ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Зарема СИЗО чуьра "колония-поселение" олучу набахте дехьа йаьккхина


Мусаева Зарема йу кхелехь. Архивера сурт
Мусаева Зарема йу кхелехь. Архивера сурт

Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело пхеа шарна набахте хьажийна йолу Мусаева Зарема Соьлжа-ГIаларчу № 1 СИЗО чуьра Устрада-ГIаларчу № 3 йолчу колони-поселени дехьа йаьккхина цигахь цуьнга хан такхийта. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина адвоката Савин Александра.

"Тахана, гезгмашин-беттан 27-хь, СИЗО-1 чуьрчу лерринчу декъо соьга элира, адвокате санна, иза дехьайаккхар бакъду. Суна хетарехь, иза дIакхочур йолу меттиг Устрада-ГIалара колони-поселени йу", – дийцина адвокато Савина.

Цо тIетоьхна, Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелера Соьлжа-ГIалин кIоштан кхеле дIаделла Мусаевин гIуллакх. Кассацин латкъам хьажорна кечам беш адвокаташ оцу кехаташка хьовса беза. Мусаева а, цуьнан адвокаташ а и сацам къовса дагахь бу.

Нохчийчухула йолчу УФСИН-н официалан сайтерчу хаамашца а догIуш, Устрада-ГIалара колони-поселени 2016 шарахь йоьттина йу, кхузахь 200 тIекхачалц тутмакхаш чохьбахко йиш йу. Оцу хьукматехь говзалла Iаморан доьшийла йу, къинхьегаме верзоран центр а – цигахь йуьртбахам лелабо. "Оьрсийчоьнан Нохчийчухула йолчу ФКУ КП-3 УФСИН-е сих-сиха богIучу хьешех бу меттигерчу Iедалан векалш, йукъаралхой, Нохчийн республикан культурин, Iилманан а гIуллакххой", –йаздо хьукматан администрацино.

2023 шеран товбеца-беттан 4-хь туьйхира Мусаевина набахтехь даккха пхи шо, ахшо – хьарамлонаш лелорна а, Iедалан белхахочунна ницкъбарна а бохучу артиклашкахула бехкейина.

Мусаева Зарема – бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, 1ADAT телеграм-каналаца воьзна волчу шина оппозицихочунна Янгулбаев ИбрахIиман, Байсангуран а нана йу.

Бакъоларйархошна политикан бух тIехь долийна хета Мусаевин гIуллакх, адвокаташа масийттаза дIахьедира, гIуллакхехула талламхоша харцо лелош хиларх.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • 54 шо долу Мусаева инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Янгулбаев Абубакара шеца нана дIасахийцар хьийхира Кадыров Рамзанна. Мусаева лачкъийна шо кхочуш ша бинчу видео кхайкхам тIехь жигархочо бехкевира Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман сий а" дохорна. Цо билгалдаьккхира, лаьцна латтийначу оцу шарчохь Мусаева Заремин могушалла кхин тIе а телхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG