ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин кхеле Нохчийчу йаха дуьхьал хилла журналист Милашина Елена


ТIелатар динчул тIаьхьа Милашина Еленин букъа тIехь дисина таммагIаш
ТIелатар динчул тIаьхьа Милашина Еленин букъа тIехь дисина таммагIаш

Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин гIуллакхехула Нохчийчу кхеле йогIур йац журналист Милашина Елена. "Дарбеллачу стуна цIен бехчалг хила" ца лаьа шена, хIунда аьлча, ша цига йаха дагахь хиларх шегара пурба а доцуш дIадийицина аьлла кхетийна цо.

Гезгамашин-беттан 7-чохь Мусаеван апелляцихь Милашина хир йу аьлла, хаамбира "Iазапашна дуьхьал Командо". Журналисто кхетийна, ша кхоьру, "нахана гергахь Кадыров йохье а вохуш, питана дарна", хIунда аьлча, зен дан тарло бехк-гунахь доцчу нахана. Кхеташо хир йу гезгамашин-беттан 12-чохь.

Нохчийчохь адаминй бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура Милашинина а, адвокатана Немов Александрна а йиттинчул тIаьхьа товбеца-беттан йуьххьехь дIахьедира, шаьш республике догIуш хилча, шега хаийта дезара, царна кхерамзалла ша латтор йара аьлла. Ткъа хIинца Солтаев зIене ца ваьлла, цуьнан гIоьнчас хаамбина, омбудсмен Украинерчу тIамехь ву, "Мусаева Заремин кхеле иза йухавогIур ву йа вац ца хаьа", дийцина журналисто.

  • Товбеца-беттан йуьххьехь Милашина Елена хьалхарчу инстанцин кхело таIзар кхайкхочу кхача гIоьртинера, амма аэропортера Соьлжа-ГIала боьдучу некъаца цунна а, Мусаева Заремин адвокатана Немов Александрна а къизаллица йиттинера. Милашинин хьен туьта лазийнера, кегдинера пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Немовн когах урс тоьхнера.
  • Милашина Еленина а, Немов Александрна а тIелатар динчара хIаллакдинера доллу документаш а, техника а, кхерамаш тийсинера коьрта тIе герз а лаьцна, и шиъ дуьйр ду бохуш. ТIелатар динчу хьалхарчу деношкахь Милашина дуьхьал йара нохчийн бакъоларйаран органийн белхахошца къамел дан, амма товбеца-беттан 14-чохь цуьнга хеттарш дира Нохчийчуьра талламчас. Цо дийцинера, иза Нохчийчу йухайагIахь, шаьш йуьйр йу аьлла, тIелеттачара шена кхерамаш тийсарх.
  • Мусаева Зарема – бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, 1АДАТ боламца боьзначу оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ИбрахIиман а, Байсангуран а нана йу. Дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо.
  • Товбеца-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккхийта пхи шой ахшой туьйхира Мусаевана – оццул хан йоьхура прокуратуро а. 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш лору бакъоларйархошна, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелийна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG