Нохчийчохь эзар сов стаг йукъаозийна "арахьарчу экстремистийн пропагандаца" къийсам латто. Республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь дӀахьедина цунах лаьцна регионан зорбанан а, хаамийн а министро, уггаре а йоккхачу меттигерчу ЧГТРК "Грозный" пачхьалкхан каналан директор хиллачу Дудаев Ахьмада. Оцу йукъанна официалехь билгал ца даьккхира къийсам бохург хӀун ду а, ткъа иштта ша "арахьара пропаганда" бохург хIун маьIна долуш ду а. Дуккха а шераш ду республикан куьйгалло социалан машанашкахь Iедална луьйш болчаьрца къийсам латтош болу, амма аьтто ца баьлла церан Iа дIалакъон, билгалдоккху тхан редакцин хьостанаша.
Чиллан-бутт чекхболуш хилира Кадыровн а, Дудаевн а цхьаьнакхетар. Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь зорбане йаьккхинчу видео тӀехь Дудаевс дуьйцу "эладитанаш а даржош, юкъараллина хетачунна тIехь манипуляцеш йеш" бу цхьа нах. "Тхуна гуш дерг хIун ду, вай массара а эладитанашна а, дезинформацина а дуьхьал болх бан безаш хилар. <...> Информацин сферехь эзар стаг ву вайн", - элира Дудаевс. Видеона бухахь билгалдаьккхина ду, и нах "дезинформацица эвсаре къийсам латтош болу корматалла йолу говзанчаш" хилар. Цкъачунна хууш дац, муьлха кепаш йу юьйцурш а, ткъа иштта, хӀун лору нохчийн Ӏедалша "эладитанаш".
Кадыровн рожана дуьхьал йолу муьлхха а контрпропаганда "экстремистийн дезинформаци" лоруш йу
"Арахьара бен Iаткъам цара тIеэцар чIогIа къаьсташ хуьлу Оьрсийчуьра могIарерчу бахархоша оцу хьокъехь олуш долчул а. Тайп-тайпана "вон, оьшуш боцу арахьара агенташ" а, Кремлан пропагандина альтернатива йолу информаци дӀакхоьхьуш йолу кхин йолу организацеш а" йу йуьйцурш", - комментарий йира бакъонашларъярхочо Черкасов Александра.
Цо Нохчийчуьра хьал цхьа шатайпа ду боху, цу регионехь вовшахтоьхна системан оппозици ца хилар билгал а доккхуш: "Амма хӀинца а бу цаьрга къар ца лун, шайна хетарг дIаолуш болу нах. Блогерш бу нохчийн Ӏедална хаддаза системан дуьхьалончаш хилларш. Нохчий вуно хьаьгна бу йиллина диалог дӀайахьа, оцу кепара хIума Оьрсийчохь хилаза дуккха а хан йу".
2021-чу шеран гурахь кхунах шуьйра кампани хилира, блогершна республикерчу церан гергарчаьргахула тӀеӀаткъам беш, дагалоьцу къамелхочо.
"ХIара кхаьчна хIинца товш боцчу барамашка, хьал кхохкаделла ду, Соьлжа-ГӀалахь хиллачу митингехь ЯнгулбаевгIеран вежарийн кортошца футбола ловза бохуш санна, кхайкхамаш бира. Цул тIаьхьа боккха тIом болийра Украинехь, цо хьал кхин тIе а талхийра. ХIунда аьлча, украинхойн агIор нохчех вовшахтоьхна масех дакъа ду тӀемаш беш. Оцу тайпана тобанаш хилар Кадыровна гергахь хила йиш йоцург ду, цхьа нах царна тIетар а санна", - бохура Черкасовс.
Цуьнан мах хадорца, нохчийн куьйгалло шен информацин политика ма-йарра официалан дӀахьедаршкахь а, документашкахь а хӀоттош йацахь а, цуьнан коьрта вектор йу диссиденташца къийсам латтор: "Коьрта тидам тӀебохуьйтуш бу, республикан арахьа, кхидӀа а йозуш ца хиларан повестка йаржош болчу нохчийн Ӏаткъамна дуьхьал къийсам чӀагӀбан безаш хиларна".
ГIортор йаран метта дозаллаш дар
Дудаевс Ӏуналла дечу министралло кест-кеста дIахьедо "экстремизмца къийсам латтош" ду шаьш бохуш. Цу кепара, шо долалуш хиира, Оьрсийчохь йихкинчу телеграмехь а, инстаграмехь а Кадыров Рамзанан а, кхечу хьаькамийн а посташна бухахь интернет-боташа а, республикерчу пачхьалкхан белхахоша а, бюджетникаша а 50 миллион сов реакци йитина хилар – иза ма-дарра йадина дара урхаллан рапортехь. Цу жигараллех урхалехь бохура "комментарешна жоп далар" ду и.
Нохчийчоьнан Ӏедалш социалан машанашкахь "Малхбузен мехаллашна дуьхьало йан" гӀерташ хиларх мел лаххара а 2020-чу шарахь дуьйна хууш ду. ХIетахь Кадыровс Дудаевна тӀедиллира "экстремизман идеологашна информацин дуьхьало йарехь уггаре а эвсаре гIирсаш кхоллар". Инициатива йирзира, бюджетан структураша белхахошна социалан машанашкахь жигаралла совйаккхар а, республикех лаьцна вочу агIор йаздечарна дуьхьал дика комментареш йазъйар а тӀедожорца, хаам бора тхан редакцин хьостанаша. ХIеттахь Дудаевс меттигерчу хаамийн гӀирсашкара "позитиве повестка" йоьхура.
Кхин а итт эзар стаг цара йукъаозавахь а, бакъдерг цаьрга къайладаккхалур дац
Пачхьалкхан секторан белхахой Ӏедална оьшуш йолу повестка дӀакхайкхо вовшахтохарца цхьаьна, лаххара а 2015-чу шарахь дуьйна болх беш йу республикехь троллийн фабрика. ХӀетахь, редакцин хаамашца, "Грозный-Сити" комплексан цхьана бӀовн офисехь дӀатарбелла бара боташ. Республикехь "троллийн фабриках" олу "X дакъа", дийцира тхан хьосташа, ткъа нохчийн хаамийн гӀирсашкахь цхьана хенахь болх беш хиллачу наха тӀечӀагӀдора Ӏедална позитиве повестка хӀотто гӀо деш долу "дакъош" ду уьш бохуш.
Алапа а оьцуш, комментаторийн маша хиларх лаьцна хаам бира 2023-чу шарахь а: цу хенахь министро Дудаевс йуха а тӀедиллира пачхьалкхан секторан белхахошна "интернетехь шайн болх чӀагӀбар" а, "экстремизман идеологина дуьхьало йар" а. Цара и болх барна пачхьалкхан белхахошна тIе луш хиллера хIора баттахь кхин а пхи эзар сом - ткъа и ахча конверт чохь лора, бохуш дийцира Нохчийчуьрчу цхьана кӀоштан дешаран урхаллан белхахочо.
"Арахьара экстремистийн дезинформаци" боху дош атта лело мегар ду шуьйрачу кхетамийн тоба йуьйцуш, комментарий йо Къилбаседа Кавказан аналитико Чемберс ХIарольда: "Оппозицин телеграм-каналаша дукха хенахь дуьйна Кадыровн оьгӀазло гӀаттийна – шаьш хиларан йеккъа цхьана факатца а, Украинехь тӀеман жигаралла хаддаза дӀасайаржорца а".
Масала, NIYSO телеграм-каналана масийттаза лач жоьпаш кхечира рожера, шаьш хIитточу посташна. Къаьсттина Нохчийчохь нах лечкъорах хаамаш баржийначул тIаьхьа. Кадыровн рожана дуьхьал йолу муьлхха а контрпропаганда "экстремистийн дезинформаци" лоруш йу. Цундела Iедалхоша чIагIдо, "цхьана къайлахчу сервисийн гIоьнца дозанал арахьара" кхочу иза аьлла.
Бюджетан белхахой декхаре бу Кадыров Рамзанан посташна бухахь хастаме йозанаш дита, ткъа интернет-боташа бестийна гайтамаш оьхьу оцу рожан, бохура аналитико: "Нохчийчоьнан куьйгалхочун онлайн-нарративийн кхачам боллуш терго латтайойла дац, цундела мел а церан аьзнаш лахдан хьийза иза".
Чемберса дийцарехь, хӀокху ханна регионан Ӏедалша йуха а пайда оьцур бу автоматикан ботех а, ишта кхин а тешамечу аккаунтех а. Ткъа уьш йу шайн хьаькамийн тIедилларца бюджетан организацийн белхахоша лелош. ТӀаьххьарчара иллюзи кхуллу "бакъболчу наха" режимна гӀортор йеш йолуш санна, тӀаккха и эффект совйолу бот-фермийн гӀоьнца.
"Кхеташ ду, йукъаралло гӀортор йар доьзна ду Кадыровн дегаллица а, дозалла дарца а. Нохчий халкъо гӀортор йарца доьзна дац", - билгалдоккху хьостано.
Iедална хетарг талхар
Кхузаманан Нохчийчохь Соьлж-ГӀалин политикана дуьхьал йолу муьлхха а комментарий "арахьара экстремистийн пропаганда" санна лара мегар ду, тIетайра оппозицин NIYSO боламехь берш а: "Оьрсийчохь муьлхха а стаг "арахьара агент" ву аьлла цӀе тилла йиш йолуш ма-хиллара, иштта Нохчийчохь а, муьлхха а комментарий йа бина кхайкхам "арахьарчу экстремистийн пропаганда" йу олийла ду. Оцу тептарехь блогерш а санна, тхо а ду. Цхьана арахьарчу мостагӀчунна ша дуьхьалхIоттор – иза Оьрсийчоьнан пропагандин уггаре а гӀарайаьлла кеп йу".
Оцу балха эзар стаг хIоттийна шаьш аьлла, мехкан Iедалхоша дина керла дIахьедар "шаьш цхьа болх беш ду" аьлла сурт хIоттор ду элира боламан векало.
"Шога и хетахь а, ма-дарра аьлча, кхера оьшуш хIуммаъ а дац кхузахь, - бохура редакцица къамел динчо. - Кхин а итт эзар стаг цара шайна тӀеозийча а, гуш дерг къайладаккха йиш хир йац церан. Информацин а, зорбанан а министралло хӀора шарахь бюджетера инзаре ахчанаш дойу, амма оцу йерриге а хенахь церан цкъа а аьтто ца баьлла цхьа онда хӀума дан, гонах болчийн тешам кхуллуш муххале а. ЧГТРК "Грозный" журналистикаца йоьзна йу аьлла ца хета нахана, камерашна хьалха а хIиттош, бахархошка къурд алийтарца а, нах лецарца а йузу".
Цара юкъаозийначу нехан терахьца, тхайн белхан лаккхара мах цара хадор го суна
Цунна тIетов ишта оппозицин телеграм-каналан автор, Украина ларъеш тӀом бечу Шейх Мансуран цӀарахчу нохчийн батальонан пресс-секретарь хилла волу Белокиев Ислам а. Цо дагадаийтира, социалан машанашкахь онлайн-боташ а, пачхьалкхан секторан аккаунташ а йоцург, республикехь йерриг а "говзанчийн" тобанаш хилар, церан болх "мостагӀе анониман нах" гучубахар бу бохура цо.
"Цара мукӀарло дина-кх, тухан дукха хенахь дуьйна хууш долчунна. Цул сов, и тайпа стратеги керла йац. Эзарнаш кхин а боташ бу болх беш йерриг Оьрсийчохь а: цара украинхойн цӀарах Украинин Ӏедалех лаьцна негативан рецензеш кхуллу, европахойн Ӏедалш мигранташна дуьхьал доху. Иза чӀогӀа эвсара стратеги йу, нагахь санна, хьан ахча а, нах а белахь. Ткъа Оьрсийчохь иза а, важа а Iаламат дукха ду",- бохура Белокиевс.
Интернетехь Нохчийчоьнан Ӏедалш уггаре а хьалха дуьхьало йан гӀерта республикера дӀабаханчу оппозицин жигархойн балхана, тешна ву Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхо Кутаев Руслан: "Хууш ма-хиллара, церан дIахьедарш а, хаамаш а дезинформаци йолуш санна тIеоьцу цара. Цара шайн балхана йукъаозийначу неххан терахье хьаьжча, тхаьш бечу белхан лаккхара мах хадор го суна".
Европерчу нохчийн политикан "Цхьааллин ницкъ" цӀе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатна а хета, инфрмацинан политикан хаттарехула кадыровхойн рогIера жигара бовлар дозанал а арахьарчу оппозицин йукъараллинй белхан кхиамашца доьзна ду аьлла. Масала, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейхь Сталина халкъ махках даккхар довзийтарца а, ткъа иштта Оьрсийчоьнах даза ца лууш дӀахьочу митингашкахь дакъалацарца а.
"И эзар стаг - цхьана бюджетан белхахойн штат йу, уьш декхаре бина Европера схьайогӀучу информацино бечу Iаткъамна дуьхьало йеш, жигара социалан машанашкахь комментареш йита. Цхьана кепара республикехь Ӏедалехьа болу хьажам цара галбаккхарна кхоьруш хьийза", - дерзийра Сулеймановс.
- Дешан маршо къоьвлинчу Нохчийчохь социалан машанех дуьхь-дуьхьал латтаран майда хилла Iедалхошна а, оппозицин жигархошна а. Стохкалера шо довш Оьрсийчоьнан юридикан министралло шордира "арахьарчу агентийн" тептар, нохчийн блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а, Халитов Хьасан а цу йукъа а тухуш. Шайн политикан дуьхьалончаша Iаткъамбар республикан Iедалхой сецон хьийзашшехь, уьш де дийне гоьбуьйлу, шайн аудитореш гул а йеш.
- ТӀеман хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо жигара гӀортор йора Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь, шен Ӏуналлехь долу кхерамазаллин дакъош тӀемашка а хьийсош, керла "лаамхойн" дакъош а кхуллуш. Регионо цу тIамехь дакъалацарна эргIадалла гIаттийра республикехь, амма Ӏедало сихонца дӀатедира хьал. Ишта тIом бахьана долу санкцеш дуьхьал йехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а, цIе йуьйжира церан кхин тIе а, хийцира дуьненан йукъараллин нохчашка йолу дог-ойла а.