Къилбаседа Кавказера кест-кеста уьдуш бу доьзалехь тIехь ницкъ латтош болу зударий. Низамхойн структураша дуккха хьолахь гIо деш дац, гергарчара а, хӀусамдайша а доьзалехь хьийзош болу зударшна. Къоман Iадатехь, нагахь санна, доьзал дIасакъаьсташ белахь, бераш шайн деца дуьсуш ду. Шайн берах ца къаста, йа дӀадаьхна бераш йухадерзорхьама а, зударша гIо доьху бакъонашларъйархошкара. Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра кхаа йахархочо дийцира Кавказ.Реалиин редакцица шаьш лайнарг а, цIера дIабаханчул тӀаьхьа долчу дахарх а лаьцна.
Анжела (цӀе хийцина йу), ГӀалгӀайчоь
Анжела 2023-чу шеран гурахь цӀера йедира, шен ххиллачу цIийндас нуьцкъала Польше дӀадигина бераш лаха а, шен ненан бакъонаш йуха меттахIиттон а. ШолгӀа маре йахча дина жима ши бер карахь а долуш – микроавтобусца Белорусе кхаьчнера иза, кхин дIа Польше йаха. Цигахь тховкӀело а йехнера цо. Оццу хенахь Анжелас кхелехь дов айдира, шен даккхийра бераш шеца даха бакъо йоьхуш.
– Со дӀакхаьчча, йоккхаха йолчу йоӀа дийцира, шен дас "хила ма-дезза" духар ца лела до аьлла шена йиттинера бохуш. Цул совнаха, цо кхерамаш туьйсура, нагахь санна, цунна шена ненаца Iен лаьа бохуш дийцахь, ша хьо наркомане нуьцкъала маре йохуьйтур йу бохуш кхерамаш туьйсуш. Ас гӀо дира сайн йоIана полице дIахьедар йазда.
Хьалхо, со ГӀалгӀайчохь йолуш, сан хиллачу цIийндас кхеле иск кховдийнера, соьгара ненан бакъонаш дӀайаха - ас дуьхьало йира бакъонашларъйаран фем-проектан гӀоьнца. Польшехь хилла кхел цхьа шатайпа, мӀаьрго йара, сан а, сан берийн а аьтто болуш, сан хиллачу майрачо дина зуламаш официалехь дӀахьедан.
Польшехь хиллачу кхелехь сан жимахйолчу йоӀа тоьшалла дира, йоккхаха йолчу йоӀана дас йиттинера аьлла. Цо дийцир, шена а дас ницкъ барх а, мухӀажаршна санна берашна луш долу ахча, шен кисана дуьллуш хиларх а, ур-атталла цхьа сом берана харжашна а ца луш. Иштта, цо дӀахьедира, итт шарахь шен дас новкъарло йеш йара, ненаца зӀене довла, и бахьана долуш ненаца уьйр къайлаха латто йезаш хуьлура.
Оьрсийчоьнна а суна йукъахь доза бен дац, хIинца а синпаргIата дац суна
Кхелехь шен дас йийцинчу харцонех чIогIа цецйаьллера йоӀ. Соьца Ӏаш йолчу йоккхаха йолчу йоӀа, хӀинца хьиджаб лелош йу, доьшуш а йац, бохуш бехкаш дохура хиллачу майрчо. Ма-дарра аьлча, колледж хийца ойла йолуш йара иза, цундела сецнера доьшучуьра. ЙоIана йеттарх лаьцна дуьйцуш, бер ша неӀаран гурах дIаккхеттера, ас дуьйцург харц ду бохуш, харц луьйра. ЧӀогӀа кхеравеллера иза, кхелехь, воьлхуш, дуьйнаш дууш.
Суна хаьа, сан хилла цIийнда, со Польше йарна кхоьруш вара, сан кегийчу берийн дега телефон а тоьхнера цо, со сацор доьхуш, ша цуьнан бераш меженашна духкур ду бохуш. И бахьана долуш сан шолгӀа хилла цIийнда суна Польше тIаьхьа веара, сан бераш соьгара дӀадаха. Сан даккхий бераш соьца Ӏаш хиларна а дуьхьал вара иза. Цунна ца дезара, сан хьалха хиллачу майрачун бераш соьца хилар, хIунда альча, уьш бахьана долуш, со хьалха хиллачу хIусамдеца зӀенехь хир йу бохуш. Цо суна тIехь ницкъ бинчул тӀаьхьа, полицино дихкира цунна тхоьца зIе латтор. Суна а, берашна а мухӀажарийн куьпахь чоь йелира. Ткъа иза баракехь Iаш вара, Африкера ялх стаг цхьана а волуш. Со ирсе йу, даймахкахь сайна ца карийна нийсо Польшехь карийна суна.
ХӀинца шолгӀа хӀусамда а кхеле вала ойла йолуш ву, берашца зӀе латторан низам къасто. Цунна тамашийна ду хIара хьал, хIунда аьлча, тхан цIахь божаршна йу даима йерриг а бакъонаш, шайн берийн нанна муьлхха а ирча хӀума дан йиш йолуш, цхьамма а дош эр доцуш. Цунна хетарг дац хIара. Суна а, цунна йукъахь бакъонаш цхьатерра хиларо инзаре эргIад воккху иза. Сан цIа, ГӀалгӀайчу, телефон туху цо, сан гергарчаьрга доьхуш, сан нене суна Ӏаткъам бар доьхуш. Со шайна йезачу кепара хилийта лаьа царна. Со хӀинца а цхьа а бакъо йоцуш йуьртахь Iаш, дош ца олуш, бераш цуьнга дӀадала дезаш санна.
Кхелан бина сацам белахь, суна со паргIат ца хета. Сан берашна хазахеташ ду, тхо вовшах дӀасакъасто йиш йолчу меттигна генахь дехаш хилар. Амма Оьрсийчоьнна а, суна а йукъахь доза делахь а, суна а, сан берашна а синпаргIато йу аьлла ца хета хIинца а.
Илана, Нохчийчоь
Иланас 2022-чу шеран гIура-баттахь бакъонашларъйархошка шена а, шен доьзална а эвакуаци йар дехнера. Цо дийцарехь - доьзалехь тIехь ницкъ латтош, йоккхаха йолу йоӀ дӀайаккха гӀоьртинера марзхой. Цул совнах, мардас жимахйолчу йоӀана тӀехь къизаллаш лелош хиллера. Иланин майра Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурехь болх беш ву. Цо дийцарехь, цIийндас берашна хьалха йетташ, тIехь Iазап латтош хилла цунна.
Бакъонашларъйархойн гӀоьнца Илана а, цуьнан йоӀарий а Ереване дIабахара. Цигахь царна гӀо дира, хӀусамна ахча лаха а, зударшна гӀо деш йолчу организацешкара гранташ эца заявкаш йазъйан а. Цул тӀаьхьа ах шо даьлча Иланас сацам бира Европе дӀайаха, цигахь бакъонашларъйархоша гӀортор а йеш, тховкIело йийхира цо. Иза муха хилла а, шен дахарехь хӀун хуьлу а дуьйцу цо, йедда ши шо гергга хан йаьлча.
Сайн дахарехь ас бинарг уггаре а дика сацам бара иза: со а, сан йоӀарий а, тхо хӀинца маьрша ду. ЦӀахь, доьзалехь ницкъ барна, латкъам бан йиш йацара сан, сан майра Росгвардин белхахо ву, цо со кхерайора полицица а, харц бехкаш дохкуш, герзаца а. Сан йоIарша дехарш дора соьга, Нохчийчуьра дӀадахийта вай бохуш.
Европехь а бехкаш дохара соьгара, суна тIера коч лаьтта кхаччалца йеха йац, йа коьртах йовлакх дац бохуш
2022-чу шеран гIура-баттахь "Нана йоцу Кавказ" проекте гIо доьхучу хенахь, сан цхьа а документ дацара, ур-атталла паспорт даккха а кхоьрура со. Делахь а сан кхерамна дуьхьал йала дийзира сан, цул тӀаьхьа эвакуаци йечу нахана кхерамазаллин протоколах лаьцна кхачам боллуш инструкцеш йира суна, психологин гӀо а деш. Ас берашна дихкина дац шайн деца зӀе латтор, уьш кхиазхой бу, соьга хатта ца оьшу, амма тхо кхуза схьакхаьчча, ур-атталла цуьнца телефонехула къамел дан реза ца хилира уьш. Со царех дика кхеташ йу.
Европе дӀакхаьчначул тӀаьхьа бакъонашларъярхоша гӀо дира суна кху махкахь юридикан статус эца - сан хиллачу майрачо цаьрга телефон а тухуш, сийсазбора уьш, берашна дозанал дехьадовлар доьхкур ду ша бохуш, со дIасалела кхерош. Амма и дерриге а аьшпаш хилла дӀадирзира, массо а дозанех паргIат чекхдевлира.
Уггаре а суна цадезнарг, ас масех бутт баьккхинчу мухӀажирийн куьпахь сан махкахоша соьга "лаьмнийн ламасташца йахар" тӀедожор дара. Кхузахь, Европехь! Цара бехк боккхура соьгара, сан йовлакх, йа сан коч йеха ца хиларна. Божарша, со майра воцуш йуьйла хиъча, соьга эвхьаза къамелаш дора, шаьш хьошалгӀа догӀур ду бохуш. Со реза а йоцушехь суна Ӏуналла дан гӀертара, масийттазза полице кхайкха а ойла йара сан. Амма хIинца дика ду шадерг а, статус схьаийцира, меттан хьалхара экзамен дӀа а йелла, машен а эцна, медйишин курсашка деша йахна со. Суна сайн кхане го хIинца.
Ден къизалла лайна бераш, оцу балех довла хьийза хIинца. Уьш кхоьру, цунна тхо карорна, йоккхаха йолчу йоIана шен цIе а, фамили а хийца лиънера, да тIаьхьа ца кхиийта. Аса метта йалийра иза, хIокху пачхьалкхера полицино вай лардеш ду, вай мел лайна хало тIаьхьа йисина бохуш.
Дукха хан йоццуш шичас кехат даийтина соьга суна хьехарш деш: тоьар ду хьуна, Илана, йедда а лийли, хIинца хьайн цIа йола, бераш шайн даймахкахь хьалакхиа дезаш ду аьлла. Йагийра со цкъа хьалха, амма йуха меттайеача, аса жоп делира: хIан-хIа, доьзал, адамаш лартIахь долчу меттигехь кхиа безаш бу, нанна йеттар лартIахь хеташ, цунна дан дезарг хьоьхуш, бераша стенгахь деша деза, хIун мегар ду царна хьоьхучу меттигехь баха ца беза аьлла.
Со ирс долуш йу, сан бераш маьршачу, тешамечу, низамаш лелачу пачхьалкхехь дехаш хиларна, церан маршо хиларна массо а хIумана тIехь.
Иман, ГIалгIайчоь
Шен хIусамдех дIакъаьстина Иман 2021-чу шарахь, шен 27 шо долчу заманчохь, цIийндас ма гIолахь баьхнашшехь, шен йишин йина де даздечу йахарна. Вашас а, дас а йетташ хиллера Иманна, бераш дега дIало бохуш. Цхьана дийнахь цуьнан вашас шен йишин кхо бер машен чу а хаийна, цуьнан хиллачу хIусамден да-нана долчу дIадигина хиллера, Иманна тIехула догIа а тоьхна. Доьзална тIе цо "эхь дале", иза кхечухьа маре йала гIертара цуьнан гергара нах.
– Соьгара бераш схьадаьхна ца Iаш – шозза йиттира суна хье туьта а лазош, уьш ган, марадохка со царна тIаьхьа ца йахийта. Шозза дарбан цIийнехь Iиллира со, цул тIаьхьа хIума ца йаалора соьга, корта хьийзаш, охьаэгара. Москвара а, Буьри-ГIалара а бакъонашларйархоша гIо дира суна ГIалгIайчуьра арайолуш. Оцу тIехула "сий дайъина аьлла", йен тарлора со.
Москва кхаьчча, шелтерехь нисйелира со, тIаккха адвокатаца болх бан йолайелира со, кхеле чудала кехаташ кечдеш, сайн кхаа кIентан доладан бакъо йухайерзон дагахь. ДегIе гIора деана, сайна гIоле ма-хиллара, йуха а ГIалгIайчу йахара со. Iадаташна дуьхьал йаьллера со - цIера дIайаханера, доьзалх дIахаьддера, зударий бакъонаш къуьйлуш долу хIуманаш ас тергал ца до. Аса Iалашо хIоттийра: бераш дIадига, берийн ах хан мукъна а сайца йаккхийта.
Марера цIа йан тарло, амма дуккха а халонаш Iитталур йу, хьан наха дIататта а тарло хьо
Сан доьзал оцу хIуманна цунна дуьхьал белахь, и доьзал боцуш мегар йу со. Тахана гергарчех лаьцна сайга хаттахь, аса жоп ло, сан йижарий а, вежарий а бац олий. Тоххара доьзалх йоьзна йара со, хIинца со когаш тIе хIоьттина.
Шина шарахь дIайаьхьира кхелан кхеташонаш йукъах а йохуш. Оцу йоллу хеначохь Оьрсийчуьра а, дозанал арахьара а масех фем-проекташа гIо латтийра суна. Сан хIусамах а, адвокатана догIу ахча а цара дIалуш дара, цхьана проектан волонтер соьца кхелашка лийлира. Берашна тIехь Iуналла дечу хьукматан белхахошца цхьаьна со сайн бераш долчу йахча, сан берийн бала гуш болу и нах боьлхура соьца. Кхуьй а кIант вара воьлхуш, суна тIе гIерташ.
Со цхьана йоцчу хенахь, и бераш суна дуьхьалдаха гIиртинера сан марзхой, ас уьш дIатийсина а бохуш. Иза ма варий суна йиттинарг а, со аратеснарг а, суна йеххачу заманчохь берашна тIейан дихкинарг а. Соьга телефон ца тохуьйтура цаьрга, ур-атталла школе а ца йуьтура уьш ган. Хьалхарчу кхелехь ийшира со, амма къар ца йелира. Сан хилла хIусамда гIиртира суна дуьхьал цхьа гIуллакхаш дахийта, бехкейора кехаташ харцдеш йара бохуш, массо а агIор суна зен дан хьийзара иза. Соьга хеттарш дора, дуьхь-дуьхьал хIиттайора цхьацца нахаца.
Талламан комитетера а, прокуратурера а цхьаберш соьгахьа бевллера – уьш цигара бацара, кхечу регионашкара ГIалгIайчу балха бахкийтина нах бара. Уьш кхетара, тхо долчахь хуьлуш ма-хиллара, шайна ца тайначу зудчунна бекхам бан уьш гIортарна сан проблемаш йуьйлайеллий. И нах бахьана долуш а, со къар ца йаларна а туьйлира со.
Цхьана дийнахь сан хиллачу хIусамдас йаздира соьга: "Со хIоьттина, кхин дIа хьоьца къийсавала ца лаьа суна, цхьа барт бан беза вайша". Иштта нисделира и. ХIинца бераша цхьа хан цуьнца йоккху, ах хан соьца. Сайн бераш хьалакхиош йу со, хIинца сайна хан а карайо суна.
Вуьшта сан хIусамда хилларг вон вац берашца. Бераш цуьнца долчу хенахь, церан дан ма-деззара дола дар ца хуьлу цуьнан, хIоранна а йез-йезза йуург ца кечйо цо, лоьрашна тIебига беза хан ца ларйо, цаьрца урокаш а ца йо. Амма церан чоь хаза тойина цо, компьютерш а, маьнганаш а эцна царна. Уьш цхьаьнга а хьийза а ца бойту цо, уьш-м хIунда дуьйцура, со сийсаз ца йойту цо.
Берашна дукха веза иза, суна тов ишта долуш, церан барт боьхна, девнехь уьш хьала кхуьучул а. Ас доза тоьхна тхайна йукъахь, сайна тIе мохь ца хьоькхуьйту – цо и тIеэцна, девнаш лоьхуш ца лела, "тийна -таьIна" ву. Сан марзхоша дуьйцу хабарш, церан Iиттарш ас хIинца тергал ца йо, - аса лайначуьнга ладоьгIча, кIад боцу хIуманаш ду уьш.
Сибатца а цхьана хийцайелла со, ирсе йу со, сайца богIу, сайна товш болу нах бен ца буьту ас сайна улло а, цхьанна а гергахь диканиг хила а ца хьийза со. Месашна кхин басар дина ас, кхечу кепехь тойайтина уьш, йовлакхаш ца леладо – уьш сайна ца оьшуш хиларх кхетта со. Сан бераш со маре йодахь, сайгара схьадохур ду аьлла, кхерам а бац сан. Кхелан сацам бу сан карахь.
Йийбар йухкуш салон йу сан. Хала ду бизнес латто, белхахой дIабуьйулуш меттиг нисло, арендан мах а лакхабала йиш йолуш бу, амма суна ахча ца тоьа сайна а, сайн берийн хьашташна а латтон.
Цуьнан ойла ца йан гIерта со, амма сайн хиллачу хIусамдена а, цуьнан нахана а къинтIера йаьлла йац со. Уьш бехказабаха хьийза со, тIаккха дагатосу суна сайх къаьстинчул тIаьхьа доьлху бераш, йуха а оьгIазло меттахйолу сан, цунах муха кхетор ду а ца ца хаьа. Кийрахь сингаттам а, кхерам а бисина сан. Аса цхьаьнга а ца олу цунах лаьцна, амма, кхечу зударийн кхолламах лаьцна хууш йолчу суна атта дац йуха а ницкъбан там бара суна, йен мегара со боху ойланаш эшон.
Социалан машанашкахь сан кхолламна тIехь терго латточу зудабераша кест-кеста йаздо соьга, хоьтту, хIун дийр дара-те шаьш, доьзалехь хьийзош хилча бохуш. Аса олу, марера цIа гIойла ду, амма дуккха а халонаш лан дезар ду, шун гергара нах шух дIакъаста а тарло олий. Шайн берийн дуьхьа гергарчех дIахада кийча делахь – ма Iе олу ас.
***
Доьзалехь ницкъ барх а, берех дӀакъастаран кхерамах а лечкъаш, Къилбаседа Кавказера зударий уьдуш бу Европе, Босни-Герцеговинехула а цхьаьна. ГIадужу-беттан йуьххьехь Оьрсийчоьнан бакъонашларйархошка йистхилира Human Rights House цӀе йолчу бакъонашларъйаран проектан координатор Покрайчич Теа. Цо дийцира, Оьрсийчоьнан дехарца Сараевохь набахтехь лаьцна латточу нохчийн зудчунна гӀо дан гӀерташ йу ша аьлла. Оцу зудчаца цхьаьна Туркойчуьра схьадеана цуьнан жима кхо бер социалан хьукматехь ду. Оьрсийчоьно бехкейо и зуда, террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш хилла цьунан бохуш.
Интерполон картотекехь йаздина ду лаьцнарг "2015-чу шарахь Оьрсийчуьра Шема дIайахана, террорхой кечбечу цхьана куьпахь герз Iамийна цо", цул тIаьхьа ДаIишах дIакхетта иза аьлла.
Покрайчича бахарехь, бух боцуш Нохчийчуьра зударшна дуьхьал доху гIуллакхаш могIарера, цигахь лелош хIума ду, доьзалан "сий дайъина" йеддарг йуха цIа йигархьама.
- Оьрсийчоьнан Талламан комитето Нохчийчоьне дӀакхачийра, цу махкара схьайаьлла Сулейманова Седа лачкъорна полисхой бехке хиларх лаьцна дIахьедар. "СК СОС" кризисан тобанан векало Кавказ.Реалии сайте дийцира, хӀун маьӀна долуш бу и сацам, хьалхо Седа йерах лаьцна долийначу бехктакхаман гIуллакхах лаьцна хууш кIезиг хIунда ду а, Украинаца болийначу тIамо Къилбаседа Кавказера уьдучу мехкарийн дахар чолхе стенна даьккхина а, оцу регионера бовда аьтто бер а буй карарчу хенахь бохург.
- Доьзалехь латточу ницкъах йедда Нохчийчуьра 19 шо долу Заурбекова Лиян аьтто белира Оьрсийчуьра йада. Москвара полисхоша гергарчаьрга дIайала тарлора иза, оцу гIуллакхана йукъагIоьртира Кадыровн бIанакъост Делимханов Адам а. Амма йукъараллехь даьржина дийцарна, йоьIан ка йелира кIелхьарайала. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, "кавказхойн Iадаташ" ду бохуш, полисхоша тергал ца деш, бала хьегначу зударийн кхиндолчу гIуллакхех а лаьцна.