Мангал-беттан 16-чохь камераш чуьра бевддачу тутмакхаша закъалте лаьцнера Ростов-на-Дону гIалара номер 1 йолчу СИЗО-н белхахой. Шаьш террорхойн "Исламан пачхьалкх" тобанан цIарах лелаш ду аьлла, дIахьединера тIелеттачара. Арсашца, уьш ирдечу гIирсашца болчу цара тIедожийнера шайна машен ло дуьхьало йоцуш пачхьалкхера арадовла аьлла. ТаIзар кхочушдаран Федералан урхаллин белхахой – оперативан хьукматан хьаькам Богма Александр а, хадаран лахара инспектор Кончаков Виктор а, эххар церан карара ваьккхира спецназо. Штурм йирзинчул тIаьхьа дIахьедира, "зуламхой хIаллакбина" аьлла, тIаьхьо меттигерчу зорбанан гIирсаша анониман хьасташна тIетевжина хаамбира, тутмакхех цхьаъ дийна виссина, иза чолхе хьолехь нах латточу чохь ву дарбанан хIусамехь аьлла.
ТIелеттачу, Къилбаседа Кавказера 27 шо долчу Акиев Шемална, 36 шо долчу Гиреев Тамерланна а 2023-чу шарахь колонихь даккха берхIийтта шераш тоьхнера Кхарачой-Чергазийчуьра Лакхарчу кхелан гIишлона тIелатар кечдарна. СИЗО-хь латтош вара и шиъ таIзарна бинчу латкъамна жоп хиллалц.
ТIелеттачарлахь хилла ву аьлла шеконашка эцнарг – Ставрополь-махкара Камнев Даниил ву. Цо дIахьединера 2021-чу шарахь ницкъахоша шена тIехь гIело латторах, теракт кечйеш вара хьуо алий, тIелаца бохуш.
Закъалтхой маьршабаьхначул тIаьхьа талларш дира, хеттарш дира- СИЗО-хь чохь латточаьрга а, иштта белхахошка а цхьаьна. Изолятор тIехйуьзна йара, персоналан кхоалгIа дакъа тIетоьаш дацара – ишта кхетийра хиллачух президентехула адамийн бакъонаш Iалашйечу Кхеташонехь.
Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь тутмакхашна гIо латточу "Русь сидящая" боламан куьйгалхочо Романова Ольгас дийцира таIзар кхочушдаран системера коррупцих, Оьрсийчоьнан набахтешкара бусалба нехан хьолах, Ростовн-кIоштара "уггар а ларйен" СИЗО дIалацарх а.
– Ростовера ФСИН-н белхахой закъалте эцар муха нисделлера? Рожехь латтон хьукмат ма йу иза.
– ФСИН-н куьйгалле дала дезаш долу, и чIогIа интересе хаттар ду. Суна хетарехь, шиннах цхьаъ хила деза кхузахь: цхьа тамашен тентигашца гIуллакх Iоттаделла вайн, ас буьйцурш ФСИН-н белхахой бу, йа хIара доллу дийцар – ахчанах, коррупцих лаьцна ду. Суна хетарехь, йуьйцург лахарчара лелон цхьа кIезиг коррупци хилар а, ФСИН-е балха боьлхурш кхин дIоггара корматалла йолу нах цахилар а ду.
Ростов- тIамана уллора гIала йу, номер 1 йолу СИЗО – къаьстина йу, цигахь латтош бу Украинера могIарера нах а, "Азов", "Айдар" батальонашкара украинхой а. КхоалгIа дакъа тIех сов ду цигахь, белхахойн къоьлла йу 70%. Оцу хьелашкахь йолчу талламан изоляторо болх а муха бийр бу? Бойла а дац. ДIакъовла и. И дан церан бакъонаш ма йу. Ростовехь йиъ йу СИЗО, хIара уггар а тоьлаш лорура, тIаккха кхечу изоляторшкахь хIун хир ду аьлла хета хьуна? Дагадоуьйту, закъалтхой лецале иттех де хьалха и СИЗО уггар а кхерамза йолчех йу бохура Ростовн кIоштахь.
– Закъалтхой лацале хьалха хIун дара оцу Ростовера номер 1 йолчу изоляторехь? Цигара аьрзнаш кхочурий щун "Русь сидящая" боламе?
– Цкъа делахь, вайна Iаламат дика йевзаш йу хIара СИЗО, кхечарел а дикох, цигахь хан йоккхуш Украинан бахархой хиларна. Тхан адвокаташ хуьлу цигахь, цига кхача чIогIа хала ду: адвокаташна а цхьаьна, чохь латточарна цхьаъ дIакхачон а чолхе хуьлу, белхахой тIетоьаш цахиларна ду и. Цундела со чIогIа Iадийна, низамехь магийна йолу посылка дIакхачон а аьтто кхочуш ца хилча, СИЗО дIалаьцначаьргахь магийна йоцу хIуманаш муха хилла? ХIаъ, хIара дийцар коррупцих лаьцна ду. Набахтхошна хууш ма дара, оцу нахана хIун динчунна таIазар дина, амма цаьргара шайна ахча кхочуш хиларна, само ца йина цара.
Нагахь санна, чохь нах тIехсов белахь, и кегийрхой хIун деш бара шу долчахь?
И СИЗО чIогIа луьра йу, шолгIа аьлча: цигахь болчу украинхошна денна йетташ йу. ХIора дийнахь тхоьга дуьйцу цигахь гIело латторах а, сийсазаллаш лелорах а.
КхоалгIа аьлча, санитарин хьелаш лардеш дац, шолгIачу гIат тIера масех камераш чуьра пенаш тIехула охьаоьхуш йу канализаци. Итт стаг чохь латтон везачу камери чохь 29 стаг ву- лартIахь хIума дуй и, хIа? ДIабийшар шен-шен рожехь нисдина ду цигахь.
Оцу йукъанна хууш ду, кхелаша хенаш туху, церан адам дахьа меттиг бац, амма СИЗО-н бакъо йу керла тутмакхаш тIе ца леца. Чохь латтораш тIехсов хиларна сан хаттар ду. Шу долчахь церан шорто хилча, и кегийнах хIун деш бара цигахь? Со тешна йу, оцу СИЗО-хь лартIахь, нийсонца таллам бича, гучудер дара цу чохь адамийн цхьа дакъа низамехь латтош доций. Зоне дIахьийсон безашшехь.
– Хаамаш кхочура, оцу СИЗО-хь латтош 40 кхиазхо а ву бохуш, цунах лаьцна йаздира адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочо Меркачева Евас. Уьш муха кхаьчна цига?
– Релейн ишкапаш йагийнарш бу уьш дукха хьолахь, "къона блогерш", ишта кхин дIа а. Къастийна СИЗО йац кхиазхошна аьлла, колониш йу, амма изоляторш йац.
– Муха нисделла "Исламан пачхьалкхан" байракхашца йалх стаг цхьана а кхетта, кораш дохош, камераш чуьра арабовлар, цхьана СИЗО а муха кхаьчна хилла уьш?
– Суна хетарехь, и нах "абонемента тIехь" хилла - изоляторан администрацина мах луш хилла цара. ХIаъ, колонишкахь а, СИЗО-хь а массаьргахь йу телефонаш, цара инспекторашна а, конвоирашна а ахча ло, иштта кхачайо цаьрга телефонаш. Амма ахь чу хьош хIуъа йелахь а, таллам бечу хенахь схьайоккхийла ду хьоьгара, цундела луш ду администрацина ахча. Цундела хилла тIелеттачаьргахь чимчаргIаш а, мажош а, арсаш а, мобилан телефонаш а. Шмон тухучу хенахь уьш цаьргара схьайаьхна ца хилла.
Суна цкъа а хезна дац, масех камери чуьра ишта атта раманаш схьайахало бохуш. ХIинца-м уьш, Ростовера ФСИН-н урхаллеранаш цецбевлла хьийза. ТIелеттарш цхьана камери чохь латтош хиллехь, иза а низам дохор ду, хIунда аьлча, цхьана чохь латтабойла дац вовшашца боьзна нах. Нагахь санна уьш кхаа, йа йеа камери чохь хиллехь, ишта атта цаца болу раманаш муха кегйина цара? Мухха кхетон гIертахь а, лартIахь хIума дац и.
Харц реакци йу цул тIаьхь йинарг цигахь [ФСИН-хь] – шуьйра шмон тохар набахтера тутмакхашлахь, и талламаш шайн белхахойх бан безара цара. КIиранан Iуьйранна цигахь хIун деш хиллера подполковник? (УФСИН-н оперативан урхаллин хьаькам. - Билгалдаккхар). Бертан дийцарш дан лууш иза хиллехь, йоллу инструкцеш йохор ду и: спецназ кхайкха йезара цо. Ша цхьаъ хIунда хилла иза цигахь? Суна хетарехь, цунна дуккха а хIума хаьа, уггар хьалха бехказавала веана ву иза.
– Стен меттахбаьхнера тутмакхаш и тIелетар дан? Царна тоьхна 18 шо хан - ма-дарра аьлча, белла дIабовллалц тоьхна хан йу, црна бен-башха дацара?
– Уьш тешна бара, нагахь санна, шаьш хIаллакдахь, ялсаманихь хир ду 99 хӀуьрлаӀашца: йа кIелхьарадовла деза, йа ялсамани даха деза аьлла. Ма-дарра дийцича, 18 шо и лаххара хан йу: бехк ма биллалахь, Кара -Мурза Владимирна тоьхнарг 25 шо ду, Новосибирскера программистана Бабурин Ильяна а 25 шо, цара цIе а ца тесна, уьш бехке лаьрра ойланашца зуламдарна. Ткъа оцу тIелеттачарна тоьхнарш лахара хенаш йара.
– Ростовера изоляторера тутмакхийн аьтто бацара Украинана дуьхьал бечу тIаме баха, оцу кепара маьрша а бовлуш?
– ХIан-хIа, терроран артиклашкахула бехкебийраш тIамтIе ца буьгу, низамашкахь а дихкина ду и.
– ХIун аьлла хета хьуна ницкъахойн версих лаьцна, цара боху СИЗО-хь дина тIелатар "арахьара вовшахтоьхна" дара?
– ХIара цхьа хьена къадор ду Украинана тIехьажош: цхьана агIор цуьнца доза ма дезара цара и. Оцу йукъанна лара деза, оцу йалх тутмакхан "чоьхьа" а цхьаъ хилла хилар – набахтехь нехан ахча дац, амма цхьаммо луш хилла церан "абонементах".
Ростовера СИЗО-хь "цхьана-шина" баттахь дIасахьийзар бу, цул тIаьхьа хьалха а ма-хиллара дуьсур ду
– Мел мах хир бу иштачу "абонементан"?
– Мехаш кеп-кепара хила тарло, цхьа фантазин хIума ду и: оцу стагера даккхалун дерг, ахь мах къовсаре терра, оццул ло-кх ахь. Суна хаьа, масала, Москвара номер 5 йолчу "Водник" СИЗО-хь дикачу камерин мах бу миллионна тIера баттахь – цу чохь йу телехьожийла, холодильник, чу хIума а кхачайо, цIена, хаза ду. Амма и Москва йу, уьш бизнесхой бу. Ростовехь бIе йа ши бIе эзар сом хила тарло.
– Ахь элир-кх СИЗО-хь закъалтхой дIалаьцначул тIаьхьа "чIогIа йоккха шмон" туьйхира аьлла. Цо мел талхадо кхечу хьукматашкара тутмакхийн гIуллакх?
– ХIинца эххар а чуоьцур йац царна тIаьхьа кхоьхьу хIума, телефонаш а схьайохур йу, шаьш Iалашбечарна тIекхача халох хир ду адвокаташна а. Амма цхьа кхо бутт ма-боллура, дерриг а хьалха ма-хиллара хир ду йуха а.
– Оьрсийчуьра набахтешкахь хенаш токхучу бусалба нахана тIехь муха доьрзур ду и?
– Бакъду, церан хьал талхор ду, массанхьа а, и дуьсур долуш ду билггал. Массанхьа вон бу цаьрца, бусалба мехкашкахь гIолехь хьулу - ГIезалочохь, Башкирихь, ГIалгIайчохь. Чиллан-баттахь Иркутскехь ирхъоллавеллера узбекахойх волу Оьрсийчоьнан вахархо Бакиев Тахиржон. Адам Iадош йу цуьнан истори: цунна тIехь Iазапаш хьегнера, хьийзийнера иза, букъан даьIахк кагйинера, цо ламаз дарна а, КъорIан дешарна а. Эххар а ирхъоллавеллера иза, аьлча а, шаьш хьалаоьллина хила тарлора. Ша кхалхале масех де хьалха бакъоларйархошка хаамбинера цо, ша лахь, хаалаш, шена тIе куьйгаш дахьа дагахь ша ца хиллий аьлла. Ахшо дара иза маьршавала диссинраг. Хьовсийша цунна динче: Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалбанашца лелориг ду и.
– ФСИН-н белхахошна гуш дац-те, оцу доллучо а адам радикализацигахьа дерзош дуйла, кхин цунах хуьлуш хIума доций?
– ХIан-хIа, дера ца хаьа, хьан кхетам бан а бац, церан коьртехь долчух.
– ХIара боллу хиламаш бирзинчул тIаьхьа хIун хир ду аьлла хета хьуна Ростовера СИЗО-х?
– ХIуммаъ а хир дац-кх. ХIинца цхьана-шина баттахь жимма "лестор" бу уьш, амма дерриг а ма-хиллара дуьссур ду. Школашкахь шутингаца дерг а санна ду хIара а: мел дукха хIуманаш хилахь а, даим а цунах сюрприз хир йу.
- СИЗО дIалаьцначех цхьаъ, Камнев Даниил, дийна ву, иза дарбан цIийнехь ву, хаамбира цхьа могIа телегрма-каналаша. Baza каналан информацица, тIелеттачуьнгахь вон хьал ду, Mash канало йаздира "цхьатерра чолхе ду", цунна операци йина, амма гергарчаьрга хаийтина дац иза дийна хиларх аьлла. Меттигерчу 161.ru хьасто зорбане даьккхира дарбанан цIинехь цуьнан даьккхина сурт: гIоьмашца лаьцна маьнги тIехь Iуьллу иза. И сурт маца даьккхина а, билггал хууш дац.
- Камнев Даниил – Ставрополера 25 шо долу вахархо ву. Колонихь бусалба дин тIеэцнера цо. Ша кхиазхо волчу хенахь летачу заманчохь ларамза стаг веллера цуьнан карах, оцу тIехула кхаьчнера иза колони а. Кавказ.Реалии сайто цунах лаьцна йаздира 2021-чу шарахь, 25 шо долчу Ставрополера вахархочун доьзало дийцира ницкъахоша цунна тIехь гIело латторах, теракт кечйеш вара хьуо алий, тIелаца бохуш. Цунна бевзаш а боцчу нахана тIе бехкаш кхохка бохура цуьнга, "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" тобанехь шеца цхьана хилла нах бу бохуш.
- Терроризмана ахча латтийна аьлла бехкевинчу дагестанхойн "Черновик" газетин журналисто Гаджиев Iабдулмумина Роство-на-Дону гIалара номер I йолчу СИЗО-хь кхо шо сов хан йаьккхира. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дийцинера хьукматера хьелех: чхьаьвригаш, мукадехкий, пенаш тIера леда канализацин боьхаллаш, тIуналла – иза а дерриг а дацара.