ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Набахтера джамаIат" гIуллакхехула ворхIанна 11 шерашка гергга хенаш йиттина Ростовн кхело


Номер 2 йолчу колонихь бу ницкъахой. Гайтаман сурт
Номер 2 йолчу колонихь бу ницкъахой. Гайтаман сурт

ГIалмакхойчуьра колонихь террорхойн йукъараллех гIаттийначу гIуллакхехула ворхIанна таIзарш дина, 8 шарна тIера 11 шаре кхаччалц хенаш йиттина царна Ростов-ГIалин кхело. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига хаамбина цхьахволчу таIзар динчун гергарчо.

Кхелан версица, 2013-чу шарахь ГIалмакхойчуьра номер 2 йолчу колонихь тутмакхаша кхоьллинчу террорхойн "Ахлю ас Сунна валь-ДжамаIа" тобана йукъа бахна кеп-кепарчу хенашкахь лецнарш, церан Iалашо хилла Оьрсийчоьнан конституцин дIахIоттам хийцар.

Радикалан дин даржош, ДаIишан идеологина а, шариIатан низамашна а тIетийжаш хилла бу боху декъашхой. "Массарна а гергахь динан хьехамаш беш хилла, адамийн кхетамна а, лаамна а тIеIаткъам беш, террорхойн гIуллакх леладе бохуш, кхайкхамаш беш, терроризм къобалйеш", аьлла ду кхелан сацамна тIехь (редакцигахь йу цуьнан копи).

ГIуллакх талларан жамIашца, Дагестанера бахархошна Меджидов Курбанна а, Рамазанов Магомедалина а кхело исс-исс шераш тоьхна террорхойн йукъараллехь дакъалацар аьллачу артиклехула.

Волгоградхо Федченко Дмитрий бехкевина кхело террорхойн йукъаралла кхолларна а, цу йукъахь дакъалацарна а. 9,5 шо тоьхна цунна йукъарчу рожехь йолчу колонихь даккха.

Дагестанхочунна Гимбатов Гимбатана колонихь даккха 8 шо тоьхна. Гасуев Гасанна – террорхойн организаци кхолларна а, цу йукъахь латтарна а йукъарчу хьелашкара колонихь даккха 11 шо тоьхна.

Богандов Мохьмадна – террорхойн йукъараллехь дакъалацарна 8 шо тоьхна чохь даккха.

Хасав-Йуьртара вахархочунна Меджидов Муслимана 8 шо кхачийна колонихь даккха, 1 шарахь 6 баттахь маршонна доза а тухуш.

"Набахтен джамаIат" гIуллакхехула бехкевина хилла Алибориев Айнутдин маьрша витина таIзар дарх иза кхалхарна, аьлла ду кхелан сацамехь. Кавказ.Реалиин сайтехь лахьан-баттахь дийцира, камери чохь ирхъоллавелла иза аьлла, психикехь Iаткъам латтарна.

Кавказ.Реалиин редакцин аьтто хилира хьалхо цхьахволчу таIзар динчуьнца къамел дан – Рамазанов Магомедалица. И гIуллакх шайггара кхоьллина ду цара бохура цо, бакъ ца дора "набахтен джамаIатехь" ша хилар а, и гара ду бохург а.

  • Террорхойн "ДжамаIат" йукъаралла кхолларх гIуллакх долийра ГIалмакхойчохь йолчу ИК-2 набахтерчу тутмакхашна дуьхьал. Талламна хетарехь, 2013 шарахь Гасанов Шахбан кхоьллина и тоба – цигахь хан текхна боху оцу цо, низамехь доцуш герз дохкарна. 2015 шарахь Гасанов Хасавйуьртахь вийра. ГIуллакхехула 100 гергга стаг ву бехкевеш, шайлахь оцу набахтин куьйгалхо, цуьнан гIовс волуш – терроран тобанна Iуналла дарна бехкево и шиъ.
  • Масех тутмакхна хIинцале а таIзарш кхайкхийна номер 2 йолчу колонира "набахтера джамаIатан" гIуллакхехула. ВорхI шарера 24 шаре кхаччалц чохь йаккха хенаш йитина царна.
  • Дагестанерчу № 7 йолчу колонехь "набахтин джамаIат" кхоьллина боху гIуллакх Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонан тIеман кхелехь луьстуш ду. Набахти чохь терроран йукъараллехь дакъа лацарна бехкебо иттанашкахь нах – итт шаре кхачалц хенаш йетта тарло царна. ГIуллакхехула кийтарлонаш Iаткъам барца, Iехорца йаьхна йу бохура адвокаташа, бакъоларйархоша а, тIаккха и бехктакхаман гIуллакхаш "лартIахь дац" аьлла цара.
  • 2022-чу шеран Марсхьокху-баттахь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, харцонаш лелийна а меттигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG