ТӀаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь дӀахьош белхаш бу: цхьана агӀор, регионан Ӏедалша исламан мехаллаш денъйар кхайкхош, динехь чӀогӀа хилар гойтуш, ткъа вукху агӀор – дарбанчаш, бозбунчаш, пал туьйсурш лоьцуш, царна таIазр деш. Исламо йемал до холмачалла лелор, амма иштта дино а къобал ца до республикехь "бозбунчалла лелорна" шеконца лаьцна болу бахархой сийсаза бахар, боху тхан редакцин хьостанаша.
Оккультизмаца къийсам латточарех цхьаъ йу - 2009-чу шарахь республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица Соьлж-ГӀалахь схьайиллина "Исламан дарбан центр". Цуьнан куьйгалхочо Эльмурзаев Дауда дӀахьедира центр "бахархой бозбунчех а, холмачхойх а ларбархьама" кхоьллина йу, аьлла.
16 шарахь болх бечу йукъана, 700 эзар гергга стаг тӀеэцна центрехь, аьлла дӀахьедира цо – иза, бахархойн статистикан терахьца дуьстича, нисса ах гергга Нохчийчоьнан бахархойн терахь ду. Оцу центрехь исламан дарба леладо, шайна йукъахь: хиджама а (цӀий даккхар) а, жинаш арадахар а долуш. Амма центр гӀарайаларан уггаре а доккха бахьана - бозбунчашца а, пал туьйсачаьрца а, “дарбанхошца”а къийсам латтор - республикан бахархоша цуьнах "бозбунчаш таллар" аьлла цIе тиллира.
Меттигерчу "ЧГТРК Грозный" телеканало 2013-чу шарахь дуьйна гайта йолийра бозбунчалла лелорна щеконашца лаьцначу наха камерашна хьалха “къинтIера довлар” доьхуш сюжеташ, ткъа цаьрца "кхетош-кхиоран къамелаш" дӀахьо оцу центран коьрта говзанчас Эльжуркаев Адама. Нохчийчохь иза Кадыровн чоьхьарчу гонера стаг лоруш ву.
"Сийсазе гечдар доьхуш"
РогIера цхьа сюжет гайтира нохчийн ГТРК телехьожийло 2023-чу шарахь – хIетахь, Соьлж-ГӀалахь чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахоша лаьцнера меттигера йахархо Царалиева Роза, бозбунчалла лелорна бехке а йина. Царалиевана аьрзнаш динера цуьнан лулахоша, чIагIдо ЧГТРК "Грозный" телеканалан видео тIехь. Церан хIусаме баьхкинчу полисхошна карийнера "холмачхойн" гIирсаш, иштта цунна тIеоьху нах дIайазбина тептар а, боху сюжетехь. "Хала ца хилира" полисхошна и нах схьакарон а, дуьйцу ролика тIехь.
2022-чу шеран гIура-баттахь ЧГТРК-ан сюжетехь хаам бира 80 шо долу Гастиева Роза лацарх: цунна бехке дуьллуш дара "кехаташца хиндерг дийцар" а, кхин а бӀе шо хьалха кхелхинчу "керста мозгIарца "зӀене" йилар".
2021-чу шеран гIуран-баттахь лаьцнера нохчийн бахархой Дангалова Хеда а, Исмаилова Хеда а, Исмурзаева Комета а. Бахьан -"йезачу меттигашкара" хи а, тӀулгаш гулдар а, нехан керташка туьхан пакеташ кхийсар а, безам-марзо кхуллуш бозбунчалла лелор а. Сюжетехь Эльжуркаевс дӀахьедира, шега инстаграмехула "хIара зударшна дуккха аьрзнаш" кхаьчна аьлла.
Эльжуркаевн "кхетош-кхиоран" къамеле, "холмачхой" схьабала бо, наха царна айкхалла дича
Билггал муха къастабо цара "бозбунчалла" лелош болу нах, хууш дац, амма Соьлж-ГӀалин вахархочо Салмана дийцарехь, Ӏедална хала дац: "Массарна а, массо а вевзаш волчу жимчу республикехь, и санна долу хIума къайла дахьалур дац. Белхахоша шаьш а, къайлайаькхина камераца нах хьежабо оцу холмачхошна тIе, шайна тоьшалаш хилийта.
Нагахь санна, хьалха зударий хиллехь "бозбунчалла" лелорна шеконашца лоьцурш, хӀинца божарий а кхочу центре, комментарий йо гендеран проекташкахь дакъалоцуш йолчу цхьана нохчийн йукъараллин белхахочо, шен цӀе ца йоккхуш: "Массарна а хаьа, и стаг Ӏехор (бозбунчалла) дуйла, амма, нах цхьана дикачу хIумне сатуьйсуш тIеоьху “хIумахуучарна”. Ткъа Эльжуркаевн "кхетош-кхиоран" къамеле "ладогIа", уьш, наха айкхалла дича, схьабала бо.
Бозбунчалла лелорна шеко йолуш схьабалийнарш а, церан клиенташ а хуьлу къинтӀера довла бохуш, дехарш дан декхаре. Шен зуда йухаерзо гӀоьне сатуьйсуш, ХӀинжа-ГӀалара "бозбунчана" тIевахана Атаев Сайд-Ахьмада а дийхира камера хьалха, шена бехказа довлар.
Иштта – 2022-чу шеран чиллин-баттахь ЧГТРК телеканало сюжет гайтира Энгал-Юьртара шина вахархочух лаьцна. Ши лулахо ГӀебарта-Балкхаройчуьрчу холмачхона тIе вахана хиллера, цхьаъ -шен йоӀ " кхуь заманан дахарна тIера, нийсачу новкъа йоккхуш" гIо доьхуш, шозлагIнаг -шен хIусамнана цIа йерзоре сатуьйсуш.
2022-чу шарахь Къилбаседа ХӀирийчуьра палтуьйсу Гаглова Римма тIепаза йайра Нохчийчуьрчу аэропортера таксица цIа йоьдуш. Цуьнан вешин кӀанта, ММА-н латархочо Гаглоев Георгийс, Соьлж-ГӀаларчу ницкъаллин структурийн белхахой бехке бира иза лачкъорна, шен дейиша тIапаза йайна хилар цу дузура, республикехь "хIумахуучарна" дуьхьал дIахьочу белхашца: цо дийцарехь, цуьнан дейиша "хьам дIабоккхуш" хиларцпа йевзаш йара. 2023-чу шеран чиллин-баттахь Москвара- БуьритIе боьдучу цӀерпоштан вагон чохь велла карийра Гаглоев.
Динехь хьарам дина ду
Бусалба динехь дихкина ду бозбунчалла лелор, иза уггаре а даккхийчу къинойх цхьаъ лоруш ду, амма стаг йуьхьӀаьржа хӀиттор, сийсаз ваккхар а иштта а дихкина ду, бохуш комментари йо республикерчу бусулба динан жигархочо (цуьнна цIе йоккхуш йац, кхерамазаллин бахьанашца): "Цул совнаха, вайна ца хаьа, оцу "бехказа билийтарна" тIехьа хӀун дуьсу".
Ткъа Эльжуркаев Адама хьалхо дӀахьедора, ницкъахоша оккультизман дуьхьала дIахьош болу къийсам Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца догӀуш ду" аьлла, ткъа окультисташ лелорг "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду элира цо сюжеташкахь.
Вайна ца хаьа, оцу "бехказа бийлитар" тIехьа хӀун дуьсу
Ма-дарра дийцича, Нохчийчохь дуккхаха болчара йемал до бозбунчалла, билгалдоккху меттигерчу йукъараллин боламан белхахочо: Амма, республикан дахаран дакъа хилла дӀахӀоьттина, “сийсазе гечдар доьхуш” видеош а йац наха къобал йеш.
"Хьаькамаша шаьш а пайда оьцу "хIумахуучарех" а, бозбунчах а. Вайна тахана а дагадогӀу, дикка хьалха Гуьмса кӀоштан куьйгалхочо Абастов Ахьмада, холмачалла дина Кадыров Рамзанна министр дарж дезаш, - бохуш, дерзадо къамелхочо.
- Стохка гIаждужу-беттахь Лахара Гезлой-Эвлара вахархо а, цунна тIейеана хилла зуда а лаьцнера Гуьмсан кIоштан полицино бозбанчалла лелорна шеконаш хилла. Цуьнгара а, цунна тIеоьхучаьргара а бехкаш даьхна камерана хьалха хIиттийна, "жинаш лоьхкуш ву" аьлла лоручу "Исламан медицинан Центран" куьйгалхочо Эльжуркаев Адама. Хьалхарниг стаг вац элира цо, шолгIачунна -Iовдал ю элира. Мича низаман буха тIехь лаьцнера "холмачхо", хууш дац.
- Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеон тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.