ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Зарема кхечу колони дехьайоккхуш йу, стенга - хууш дац


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийчохь таIзар дина Мусаева Зарема, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана Устрада-ГIаларчу колонира кхечухьа дехаьйоккхуш йу, муьлхачу колони – хууш дац.

"Iазапашна дуьхьал Командо" хаамбарца, адвокатана Савин Александрна тахана Iуьйранна Пятигорскера Кассацин кхеле веъча бен хиъна дац, ша Iалашйийриг кхечухьа дIайуьгуш йуйла. Чиллан-беттан 6-чохь листа дезаш дара цигахь Мусаевана динчу таIзарна дуьхьалдьккхина рогIера арз. Цуьнан метта адвокатана хаийтина, зуда кхечу колони дIайига новкъайаккхарх, кхеташо йукъахйаьккхина.

Саввина бахарехь, суьдхочо Мусаева дехьайаккхарх кхетийна видеозIенехула ладегIаршкахь цуьнга дакъалацийтархьама аьлла – Устрада-ГIаларчу колонихь оцу кепара техникан таро йац боху. Мусаева йолу меттиг билгалйаккха аьлла, кхело федералан таIзарш кхочушдечу урхаллина (ФСИН) тIедиллина; адвокат лерина ву Устрада-ГIалара колони и хаттар хьажон.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • 2023 шеран товбеца-беттан 4-хь набахтехь даккха пхи шо, ахшо туьйхира Мусаевана. Апелляци йича таIзар малдира - йукъарчу хьелашкара колнихь йаккха тоьхна хан хийцира маьршачу хьелашкахь йолчу колонихь токхуьйтуш, ахшо тIера а доккхуш. Гезгамашин-бутт бовш Мусаева Устрада-гIалара колони- поселени дIайигира. Лахьан-баттахь адвокато латкъам бира сацамна кассацин кхелехь.
  • Цунна таIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а тIелетар дира.
  • Мусаева Зарема инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIира церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG