ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах байъа реза ца хиларна ор чу кхоьссина: Къилбаседа Кавказера а, Къилбаседа Оьрсийчуьра а дезертирийн дийцарш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIадужу-баттахь Францино дIасалела бакъо луш долу кехаташ делира Оьрсийчоьнан эскарера веддачу 6 дезертирхочунна, хӀинца уьш тховкӀело йаларна кхелан сацаме хьоьжуш бу. ХӀара, цхьа гӀуллакх бен дац – амма, Оьрсийчура уьдуш дуккха а алсам эскархой бу. Царех дуккхахберш, бакъонашларъйархоша дийцарехь, арахьа-мехкашкахь лела паспорташ доцуш бу, кхечу махка дIабаха. Кавказ.Реалии сайто къамел дира Къилбаседа Кавказан цхьацца меттигашкара а, Оьрсийчоьнан къилбаседехьара а масех дезертирца, цара муьлхачу хьелашкахь бовда сацам бина дуьйцуш.

"Адамамалла хилар"

Оьрсийчоьно Украинина тӀелатар дале Александр Дагестанерчу Буйнакскехь тӀеман декъехь лейтенант вара, зӀенан взводан буьйранча. ТӀеман министраллица йукъаметтигаш хадо гӀоьртира иза тӀеман университетехь доьшуш волуш. Амма эскарера дIавала хало ду, ахь хаддаза хьайн дешар тергал ца деш дитахь а, боху цо: "Шерашкахь экзаменаш дӀа ца луш бу нах, амма уьш ара ца боху. ХӀунда аьлча, хӀора шарахь, эпсарийн терахь гойтуш йолу нормативни план йу университетехь".

Александр цхьана баттахь "казармехь Ӏиллира", деша а ца лелаш: "Цхьана дийнахь полковнику, дешаран де йуккъе даьлча хенахь, со тӀехь Ӏуьллучу маьнги тӀе а веана, хьо гауптвахте хьажор ву нагахь санна, "кхетам чу а веана", ас сан рапорт схьацаэцахь, аьлла кхерамаш тийсира. Александр кхеравелира шена таӀзар дарна: "Академи йита йиш йоцийла ма-хиъинехь, план хийцира ас: дешар чекхадаккха, пачхьалкхана дешарна ахчан компенсаци дӀайелла, кхин сайн дахар эскарца ца дуза".

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дешар чекхдаьккхича, Дагестанера эскаре хьажийра иза. Александра чӀагӀдо, ша балхара дӀаваккхаран процесс йолийра, ша дIа ма-кхаьччинехь бохуш. Ах шо гергга хан йаьлча бен рапорт дӀадала аьтто ца белира, командованино рапорташ тӀе ца оьцура, бехктакхаман гӀуллакх доцуш иза эскарера дӀавоккхур вац бохуш; Дечкен-баттахь цуьнга хаам бира, иза аннекси йинчу ГӀирме Ӏаморшка воьду аьлла. "Ткъа хьуна некъан кехат ма-деллинехь, кхин дуьхьало йан йиш йац хьан, иза "низамехь доцуш подразделени йитар" санна лорур ду, бехктакхаман гӀуллакх долорна кхерам а бу", - бохуш, кхетадо цо.

2022-чу шеран чиллин-бутт йуккъе баьлча Александр а, цуьнан взвод а кхаьчна ГӀирме. Юьхьанца, дуьйца, лейтенанта хиллачу, дерриг а рогIера Iамораш санна дара: антеннаш хӀиттийра, зӀенаш теллира, частоташ а, станцеш а хӀиттийра. Ткъе итт шо герга кхаьчча, "лакхара даржашехь болу эпсарш" схьакхача буьйлабелира, эскарийн форма а кхин долу хIума а толлуш.

"Со, лейтенант, 45-чу шеран модель йолчу шлемца лаьтташ вара, ткъа сан куьйга кӀел болу нах цхьа а кепара форма йоцуш бара", - дагалоьцу Александра. Чиллин-беттан 22-чу дийнахь цаьрга дӀакхачийра бронежилеташ. ТӀаккха Александр а, цуьнан накъостий а кхета буьйлабелира, шаьш рогIера эскаран Iаморашкахь доцийла, амма хӀетте а цу минотехь цхьа а ца тешара "хӀара ницкъ гойтуш" ловзар доцийла.

"Ткъа чиллин-беттан 24-чу дийнахь тIом дӀаболало, ткъа тхоъ а цу тIехь дакъалоцуш ду. Герзаш деттар а эскархой балар доладелира. Тхан тIаме дIадигар чӀогӀа гIурте дара, тхо колоннашца Украинехьа дӀасалелачу хенахь а цхьа а ца тешара тхо дозанал дехьадовлур ду бохучух", - дагалоьцу Александра.

Тхо колоннашца Украинехьа дӀадоьлхуш долчу хенахь а, цхьа а ца тешара тхо дозанал дехьадовлур ду бохучух

Цо дийцарехь, низамца цхьа а агIо йац тӀеман зонехь а волуш, тӀамахь дакъалацарна дуьхьало йан. Ахь рапорт хӀоттийна, команде дӀакхачийча а, уггаре дуккха хьуна "хIум тухар йу".

Цул тӀаьхьа пхи бутт баьлча Александр отпуске хьажийра: Оьрсийчу йуха а веана, тӀамехь дакъалаца реза ца хилар а, балхара дӀавала Iалашох лаьцна шолгӀа рапорт а йаздира цо. Амма иза Дагестанехь а волуш, тӀеман министралло шен хаамех лаьцна сацам баре хьоьжуш Ӏаш, мобилизаци йолаелира: Украинца долчу дозане а вахана, штурмовикийн тобанах дӀакхета веза аьлла омар деара цуьнга. Цундела Александр кхийтира, низаман некъашца эскарера дIавала аьтто хир боцийла а, ткъа тӀамехь дакъа ца лаца, цхьа некъ бен боцийла – дезертир хила.

Цуьнан паспортан хан чекхъйаллера 2021-чу шарахь. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу паспортаца, ГӀиргӀазойчу а, Эрмалойчу а, Казахстане а ваха йиш йу. 2022-чу шеран гезгмашан -баттера 2024-чу шеран товбеца-батте кхаччалц Александр Казахстанехь вара "экстрадици йарна кхерам а болуш".

Казахстан, Александрас дийцарехь, йукъараллин тешаллашка хьаьжча а, кхераме меттиг йу оьрсийн дезертирна. Цигара лачкъийна, Оьрсийчу дӀабига а , Оьрсийчоьнан Ӏедалша дехар дича, меттигерчу полисхоша дӀалаца йиш йу; Казахстанехь хиларан кхерамах лаьцна аргумент санна цо иштта даладо меттигерчу Ӏедалша шена тховкӀело ца йаларан масал а.

Юккъерчу Азехь оццул еххачу хенахь полицина кера ца воьдуш ваха аьтто муха белира хьан хаьттича, Александра дуьйца ша лелинарг: "Со чIогIа ларлуш вара, сан сим-карта а банкан карта ца леладора ас. Казахстанехь болх беш йолу Оьрсийчоьнан сервисаш ца лелайора, масала, Yandex.Taxi, Сбер йа Госуслуги, карахь долчу ахчанца лелара, нехан цӀарах хӀусам лаьцнера ас, "Iаьржа" болха а бора.

Нагахь санна стаг дезертир ваьллехь, цо шен харжам бина бохург ду иза

Иштта иза ларваларна бахьан долуш, кIелхьара ваьлла иза Оьрсийчу депортехь. Масала дезертиран Касимов Камилан Оьрсийчу лаьцна дIавигинчул тIаьхьа 6 шо хан туьйхира набахтехь даккха.

Юккъерчу Азехь шаьш долчу хенахь Александра а, кхин а масех Оьрсийчоьнан эскарехь хиллачара а кхоьллира “Прощай оружие! "Украинина тӀелатар дарна дуьхьал болчу Оьрсийчоьнан хиллачу эскархошна гӀо дан. Кхин хIун бахьанаш лелор дара ца хууш, дуьйца Александра, Европерчу пачхьалкхашка дӀасалеларан кехат санна лело йиш йолчу Ватиканан мозгIаран паспорт эца а гӀоьртира иза.

2022-чу шеран лахьан-баттахь бехктакхаман гӀуллакх долийна хилла Александрна дуьхьал, шен эскаран декъера бакъо йоцуш дIавахана аьлла, артиклца. ХӀинца, масех бакъонашларъйаран организацино цхьаьнаболхбар бахьана долуш, шайна йукъахь "Прощай оружие!" а, "Идите лесом", хIинца Францехь ву иза, шен тховкӀело йаларна, сацам баре сатуьйсуш.

"Прощай оружие" боламан Iалашо йу - вай хаамийн гӀирсашкахь дезертирхочун негативан васт хийца. Нагахь санна стаг дезертир ваьллехь, цо шен харжам бина, гӀуллакхца тӀечӀагIдеш – таханлерчу хьолахь, ма-дарра дийцича, из доьналла ду", - бохуш, дерзадо цо шен къамел.

"Диттах вихкина".

33 шо долу Петр (цӀе хийцина) масех шарахь Краснодар-махкахь, Сочехь ваьхна, массех бизнесаш а лелош, амма тӀаьхьо уьш дӀакъовла йезна. Цунна мобилизаци йира 2022-чу шеран гурахь. Повестка Нижний Новгороде кхечийра 15 шо сов иза вехаш воцуш йа регистраци а йоцу хусаме, Петр военкомате схьацавеача, цунна кхерамаш тийса буьйлабелира, нагахь санна Лахарчу Новгородерчу тӀеман военкомате схьацавагӀахь, зудчунна а, йоӀана а "йаккхий проблемаш хир йу" бохуш, дуьйцу Петраc.

Повестка схаэцна, Дзержинске дӀавахара иза, цул тӀаьхьа 347-гӀа полк кхуллуш йолчу Костроман кIоште. "Хьалхарчу дийнахь дуьйна ас массаьрга а элира, ас адамаш дойур дац, шайна луъург де аьлла", - дуьйца Петрc. Цунна дош делллера электрикан болх лур бу аьлла, тӀаьхьо гучуделира иза лакхара стрелок хӀоттийна хилар; Амма Петрс, дийцарехь, цхьана дийнахь тIом ца бира цо (тӀеман хьелашкахь и дӀахьедарш бакъдан йиш яц). 10 де даьлча иза дӀавигира Украинин Луганскан кӀошта, цигахь цо йуха а дӀахьедира, ша тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаца лууш ца хилар.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Лоьрийн дешар доцчу Петран, "кхерамаш тийсарца" аьтто белира лоьран ротехь анестезиолог хIотта. Къамелхочо дийцира, шен а, кхечу мобилизаци йинчу салтийн а, аьтто муха белира, божал чохь реанимацин дӀахӀотто а, УЗИ а, ИВЛ-аппаратца а кечъйан а.

"Оха цхьа а ца вийна, чевнаш хилларш кӀелхьара баьхна, уггаре а халанаш тхан полкера хилла ца Ӏаш, массо а агӀонар схьабалора тхуна", - боху Петрс. БархӀ баттахь оцу меттехь анестезиологин а, реанимацин а декъехь хан йакхира цо болх беш. Оцу хенахь Петрна пачхьалкхан медал йелира "Лазийнаш кӀелхьара бахарна", цо дийцарехь, 400 сов тIемло кӀелхьара ваькхира цара .

"Ткъа цул тӀаьхьа куьйгалхоша тхан реанимацин отделени схьайаккхира, тхан лоьран рота массо а агӀор дӀасайаржийра, со "коьртах топ тухар йу хьуна" аьлла кхерам а тесина, эпсарийн курсашка дӀахьажийра" -бохуш дуьйца Петрс.

Нах байъа реза ца хилча, цхьана буса, етташ диттах дихкина латтийра

Кхаа баттахь тактикан дакъойн буьйранча хила Ӏамийначул тӀаьхьа, цуьнан куьйга кӀел дӀахӀоттийра цхьа взвод. Петр реза ца хилира, шен взвод тӀеман Iалашонаш кхочушъйан хьажо, и бахьана, батальонан командиран омрица, иза "ор чу кхосса" везаш вара, амма иза Луганскан кӀоштахь, Рассыпнехь йолчу Зайцево олучу "тIом бан реза боцчера" лагере хьажийра Петр.

72 дийнахь хьийзийра Петр: цо дийцира массийта стага шена еттарх, ток а шийла хи а детташ, шена тIехь Ӏазап латторах лаьцна. Цул тӀаьхьа "Шторм-Z" 25-чу бригаде дӀа а хӀоттийна, Харьковн областе хьажийра иза. Цига кхаьчна иза 2023-чу шеран гIура-беттан 29-чу дийнахь. Петрс дагалоьцу, цигахь йуха а нах байъа реза ца хиларна, йиттина, цхьана буса диттах вихкина латтийра иза. ШолгӀачу Ӏуьйранна ротан командира цуьнга хеттарш дича, цунна хиира Петран пачхьалкхан совгӀат делла а, офицер а хилар. Цуьнан медицинан зеделларг тидаме а оьцуш, цуьнга хьагIийра, 100 эзар сом кхаь белча, "эвакуацин тобан буьйранча хила реза вуй" аьлла . Петр реза хилира.

"Тхо "передоке чулелхара" (Украинехь эскархоша иштта олу тӀеман хьалгIара могIехь – Ред.) вуно сиха лазийнаш машен чу а кхоьссина, цигара арадовлура тхо", - боху Петрс "Со тIехь волу пхи машен йагийра, ши транспортер, сан ши шофер "двухсоты" (белларш -ред.) хилира. Амма со цхьана кепара Дала кӀелхьара ваьккхира?.

Оцу бригадехь 2024-чу шеран зазадокху-бутт кхаччалц хилла Петр. Оцу йукъана, цуьнан хьесапашца, 700 гергга лазийна стаг араваьккхира цо. Ша а лазийна хилла иза, куьйгах цхьа гериг кхеташ чов йина, пхиъ контузи а хуьлш.. Йина чоьвнаш кехаташ тIехь дIайазо бакъо ца йелла Петрна, циггахь хиира цунна, ша Storm-Z тобанехь волучу хенахь, шена тӀепаза вайначу стеган статус йелла хилар.

Стигалкъега-баттахь сацам бина хиллера "Петр штурме кхосса": "Сан омрица сан машенлелорхочо со тылера генна дӀавигира, цигара цхьана кепара вада дагахь вара со. Цхьа а вен а, йа со вала дагахь вацара. Хьена доьхьа?"

Дозанал дехьавала аьтто ца белира Петрн, лаьцна, йиттина, кхаа дийнахь арархьарчу клеткехь латтийра иза.

Петран хӀусамнанас тайп-тайпанчу хьукматашка латкъамаш йазбира, шен майрачунна дуьхьал дерриг а низам дохийна хиларх лаьцна. Цуьнан цхьаъ латкъам дӀакхачийра цIиIнда хиллачу эскаран декъе. Цул тӀаьхьа Петрна кхерамаш тийсира, йа хьан зуда саца йе, йа шаьш "вуьйра ву хьо" аьлла.

Петрна некъ карийра "Идите лесом" цӀе йолчу организацица зӀене вала, цара гӀо до эскаре ца вахийта, мобилизаци ца йайта а, йа Оьрсийчоьнан эскарера вада а. Цул тӀаьхьа, цуьнан аьтто белира Луганске кхача – къамелхочун кхерамазаллин бахьанашца редакторша ца дуьйца детальшкахь, цуьнан цига кхача аьтто муха баьлла.

Со цхьа а вен а, йа со вала а дагахь вацара. Хьена дохь?

Луганскехь Петра шен тӀеман билет а, ветеранийн удостверени а а хӀаллакъдира, шен телефончура массо хIума а дIайаккхира, гӀишлошъйархойн суьрташ телефон чу а даьхна, "ЛНР"-хь гӀишлошъйархо ву ша, эра ду аьлла сацам бира цо .

"РогӀерчу блок-постехула гIалар аравелира иза, ах шо хьалха белхан машенах кхечу блок-постехула чувеанера ша аьлла", - дуйцу цо. Оьрсийчу схьавеача, цхьана баттахь гергга лечкъаш, "дуккха къаьркъа а муьлуш" хилла иза. Оцу хенахь цуьнан зудчуьнга хаам бина, иза федералан лехамашкахь ву аьлла. Цул тӀаьхьа Оьрсийчохь висар кхераме ду аьлла, Петр адамийн бакъонашларъйаран проектан гӀоьнца махкара дӀавахара.

"Белхахоша ("Иди лесом" проектан волонтераша) со хаамийн базашкахула теллира, хIумма а дуй хьожуш, консультациш йора, суна гӀортор йира массо а хIуман тIехь", - тӀетуьхийра цо.

"Лимбехь бу"

Дуккхаъ а кхинболчу дезертирий а санна, Петран а дац арахьарчу мехкашкахь лелаш долу паспорт, цаьрца бечу балхаца иза уггар а коьрта проблема йу, дийцира "Идите лесом" цIе йолчу боламан векало Чувиялев Ивана: "Башха кхеташ дац, мухабаха беза тахана дезерираш, цара хIун дан деза, оцу Эрмалойчохь, Казахстанехь а мел хан йаккха йеза церан, хIинций-хIинций Оьрсийчоьнан эскархоша а, ницкъахоша а лачкъон там бара, йа меттигерчу милцоша лаца мегара бохуш. Оцу лимбехь уьш мел бу, уьш кхерамзаллехь бац".

Цо бахарехь, Эрмалойчоь, Казахстанца а, ГIиргIазойчоьнца а йуьстича, мел а тешаме йу лечкъина Iен, амма тоъал кхерамзалла йолуш йац. Чувиялевс дагалецира Орсийчоьнан тIеман полицино эрмалойн Гюмри гIалахь дезертир Щетинин Анатолий лацар.

"Мухха делахь а, Казахстанца дуьстича, Эрмалойчоьно бакъо лур йац иза Оьрсийчу дIавига, къаьсттина баркалла ала лаьа и бахьана долуш эрмалойн Iедалхошна", -боху Чувиляевс, проектан белхан шолгIа чолхалла а йуьйцуш: дезертирийн са паргIат ца хилар а, церан могушаллин хьал а.

"Церан психологин хьал муха ду аьлча, церан йиш йац Оьрсийчу а бахана, йуха а тIамтIехь нисбала – набахтехула. Оцу неIалте тIамо Iадийна бу уьш берриш а. Мел лахара а ПТСР (чевнаш хилла, стресс йен лазар. -Редакцин билгалдаккхар). Цунна тIетоха окопаш чохь гIорийна Iарна йина хилла йерзаза чевнаш а.

Церан психологин хьал муха ду хьуна аьлча, цIа а бахана, йуха а тIамхье хьийсон тарло уьш - набахтехула

Армихь эскархойн бакъонаш массо а агӀор талхош долчу хьелашкахь, юридикан декъехь уьш ларбан некъ боцчу хенахь, дезертир валар вариантех цхьаъ йу, боху бакъонашларъяран "Вахархо. Эскар. Бакъо" тобанан куьйгалхочо Кривенко Сергейс: "Нагахь санна, шу цу декъера араделлехь а, оха тӀедуьллу бакъонашларъярхошца а, лоьрашца а зӀене а довлий, массо а цамгарш а, чевнаш а дӀаязъйайта, тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалацаран синмехаллин тӀаьхьалонаш йовзийта, буьйранчалло шуна дуьхьал динарг дерриг а дIадийца".

"Призыв к совести" цӀе йолчу синкхетамна дуьхьал болчийн боламан тӀедилларца болх баро гӀо дира 25 шо долчу дагестанхочунна Арсланалина "цхьана дийнахь" эскаре ца ваха. Кху гурахь Избербашера ХIинжа-ГIала боьдучу некъа тӀехь сацийра иза ГИБДД-н инспекторша, цуьнан кехаташ толлуш. Маьршачу нехан духарца болу тIеман комендатурийн белхахой а хилла инспекторийн тобанца, бохура жимчу стага. Цо дийцарехь, Дагестанан кхечу кӀоштахь дӀайазвелла велахь а, ХӀинжа-ГӀаларчу тӀеман ЗАГС-ан декъе вигинера иза. Цигахь нуьцкъала комиссехула чекх а воккхуш, тIаме ваха тIедожош кехат кара деллера цара цунна.

"Лоьрех чекхваларх кехат аса датIийра, ткъа тIаме кхойкхуш деллачунна тентаг ваьлла, куьг йаздинера, -дуьйцу Арсланалис. "Адамаллин фактор" олучу хIуманах пайда баьллера цунна: цхьахволчу белхахочо пурба делла хилла цунна тIеман комендатури чуьра аравала. Цул тIаьхьа бакъонашларйархошца хIене ваьллера иза. Хинца, цо бахарехь, эскаре вахийта керам бац цунна. Альтернативе эскархойн гIуллакх дан дехьавала ца лаьа Арсланалина цуьнан динца болу хьежамаш бахьана долуш. Цо дийцарехь, цунах лаьцна цо хьахадахь, оцу сохьта чоьте оьцур ву иза

  • Волгоградан кIоштахь дӀатарйинчу 20-чу дивизин эзар сов оьрсийн эскархо Украинехь тӀом бан реза а ца хилла, эскарера ведда. Цунах лаьцна хаам бина "Важные истории" интернет-гIирсан журналисташа: цара хьахош ду эскархойн цIерашца хIоттийна тептар, дивизин буьйранчалло 2024-чу шеран гурахь тайп-тайпанчу регионашка дӀахьажийна дара и, тIом ца бан бевддарш лохуш гӀо доьхуш.
  • Адыгейхь кхело бехке лерира мобилизаци йина хилла Биданок Рамазан, шен лаамехь дакъа дIа а тесна, вадарна, колонихь даккха бархI шо хан кхайкхийра цунна. Шозза веддера иза армера, хIоразза а бакъоларйаран органаша цIахь лоцура иза
  • Итех салтий веддера Новосибирскан кIоштара тIеман декъера. Царех доккхах долу дакъа – Краснодар-махкара бу, Украинана дуьхьал Iом бан бахийта кечбеш бара уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG