп эвлара ши доьзал куьйгебахийтина Нохчийчохь, диъ шо хьалха дахаран хьелашца доьзначу бахьанаца стаг верна дов лаьттара царан йукъахь.

Пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло чIагIдарехь, динан дай а, къаной а йукъахьоьвзина маслаIат царна йукъахь дар нисделла. Доьзалш куьйгебохуьйтуш дакъалаьцна Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара Кхеташонан Iеламчас Кадыров Хож-Ахьмада а, Нохчийчуьра муфтийн гIовса Хетиев Ансара а. Волайнхойн агIонан "ницкъ тоьъна бохам бинчунна гечдан", дIахьедина Кадыров Хож-Ахьмада.

Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира шен дуьхьалончашна, чIир йоькхучу Iадатана тIе а тийжаш. ГIуран-баттахь ницкъахошца хиллачу кхеташонехь кхерамаш тийсира цо, "уьш стенггахь белахь а" шена луьйш болу нах дIабаха аьлла кхайкхамбира.

Цуьнца цхьаьна Кадыровс жигара кхайкхамаш бо бахархошка чIир йекхар дита деза бохуш. 2011-чу шарахь цунна лерина вовшахтуьйхира цо чIирхой куьйгабахийта Iалашонца леррина комисси. Цу маслаIат дарехь нисбеллачу Нохчийчуьра бахархоща дийцира Маршо Радиога, бертаза Iедалхоша куьйгебахийтарх ийгIина нах

  • ЧIир лелор – пачхьалкх кхоллайалале хьалха йукъараллин структурашкахь нах Iалашбан дагахь даржийна ширачех ламаст ду. Тахана Оьрсийчохь Къилбаседа Кавказан халкъашлахь диссина и, дийцира Санкт-Петербургера "Кунсткамера" музейн историн Iилманийн а, Iилманан лакхарчу белхахочо Албогачиева Маккас. Йуьханца дуьйна цуьнан маьIна мостагI хIаллаквар дацара адаман дахаран а, даха а бакъо хилар ларийта аьлла йукъадаьккхина хIума дара, бохура цо.
  • Кавказан доллу къаьмнаша аьлча санна лелош дара чIир кхайкхор. ЧIир лелаш йу Гергарчу Малхбалехь а, Италин къаьстинчу регионашкахь а, Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу иттаннашкахь шерашкахь и толлучу Iилманчийн интерес алсамйаьлла. Пачхьалкхан а, бакъонан а Инститетехь РАН-хь, этнологин а, антропологин а РАН-хь, Москвара юридикан институтехь цхьа могIа диссертацеш йу оцу проблемах лаьцна йазйина.
  • Официалан Соьлжа-ГIалин оппоненташ дукхазза хIаллакбира Туркойн-махкахь, Францихь, Австрихь, Гуьржийчохь, Германихь. Тептарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG