ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мюнхенера конференци: кхерамазаллин хеттарш


Германи -- Мюнхенехь схьайиллинчу кхерамазаллин хаттаршна хьажийначу дуьненаюкъарчу конференцехь дакъалоцуш ву Iамеркан вице-президент Байден Джо, 02Чил2013
Германи -- Мюнхенехь схьайиллинчу кхерамазаллин хаттаршна хьажийначу дуьненаюкъарчу конференцехь дакъалоцуш ву Iамеркан вице-президент Байден Джо, 02Чил2013

Мюнхенехь ПIераскан дийнахь схьайиллина кхаа денна лерина йолу кхерамазаллин хаттаршна хьажийна йолу дуьненаюкъара конференци.

Цигахь дакъалоцуш бу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн а, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а, кхин болчу мехкийн а арахьарачу гIуллакхин а, тIеман а министраллин векалш.

Царна юкъахь ву Iамеркан вице-президент Байден Джо а. Конференцин декъашхоша дуьйцур ду Шемахь а, Мали-пачхьалкхехь а хIоьттина долу хьал а, ткъа иштта ГIажарийчоьнан зарратан программина гонах лаьтташ йолу кризис а.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президент волчу Байден Джос шен къамелехь билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигашкахь яккхий халонаш елахь а, амма иштта шорта партнераллина а меттиг бу, аьлла.

„Тхо массо а хIуманна тIехь цхьа терра ойла йолуш дац. Аьр вай, оха цкъа а къобал дийр дац Абхазий, Къилба ХIирийчоьй йозуш ю бохург. Цу тIехь тхан позицеш хийцаелла а яц. Иштта Шемица а, НАТО тIеман яльянс шоръярца а, демократица а, адамийн бакъонашца ларъярца а долчу хеттаршна тIехь а бу тхан Оьрсийчоьнца бен-бен хьежамаш. Делахь а, цхьаьна болхбарна шортта майданаш го тхуна, къаьстина кхерамазаллийца доьзначуьнца“, - элира цуо.

Цуьнца догIуш дара Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дина къамел а. „Нуьцкъалчу пачхьалкхашна юкъехь бен-бен хьежамаш а, цакхетамаш а ца хуьлийла а дац, амма тхан юкъаметигашкахь позитиве хиламаш а бу“, - элира цуо, доллу дуьне а теш долуш, шина пачхаьлкхан юкъаметтигаш гаррехь телхаш хиларан хьокъехь.

Цхьанатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан юкъаметтигел сов, иштта Мюнхенерчу конференцехь дийцаре дечарех мехала хаттар ду Шемахь хIоттаделла хьал. Вистхила везаш ву цигахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Шемица долчунна лерина векал волу Брахьими Лахьдар а. Шо сов хенахь гIаттамхошна а, Башар Iасада куьйгалла дечу Iедалхошна юккъехь тIемаш дIабоьлхучу цу пачхьалкхехь хIинцале а официалан хаамашца 60 эзар стаг вийна, ах миллион стаг мухIажар ваьлла, махкара ведда.

Амма цхьана агIор Малхбузенан пачхьалкхийн куьйгалхошний, ткъа вукху агIор Оьрсийчоьнан а, Китайн куьйгалхошний юккъехь цхьа барт ца хилар бахьана долуш цигарчу тIеман закъалтийн терахь дела денна алсам долуш ду.

Мюнхенера кхерамазаллийца йолу конференци – иза хIора шарахь чиллан бутт болалуш дIахьош йолу мехала форум ю, доллучу дуьнентIера 350 политикаш а, дипломаташ а, бизнесхой а вовшахтухуш йолу. Швейцарерачу Давосехь дIахьош йолчу форумо дуьненан экономикна беш болу тIеIаткъам санна лору тергамхоша Мюнхенерачу конференцино дуьненаюкъарчу политикана беш болу тIеIаткъам.
XS
SM
MD
LG