ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн иллина тIехула гIуда тоьхна масех Оьрсийчоьнан вахархочунна


Муцураев Тимур
Муцураев Тимур

Пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара мел кIезиг а веа вахархочух гIуда хьарчийна административан жоьпалла тIедожош, социалан машанашкахь нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна, царех цхьа дакъа экстремистийн реестре даьккхина ду. Оцу масаьрца а нисделлачуьнца дуьйцург ду "Исламан умма" илли, яздо Кавказ.Реалиино.

Тольяттерчу Автозаводскан кIоштан кхело бехкейира меттигера Вохидова Мохира экстремистийн материалаш яржорна, "Однокласнники" машанехь Муцураевн "Исламан умма" илли зорбане даккхарна.

Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, социалан машанехь мониторинг ечу Самаран кIоштан экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) белхахочунна гучуяьлла хилар нохчийн бардан композици. Кхелан кхеташоне ца еанера ша Вохидова Мохира, суьдхочо эзар соьмана гIуда дожийна цунна тIе.

Изза илли "ВКонтакте" даккхарна гIуда тоьхна Оренбурган кIоштарчу Орскан вахархочунна Мищенко Максимна, кхелехь къерахилира иза, амма, Оьрсийчоьнан Конституцин 51-чу Iедалан къепенна тIетевжина, дуьхьал хилира кхетош дийца. Меттигерчу ЦПЭ-н белхахочо хIоттийра цуьнан хьокъехь рапорт.

Эзар сом гIуда хьарчийна иштта Оренбургскан кIоштара Медногорскан вахархочух Панов Александрах а "Сады нас ждут", "Исламская умма" иллеш зорбане дахарна. Бехк тIе а лаьцна, хаамбина цо, ша аудиош дIаяьхна аьлла.

Чиллан-баттахь яздира Кавказ.Реалиино Веданан кIоштан кхело оццу Муцураевн композицина тIехула гIуда тоьхначу Сиржа-Эвларчу Магомадов Асланах лаьцна.

Ростов-ГIаларчу Первомайскан кIоштан кхело 2014-чу шарахь бинчу сацамца, "Исламан умма" илли №2793 номера бухахь экстремистийн материалаш ю аьлла, федералан тептаре даьккхина ду.

  • Муцураевн иллешка ладугIучарна Оьрсийчохь кест-кеста кхел йо социалан машанаш лелочарна, иштта Нохчийчохь а цхьаьна. Ткъе итт сов нохчийн бардан илли экстремистийн материалаш лерина, федералан тептаре даьхна ду.
  • Нохчийчуьра Гуьмса гIалин кхело меттигера вахархо Дускуев Ахьмад бехкевира "Одноклассники" социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна. "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даьккхинера цо, цунна эзар сом гIуда хьарчийра цунах.
  • Изза сацам тIеийцира ГIуран-беттан 5-чохь Гуьмсан гIалин кхело, меттигера вахархо Саиев Адам бехкевина. Иза бехкевира "ВКонтактехь" экстремистийн материалаш яржорна аьлла, цхьа илли зорбане даккхарна. Тамашен дара, кхелахоша листина "Пайхамаран Хьадис" экстремистийн материлех хIоттийначу тептарехь цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG