Нохчийчуьра вахархочунна Мукаев Салманна экстрадиц йарх хаттар дIатеттина Эрмалойчуьра кхело. Кхеташонехь цо ша дакъалаьцна дац могушаллина тIехула, цуьнан гIуллакхна хьалхаваьлла вара адвокат.
Даймахкахь Мукаевна тIаьхьабевлла хиларх тоьшалла ден кхин а тIе кехаташ дехна суьдхочо, иштта Эрмалойчохь Iен цуьнан бакъо хиларх документаш а дехна. Иштта кхело тергоне эцна, Оьрсийчоь цунна вен кхерам лаьтта, Нохчийчохь гуттар а адамийн бакъонаш хьоьшуш йу аьлла адвокато дина дIахьедар. Мукаевн гIуллакхах цхьа йист йаккхалц Эрмалойчохь вуьсур ву иза.
2020-чу шарахь нохчийн низамхоша дIалецира Мукаев Салман. Цара цунна бехкаш дехкинера боьршачу нахаца уьйраш йу аьлла. ДIалаьцначу цунна ток йиттира, таIзарш дира, пакетаца садукъдеш, гIело йира. Iазапе лаьцначу жимачу стага ша цалелийнарш а цхьаьна шена тIелецира, ша стагаца уьйр йолуш вара а элира. Иштта цуьнга алийтинера цIахь дIадиллина латтош герз ду шен. ТIаьхьо Мукаевга полицица йукъахь болх бе аьллера, цхьаьнакхетийта бохуш, ЛГБТ-нах гучубохуш, царех лаьцна хаамаш шайга схьакхачош.
ТIехь ницкъбинчу цуьнан шена йеттаран ларраш тоьшаллина кечйан аьтто белира. Цул тIаьхьа Талламан комитете дIахьедар дира цо, амма, "Новая Газето" дийцарехь, цу арзан хьокъехь гIуллакх ца долийра. Оьрсийчохь федералан лехамашка велла ву Мукаев, оцу тIехула Эрмалойчуьра араволийла дац цуьнан.
- 202I-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчу дIаваларан кхерам тIехIоьттира Мукаев Салманна. Иза Эрмалойчухула Европе дIаваха вуьйлира. Амма дозанхоша Мукаев сацийра - ницкъахоша дIахьедар дира, бакъонза герз хIусамехь латторна иза федералан лехаршкахь хиларах. Эрмалойчоь Мукаев Салманна тхов-кIело йала дагахь, цуьнан гIуллакх толлуш йара.
- Охан-баттахь Оьрсийчуьра цхьа могIа бакъонашларйархойн цхьаьнакхетараллаша Вовшахтоьхначу къаьмнийн цхьанакхетаралле дIахьедар дира, Къилбаседа Кавзазехь адамийн бакъонашна гIело йаран хьокъехь. Документ шен-шен муьрехь зераш даран гурашкахь чуделла ду. Рапортан автораш Оьрсийчуьра "Правовая инициатива", адамийн бакъонаш ларйаран центр "Мемориал", "CК SOS" тоба йара.