Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах Нохчийчуьра боллу имамашна машенаш йекъна совгIатана. "Цкъа а хилла доцу хIума ду и" элира цунах мехкан муфтийс Межиев Салахьа. Кавказ.Реалиин сайто хеттарш дина эксперташ тIетов цунна, цара билгалдоккху оццул комаьрша ишар йина йацара хIинццалц схьа Кадыровс ша "караIамийначу" динан дайшна аьлла.
Нохчийчуьра воллу 309 имамана Оьрсийчохь вовшахтесна LADA Granta машенаш кхаьчна, керлачу машенийн догIанашца цхьаьна Кадыровс делла царна хIоранна а 100 эзар соьмаш а. Динан дайшна машенаш эца ахча делла хилла, халкъалахь регионан урхалхочун "бохча" лоручу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Имамашна деллачу совгIаташна дайна хир ду 247 сов миллион сом – керлачу LADA Granta машенан мах бу официалан сайтехь 700 эзар.
Машенаш йекъар формалехь нисдинера Мохьмад Пайхамар вазвечу буьйсанца. Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа "цкъа а ца хилла акци йу" и элира, дIахьедира, оццул "беркате гIуллакх" "Дала декъал винчу" Кадыров Рамзана бен дойла йацара.
ХIора нохчийн имамана совгIаташ хилира къастийначу муфтиятан векалшна совгIаташ дина бутт баьллачул тIаьхьа. ГIуран-бутт бовш Кадыровс 25 имамана машенаш йелира – "жигара, беркате къахьегарна вайна хийра йолчу идеологица, иштта экстремизмаца а, терроризмаца а бинчу къийсамехь", цо дIа ма-хьедарра. Бутт баьлча керлачу машенийн догIанаш делира бисинчарна а.
Шоззе а имамашна совгIаташ оьцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочоун куьйгакIел йолчу, 2020-чу шарахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцначу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо ахча делира. Мел ахча ду оцу фондехь, хууш дац. ТIехь терго латточу цхьана а Оьрсийчуьра органна шайх лаьцна дуьйцуш дац цара. Имамашна совгIаташ декъале масех де хьалха Нохчийчуьра парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIахьедира, фондера 28,6 миллиард сом Украинерчу тIамана хьажийна аьлла. Официалехь оццул ахча "гIоьналллин организацин" дац.
Имамашна машенаш йекъар билггал цкъа а хилла доцу хIума ду, хIунда аьлча, хьалха Нохчийчохь оцу кепара хIума гина дацара, билгалдоккху Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
Тешаме хиларна совгIат
Дуьххьара совгIаташ декъале хьалха, Нохчийчуьра кхойтта имам вистхилира КъорIан дагорна долийначу бехктакхаман гIуллакхехула Журавель Никитина йечу кхелехь волайнхой санна. Масийттаза дIатеттира кхеташо уьш кхеле ца бахкарна, амма эххар а царех хIораммо а тIечIагIдира, Волгоградехь КъорIан дагоро боллу бусалбанийн синошна Iаламат "доккха зен дина" аьлла.
Бехкбуьллучех волчу цхьана тешо – Турбина эвларчу имамо Горшуев Хьасана - КъорIан дагор "сийсазаллел а чIогIа" ду бохура, дIахьедира, оцу видео тIехула шен "цIийн таIам совбаьллера". Совнах дош ца элира волайнхоша кхелехь: къамел дечарех цхьаммо а ца хьахийра бехкевечунна мехкан урхалхочун кIанта Кадыров Адама йеттарх лаьцна.
Журавеля динарг билггал хьакхалуш ду нохчех а, боллу бусалбанех а, делахь а, цунна СИЗОхь йеттар а ду нохчийн ламастин, йукъахь лелачу низамийн гурашкара даьлла, билгалдаьккхира Сулеймановс. Къамелдийриг шек ву, боллу имамашна совгIаташ декъар оцу цхьана гIуллакхца доьзна хиларх.
Муфтиято терго латтош йу бусалбанашна тIехь, Iедало терго латтайо муфтиятана тIехь. Ткъа и доллу совгIаташ – дика, пайден болх барна ду
"ХIаъ, Журавельца хилларг церан йукъарчу копилки чу кхочу – тахана динан дайшкахула нохчий синтеме хьолехь латтон хьийза Кадыров. Динан дай бохкалун нах бу. Украинера тIом, Кадыровн лелар, нохчийн доллу ламасташ шайна хеттачу кепара ловзор, цуьнан доьзалан нахах цабашар – цо чIогIа адамна тохар до. Кадыровна и хууш ду, ша шех кхоьруш ву иза", - аьлла хета цунна.
Имамашна совгIаташ дар оьшуш ду Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, ша кхеташ хиларна, хIора пIераскан дийнахь уьш ма бу хьехамаш беш, исламехь Iедал муха хила деза дуьйцуш, оцу маьIнехь аьлча муфтият – Оьрсийчоьнан РПЦ (Оьрсийчоьнан православин килс) йу бусалбанашна, тIетуьйхира цо кхин а.
Башхалла йу, имамийн а, муфтийн а, молланийн а бусалба динехь статус цахилар керстан динехь мозгIарийн санна, цигахь официалехь килс йу, цу гонах йоьттина иерархи йу, кхетадо гIезалойн политолого Айсин Руслана, Оьрсийчуьра бусалбачу нехан хьолах хеттарш толлуш ву иза.
"ГIаттамхошца а, гIезалошца а, казахашца а, ногIашца а, башкирашца а къийсам латторхьама XVIII-чу бIешерашкахь Оьрсийчохь муфтийаташ кхоьллинарг Екатерина ШолгIаниг йу. Оцу кепара хIуммаъ а дац исламехь, хIара система схьаэцна Османан империн зеделлачунна тIера. Шина агIор контроль латточу рожехь лаьтташ йу, ма-дарра аьлча, муфтияташ: цара терго латтайо бусалбанашна тIехь, Iедало терго латтайо муфтиятана тIехь. Ткъа и доллу совгIаташ – дика, пайден болх барна ду", - билгалдаьккхира цо.
Нохчийчуьра имамаша, йоллу Оьрсийчохь а санна, исламах дIоггара кIоргера кхетам боцчу могIарерчу бусалбанашна гергахь бакъбо Iедало тIеэцна сацамаш, кхин дIа дийцира Айсина. Оцу йукъанна делах тешачарна хала ду цу кепара Кадыровс имамашна ден совгIаташ нах оьцуш деш ду аьлла, тIеэца, бохура цо.
"Iедална чохь, схьагарехь, хьал телхина догIуш ду. Кадыровна а, цуьнан нахана а гуш ду, дукхахберш Путинан-Кадыровн муфтийх, имамех тешаш боций, амма кхечу кепара болх бойла дац церан. Цундела совгIаташца шайна тIеберзабо цара нах: хьаькамаш, имамаш, хьехархой, лоьраш – соьма тIехь шайх бозуш мел берш", - кхетадо политолого.
Этикел арахьа
Пачхьалкхан куьйгалхоша Iеламчашна совгIаташ дарх цхьа йукъара позици йоцуш ду исламехь, делахь а, паччахьашна улло ца гIерташ, ларло бохуш тоъал бина хьехамаш бу, дийцира Ниццера маьждиган имамо Магомадов Рамзана.
"Нохчийчуьра динан дай бу бохучу нахе хьаьжча, уьш массо а кеп-кепара тIетовжу оцу йоккхачу харцонна, Iедало дечу оцу доккхачу зуламна", - бохура цо.
Царех дукхахболчара жигара кхайкхамаш бо нохчашка Украинана дуьхьал бечу тIаме гIовтта бохуш, бусалба дино бакъо йоцуш нах байар аьттехьа а магош доццушехь, хIунда аьлча, КъорIанехь аьлла ду: "ЧIирана дуьхьал а доцуш, йа лаьтта тIехь боьхалла йаржорна а доцуш цхьа стаг вийнарг, доллу адам хIаллакдинчун мехахь ву", кхин дIа дийцира имамо.
Исламан, йа нохчийн, йа адамаллин этикех къастийна бац имамаш: Нохчийчуьра Iедалхойн муьлхха а боьхалла цара къобалйо
Шен хьехамашкахь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа масийттаза дIакхайкхийра, Украинера тIом гIазотан бу, бусалбачу нахана и джихIад ду аьлла – цигахь кхелхинарш джихIадехь белла лорур бу бохура цо тIом болийначу йуьххьехь. Нохчийчуьра Iеламчаша кхайкхамаш бора Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан а боллу бусалбанашка тIамтIе гIо бохуш. Стохка аьхка бакъоларйаран "СК SOS" тобано дийцира, хьаькамаш а, командираш а санна, имамаш а декхаре хиларх Украинана дуьхьал бечу тIаме бахийта нах вовшахтоха.
2022-гIа шо чекхдолуш Нохчийчуьра муфтиятан векалш хилира Оьрсийчоьнан эскарша схьайаьккхичну Украинан къилба-малбалера Мариуполехь. Цигарчу маьждиге бахара уьш, чIагIдарехь, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо йухаметтахIоттош долчу, цигахь "дуьззина къамел" дира махкарчу эскархошца.
ЧIир йекхар йухадендан деза вай бохуш, Кадыровс хаддаза дуьйцуш а, тапъолий Iа муфтиятан векалш а, имамаш а, динехь шогачу кепехь и магош доцушшехь. Оцу йукъанна дуьххьара имамашна совгIаташ доькъучу барамехь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, ша урхалла а деш, республикехь " 93 чIирхочунна йукъахь маслаIаташ дина, йалх эзар сов боьхна доьзал метта а хIоттийна" алла.
Цул тIаьхьа кIира даьлча Кадыровс кхеташо дIайаьхьира, цигахь ницкъахойн куьйгаш даьстира цо, дозанал а арахьа шена луьйш болчийн гергарнаш леца мегар ду аьлла. Дукха ца Iаш оппозицин NIYSO каналан шина администраторан гергарнаш болчу баьхкинера ницкъахой – "доьзалера боллу божарий хIаллакбийр бу" бохуш, кхерамаш теснера цара, нагахь санна, резабоцчу церан наха шайн болх саца ца бахь.
Нохчийн оппозиционерах Тепсуркаев Салманах хилларг хьахийра къамелдечо. 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь нохчийн полисхоша Геленджикехь лачкъийна 1АДАТ телеграм-каналан администратор ву бохура иза. Лаьцна дукха хан йалале машанехь йаржийра жигархочунна тIехь сийсазалла лелош гойту видео. Нохчийчуьра муфтийс Межиев Салахьа элира хIетахь: "Ван ма веззара сийсазвина иза. Хьаъа а и динехь а, цо бекхам бина ненан, йишин, хIусамненан сий лардеш".
"ХIетахь, ма-дарра аьлча, садизм къобалйир-кх Межиевс. Гуш ду, кхузахь цхьа а оьздангалла, йа исламан а, йа нохчийн а, йа адамаллин а йуьйцучохь а дац. Нохчийчуьра Iедалхоша лелон муьлхха а боьхалла цара бакъйо", - дерзийра Магомадовс.
- Жигара суфизм йаржочу Нохчийчохь, радикалан салафизмах бахьана хуьлу нах леца, ткъе итт гергга вирдаш, йа вежараллаш ду. Царна йукъара коьрта башхалла – билгалваьккхина исламан цхьа шейх ларар. Билгалдаккхарехь и вежараллаш цхьа бакъо йолуш ду, делахь а республикехь коьрта ду аьлла дIакхайкхийна Кунта-Хьаьжин вирд ду, цунах ву Кадыров Рамзан ша а. Оцу хIуманах политико пайдаоьцу шен пиар-компанихь.
- Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "КъорIанна гIуллакх дийриг, исламан турпалхо, Мохьмад Пайхамаран суннаташ лардийриг санна". Делахь а Кадыровс тергамза дуьту Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба тутмакхийн бакъонаш эшор, Подмосковьера маьждигашкахь рейдаш дIайахьар, динан духарца доьзна нислун девнаш а.
- Нохчийчуьра Iедалхоша кхайкхамбо мехкан бахархошка чIир йекхар дита бохуш: 2010-чу шарера схьа дуьйна Динан урхалла коьртехь а йолуш Нохчийчохь вовшахтоьхна маслаIат ден леррина комисси. 2022-чу шарахь муфтиятехь дIахьедира 58 доьзална йукъахь барт барх, делахь а, маслаIат дечу декъашхойн тошаллашца, бертаза лелош хIума ду и.
- Оцу йукъанна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а кест-кеста чIир кхайкхайо шайн оппоненташна. ТIаьххьарчех ду 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинехьа тIемаш бечу Нохчийчоьнан маршонан агIончашка дина дIахьедар.
- Цуьнца цхьаьна Нохчийчуьра Iедалхоша къайлахьо доьзалехь сий лардеш нах байар, доьзалехь гIело латточу нахе, шаьш аьллачунна "дохкобевлла" видеош дIайазйойту. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Санкт-Петербургехь лачкъийна, нохчийн ницкъахошка дIайелира 20 шо долу Исмаилова Селима. Доьзалехь шегахь латточу гIелонах йеддера и йоI, амма лецира. Меттигерчу каналан эфирехь цо дIахьедира, ша кхерамзаллехь а йу, ша кхин дIа хье ма йе аьлла. Бакъоларйаран "СК SOS" организацин бакъоларйархошна хетарехь, лачкъийна йухайигина Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа "дийна йоцчух тера ду". Оьрсийчуьра Талламан комитете дIахьедина цара, сий лардеш йоI доьзало йийний хьажар тIедожош.