Нохчийн ницкъахоша Лахара Новгородера лачкъийначу шен ненаца Мусаева Заремица ша хийца аьлла Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Команда" офисан хиллачу юристо Янгулбаев Абубакара. ТIаьххьарчу шарахь лаьцна латтош ю иза.
2022-чу шеран дечкен-баттахь ша лоцучу заманчохь кхетамчуьра йаьллера Мусаева, ткъа иза дIайига баьхкинчу кадыровхоша чомахь тIе хIума юха а, диабет лазарца хиларна даим шена уллохь латтош хилла инсулин схьаэца а ца йитира иза. Соьлжа-ГIала дIакхачийначул тIаьхь чохь даккха 15 дей-буьйсий туьйхира цунна полисхочуьнга багайитттина аьлла, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьал – полисхочунна тIелеттера иза, Кадыровс бахарехь, "бIаьрг баккханза а вуьтуш" иза. Иза лачкъийна ши кIира даьллачул тIаьхьа бен адвокатан аьтто ца хилира цунна тIекхача.
ЯнгулбаевгIеран вежаршна Абубакарна а, ИбрахIимна а, Байсангурна а тIаьхьабовлар доьзна цара Кадыров Рамзанна критика йарца. Оппозицин 1АДАТ телеграм-канал кхоьллинарг ву ИбрахIим. Оьрсийчохь лаца кхайкхийра иза, оцу каналехь материалаш зорбане йахарна дуьхьал айдинчу бехтакхаман гIуллакхан гурашкахь.
ЯнгулбаевгIарна кхерамаш тийсира иштта Кадыровс а, ткъа Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а массарна а хезаш дIахьедира, церан доьзалхойн "коьртеш дохур ду" аьллера.
Ша хIаллаквийр ву аьллашехь, стенна боху цо Нохчийчоьнан Iедалхошка ненаца ша дIасахийца, дийцира Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь.
– Массарна а хезаш, ахь дIахьедина Кадыровга, ницкъахоша лачкъийна йигинчу ненаца хьо дIасахийца аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчуьра Iедалхой хьоьца зIене бовла гIоьртирий?
– Мелхо а со гIиртира цаьрца зIене вала. Инстаграмехь Даудов Мохьмад (парламентан куьйгалхо – Редакцин билгалдаккхар.) а, кхин а дуккха а официалан нах а билгалбохуш, сайца эфирашка кхийкхира ас уьш массарна а дIагайта. Амма и дерриг а тергамза дитира цара.
Ас-м тоххара а баьхнера и, амма шайгга. БIаьста дара и, талламхочуьнгахула хабар тоьхнера ас.
– Хьуна хIун аьлла хета, хIетахь а, хIинца ахь массарна а хезаш аьлча а, Кадыров цунна реза хIунда ца хилла? Цунна дагадеана хIума дацара хьана нана йийсархо санна лаца?
– Юьхьанца цуьнан Iалашо со лаца йара. Цо лаца а лецира. Со сацийра, сох талламаш бира, хеттарш дира, цхьаъ ца нисделира церан: и хIун дара а ца хаьа суна. Шайн карара со ваьлча, моха йеанера цунна, цо тоьшалла до Кадыровн омраца сан нана йигина ца Iаш, да (суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди.-Редакцин билгалдаккхар.) а лаца тIедожор. Да вуьгийла дацара цара, хIунда аьлча оцу кепара мохане Нохчийчоьнан куьйгалхочун сацам Москваца дагаваьлла бина бацара. Юьхьанца центрна а ца хаьара, шаьш хIун дан деза. ТIаккха сацам бира – Кадыров хьаштодург даьлла, иза бакъван веза аьлла. ТIаьхьо гучудаларца, тIамна чIогIа оьшуш хиллера иза царна.
– Мича бахьанца кхин дIа а латтош ю Мусаева Нохчийчуьра СИЗО-хь, довхаттар кхечу регионе дехьадаккха аьлла, дехар а динашшехь, нагахь санна, хьуна хетарехь, хьоьца дIасахийца а Нохчийчуьра Iедалхой лууш бацахь?
– Суна хетарехь, царна шайна а ца хаьа, шуьш хIун дан деза, хIунда аьлча, йоккха гIовгIа хилира цунах. Юьхьанца суна хIуъа а дан йиш йара, хIунда аьлча, терроризмех долчу гIуллакхна тIехула лаьцна ма вара со, могIарера хIума хир дара цунах: терроран къепехула цхьа нохчо лаьцна – дуьххьара а, тIаьххьара а дац. Цхьа а цецвер вацара.
Сан ненаца гIуллакх Iоттаделира, цхьана агIор оцу истори юкъара бовла ма деза церан. Цу юкъара бовлийла дац хIинца, тхойша дIасахийцаро а нисдийр долуш хIума дац. ТIом болабелчхьана Кадыровна лер тIехдаьлла аьлча а – массара а йемалво иза. Цкъа -делахь, ас и дузу тIом болабаларца а, массо а хIуманна тIехь терго латто церан таро цахиларца а.
ТIом бахьана хила а тарло, со ненаца хийца аларна жоп ца далар- шайн а дуккха а ма ю церан проблемаш. ТIамехь оьшуш бу уьш, шаьш дийна бисса гIерта уьш хIинца. ТIамо къастор ду: уьш а, церан Iедалан система лаьттар ю, йа йац.
– Хьо ненаца дIасахийца аьлла ахь бинчу сацамна мел тIеIаткъам бира Украинерчу тIамо а, и йоллу эрчоно а:
– Сан дехар цара тIе ца лацахь, дIасахийцаран кхин кепаш лохур ю ас. Проблема стенца ю хьуна аьлча, тIеман хенахь Iедалан система чIогIа шога хуьлу. Хенан йохалле йоьрзу. Масала ду-кх вайн Титиев Оюбана маьршачу хенахь дина таIзар. Суна хета, цуьнга юхахьаьжча, (сана нана доккхачу зуламна бехкейеш ма ю, полисхочунна тIелатарна), таIзар шога хир ду. Ткъа чохь доккхучу хIора дийно эшам бо цуьнан могушаллина.
Билгалдаккхар: Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхо Титиев Оюб лецира 2018-чу шеран дечкен-беттан 9-чохь. 2019-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчуьра Шела гIалин кхело деа шарна хан туьйхира цунна марихуана йаьккхина цуьнгара аьлла, ткъа марсхьокху-баттахь хенал хьалха колонира араваьккхира иза
– Нагахь санна Кадыров хийца реза хилахь, цул тIаьхьа хIун хир ду аьлла хета хьуна?
– Цкъа хьалха пачхьалкх-гарант карон йеза, цхьана а агIонна зен а доцуш дIасахийцийта. Масала, Туркойчоь хила а тарло иза, Кадыровс чIагIдарехь, дика юкъаметтигаш ю цуьнан цаьрца. Украина хила а тарло, йийсархой дIасахуьйцуш система нисйина ю цигахь. Йа реза хилла муьлхха а кхин пачхьалкх хила а тарло. Сан нана маьршайалахь, диабетах дарба лелор ду цо, терапи а йийр ю цунна. Ткъа сан кхо вариант хир ю: Iазапаш, Iожалла, пачхьалкхан пропагандина болхбар, йа набахте. ШолгIачунна со реза хир вац, и царна шайна а хууш ду, юьсург йа хьалхара, йа кхозлагIа ю.
– Чиллан-баттахь йоллу кхелан кхеташонаш Мусаева Зарема кхетамчохь а йоцуш дIайаьхьна, марсхьокху-баттахь йоьдучу кхеташонехь цунна лазар деанера. ХIинца хIун хьал ду хьан ненехь? СИЗО-хь муьлхачу хьелашкахь латтош ю иза?
– Лоьрийн- санитарийн декъахь дарба кхачадо цунна СИЗО-хь, амма иза тоаме дац. Регламентехь диабет токху нах латтон, тIехула тIе шолгIачу кепехь берш, таронаш йац церан. Оьшу молханаш пачхьалкхо ца латтадо цунна, наха чулуш ду. Кхачам боллу лоьрийн гIо а кхачош, СИЗО-н цIарахчу пачхьалкхо кхочуш ца до шен декхарш.
БукъдаьӀахкана юккъера къуркъал бахьана долуш лартIахь лелалуш а йац иза. ЛамиштIехула хьала-охьа лела а хала ду. Оцу тIехула денна чу-ара юьйлуш, йолайала йиш цахиларна, даим а камери чохь ю иза.
– Адвокатийн дехаршца аьтто баьлла Мусаева Заремин могушалла кхачам боллуш талла. Оцу жамIех тешам буй хьан? Цуьнан буха тIехь бохийла дуй хьан ненан могушалла эшна йогIу?
– И таллам Нохчийчохь бина бу. Суна ца бевза Нохчийчуьра цIе йоккхуш, хьакъболу диабетах дарба лелон лоьраш. Цигахь сан нанна дарба лелочу юкъанна, цуьнан могушалла кхин тIе а эшна йогIу. Лаха Новгороде тхо дIадахначул тIаьхьа гуш ма-хиллара, республикехь цунна лелийна дарба нийса ца хиллера, и бахьана долуш цуьнан диабет шолгIачу кепе йирзина йоццачу хеначохь. Цундела сан бахьанаш ду, оцу жамIех ца теша.
Ши чолхе цамгар ю цуьнца, дуьххьара бехкехIоттийна ю иза, цуьнан доллу паспорташ схьадаьхна цуьнгара, йа йада гIора а дац цуьнгахь
ХIетте а, иштта хьесапдар тоаме ду, иштта дIасайалар доьхкуш йита аьлла, хьехна кхел а, прокурор а, талламчаш а кхетийта, иза СИЗО-хь йита мегар доций. Мел чIогIа а – цIахь лаьцна йита йезара иза.
Ша цхьаъ бен доцу, таллам тIетевжа бахьана ду, СИЗО-хь хан дIайахйеш иза йитарна – шога Iедалан къепенна бехкейеш хилар. Шога артикл хилар тоаме дац аьлла, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан реакци а йоллушехь. Вукху агIор, цIахь лаьцна иза йита бакъо луш дийнна тептар билгалонаш ю: шиъ чолхе лазар ду цуьнца, дуьххьара кхеле хIоттийна ю, доллу паспорташ а цуьнгара схьадаьхна, йада гIора а дац цуьнан.
– Мусаеван гIуллакхехула экспертиза йеш хилла криминалист балхара дIаваьлла кхелехь хеттарш динчул тIаьхьа. Полисхочун могушаллина зен дина хилар а тIе ца чIагIдина экспертизо. ХIун тIаьхьало хир ю цуьнан?
– Дуьххьара хилла нохчийн эксперт дIаваьлла, суна хууш хиларца, болх а цхьана хийцина цо. Хеттарш дечу заманчохь фактурина тIе ца тевжаш, шена хетарг дуьйцура цо. Цо бохура: "Суна иштта хийтира, ас иштта сацамбира, суна иштта нийса хийтира". Цхьа а аргументаш а ца йалош.
ШолгIа эксперимент, баккъал а йозуш йоцуш хилла ю, цо дерриг а къастош билгалдаьккхира. Iедалхойн тIедахкарийн буха тIехь дуьйцура цо, кхелехь цо дина къамел логика йолуш а, шен-шен тIаьхье-хьалхе йолуш дара (цуьнан жамIашца а догIуш, МВД-н белхахочун юьхьтIера лараш адаман могушаллина зен ден кепехь ца хиллера. Нохчийчоьнан прокуроран гIовс вистхилира и экспертиза гIуллакхан материалашна юкъайахийта дуьхьало йеш, зен хиллачунна хетарг къасто деза аьлла. – Редакцин билгалдаккхар.).
Нагахь санна, хIинца мукъна а дерриг а низамийн гурашкахь хилахь, шога зулам динера бохучунна тIера юккъерчу барамехь дина зен ду аьлла, дехьабовла беза уьш. Ткъа иза пхеа шаре кхаччалц хан ю, иза а арахь такха магош. Делахь а, Оьрсийчохь кхелан системо- къаьсттина Нохчийчохь, болх муха бо хууш, хала ду шолгIачу экспертан жамIаша Iаткъам бийр бу бохучух теша.
– Юьхьанца дуьйна а Мусаева Зарема лаца бахьана дира хьарамлонаш лелорца доьзначу бехкзуламан гIуллакхехь цуьнан тешан статус а йолуш, тIаьхьо шеконашка ийцира иза. Оцу гIуллакхах лаьцна тахана хууш хIун ду? Соьлжа-ГIала иза дIайигархьама пайдаэцнера оцу бахьанах?
– Оцу гIуллакхан гурашкахь сан нана теш санна йара иза лачкъочу дийнахь. Цхьахйолу бехкейийриг хилира цунах иза лаьцна кхо кIира даьллачу заманчохь. Нохчийчуьра полицина тIейигархьама и гIуллакх цунна тIеозйинера. Иза а низамийн гурашкахь кхочуш ца дира: теш тIевало церан хIусамчу ца лелха, тIехь ницкъ ца бо.
ТIаьхьо оцу бехках пайдаийцира, Нохчийчуьра тхан цIа дIадоккхуш, иза тхан ненан цIартIехь дара. ТIом а балале, 1991-чу шарахь тхан дас эцна дара иза, Советан Iедал а дохале, низамашкахь. Бахам схьабаккхар тхо къовсур долуш ду хIуъа хилахь а. Нагахь санна, и цIа цхьаммо эцахь а, иза кхеташ хила веза, сан доьзало и шегара схьадоккхур дуйла, хIунда аьлча, хIара хуьлуш дерг низамашкахь дац йа Оьрсийчоьнан бакъонца а, йа динехь а, йа нохчийн Iадаташкахь а.
Иштта иза лацар а дац низамашкахь, нагахь санна, сан нана зуламхо хиллехь а. Зудчух таллам а бина, зуда лаца йезарг зуда ю. Оьрсийчоьнан ниазамашкахь а йаздина ду и, динехь а иштта боху. Нохчийн Iадаташкахь-м боьршачу стеган бакъо йанне а йац зудчунна тIекховда – цхьа гIад дайначу меттигехь бен.
– Стенна оьшура Кадыровна шун доьзална дуьхьал митинг хIоттон? Ша лелочу массо а хIуманна муьтIахь бу массо а аьлла, стенна оьшура Кадыровна и дIагайтар?
Кадыровна коьрта дара агIо лоцу аьлла Кремлана дIагайтар
– ХIетахь Оьрсийчохь цхьа негативе реакци йара хуьлуш долчунна, цундела Кадыровна коьрта дара агIо лоцу аьлла Кремлана дIагайтар. Со-м ца теша, цигахь 300 эзар стаг вара бохучух – оццул нах оцу майдана тарлур а бац. Хила мегара 40 эзар. Оцу митингехь суьрташ дохуш, шаьш соьгахьа ду бохуш, суьрташ кхоьхьуьйтура суна наха.
Дуьххьара хилла хIума дара иза – тхан доьзална дуьхьал йаьккхина митинг. Уггар а дала тохар дара и цо динарг. Нахана гойту, нагахь санна, шу харцахьа лелий, Кадыровс митинг вовшахтоьхна, шу суьурташ дагош, массара а цхьабоса неIалташ кхийкхош, сийсаздийр ду шу.
- Мусаева Зарема лачкъийначул тIаьхьа цуьнан боллу доьзал Оьрсийчуьра дIабахара – хIусамда Янгулбаев Сайди шен йоIаца Алияца Европе дIавахара. Церан воIарий Абубакар, ИбрахIим, Байсангур пачхьалкхал арахьа бехаш бу. Зарема дIайигина ши кIира даьллачу хенахь Янгулбаев Сайдигара суьдхочун статус схьайаьккхира – оцу дийнахь дуьйна бакъо йара цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккха лакхарчу инстанцешкара пурба а ца оьшуш.
- Росфинмониторинго хIоттийначу террорхойн а, экстремистийн а реестре йазвира Янгулбаев ИбрахIим. "Iазапашна дуьхьалойаран Командана" хетарехь, церан нанна Мусаева Маликина Iаткъамбан кхин а цхьа гIирс бара иза.