ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин могушалла эшна йогIу - бакъоларйархой


Шена таIзар кхайкхочу Соьлжа-ГIаларчу кхелехь йу Мусаева Зарема, 2023 ш.товбеца-беттан 4-гIа
4 июля 2023 г.
Шена таIзар кхайкхочу Соьлжа-ГIаларчу кхелехь йу Мусаева Зарема, 2023 ш.товбеца-беттан 4-гIа 4 июля 2023 г.

ЯнгулбаевгIеран вежарийн оппозиционерийн Нохчийчохь таIзар динчу ненан Мусаева Заремин могушаллин хьал эшна догIу. Цунах лаьцна дIахьедина "Iазапашна духьало латточу Командо", адвокатана Савин Александрна тIетовжуш. Кху беттан 17-чохь Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь цуьнца цхьанакхеттера иза.

Мусаеван диабет йу шолгIачу кепера, хьалхо цо дийцинера шен настарш хаа ца ло шена, аьрру куьг даим лозуш ду, хIинца цу тIе кест-кеста мерах цIий эхар а доладелла аьлла. Стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу хенахь дуьйна цIий оьху цуьнан мерах, амма хьалха кIиранах цкъа бен ца хуьлура и тайпаниг. ХIетте а, товбеца-беттан йуьххьехь цунна тIевалийначу лоьро цхьа а кхин совнах цуьнан могушаллех талламаш бар ца хьехна, билгалдоккху "Iазапашна дуьхьал Командо".

"Савин Александра схьадехнера СИЗО-ра медкарта, цу тIехь йу Зарема лаьцчхьана цуьнгарчу хьолах информаци. И карта оьшу говзанчана дIагайта, цо мах хадр бу Мусаевера хьолан а, цунна дечу дарбанан а", - билгалдаьккхина бакъоларйархоша.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Товбеца-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккхийта пхи шой ахшой туьйхира Мусаевана – оццул хан йоьхура прокуратуро а. 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш лору бакъоларйархошна, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелийна хиларх. Мусаева лачкъийча дуьйна, цуьнан могушалла дика йоццушехь, изоляторехь латтийра иза. "Уггар коьртаниг – со цIена йу", - дIахьедира цо шена таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.
  • Мусаевана кхело вердикт кхайкхочу дийнахь Соьлжа- ГIалахь герзашца тIелетира цуьнан адвокатана Немов Александрна а, "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а. Москвара шога оцу зуламна реакци йинчул тIаьхьа, Кадыровс дош делира "йист йаккха" гIуллакхан, амма хIетте а бехкехетарш хIинца а лецна бац.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Янгулбаев Абубакара шеца нана дIасахийцар хьийхира Кадыров Рамзанна. Мусаева лачкъийна шо кхочуш ша бинчу видео кхайкхам тIехь жигархочо бехкевира Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман сий а" дохорна. Цо билгалдаьккхира, лаьцна латтийначу оцу шарчохь Мусаева Заремина могушлалла кхин тIе а телхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG