ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Накъост вийна аьлла бехкевен Украинехь тIом бина нохчо бехказаваьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Новочеркасскера нохчийн сержант-контрактхо Такаев Зайнди бехкхазаваьккхина шеца цхьана гIуллакх деш хилла Дагестанера Шахбанов Мохьмад верца доьзначу гIуллакхехула. ХIара оцу кепара кхелан дуьххьара сацам бу", - йаздо "Коммерсанто".

Бехккхасторхоша цхьабосса дIахьедина, Такаев бехке вац аьлла, цул тIаьхьа кхело лаьцначуьра дIахецна иза, реабилитацина бакъо а луш. Шен сина бинчу Iаткъамна а, лацарна а Такаевс компесаци тIейожон тарло бакъоларйаран органашна. Бехкбуьллучийн а, вийначу Шахбановн векалша а апелляци чуйелла: уьш тешна бу бехккъасторхошна Iаткъам бина хир бу аьлла.

Бехктакхаман гIуллакх Тасаевна дуьхьал айдинера 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь. Бахьана дара тамашен Шахбановн валар. Кхелан материалашца а догIуш, 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 2-чохь Луганскан кIоштара Первомайскехь жижиг доттуш хиллера Шахбанов, полкера шен шина накъостаца а, меттигера шина йоIаца а цхьана цIийнан хьалха. Пикник йирзинчул тIаьхьа полкера шиъ дIаваханера, шен автомат цигахь йитина, Такаев хьаштагIа ваханера - оцу заманчохь Шахбановн коьртах чекхйаьллера даьндарг.

Такаев "оцу сахьта" кхеттера, луларчу коьллашна йукъара герз деттий, царна тIе дуьхьал герз диттинера цо а.

ТIелеттарш цунна гина бац, "атака йухатоха аьтто хилира". Цул тIаьхьа Такаевс оцу метте лоьраш а тIеман полици а кхайкхинера.

Цаьрца хиллачу шина йоIа кхин весри йийцинера. Цара дийцарехь, дIавахначех цхьаммо тапча йитинера Такаевна.

"Зайни хьала а гIаьттина, Магомедана тIевахара тIехьашхула, хечина аьрру кисанара тапча хьала а йаьккхина, коьртах туьйхира цунна", - чIагIдора тешо.

И верси тайп-тайпана агIонаша харцйира: Такаевн доттагIчо дIахьедира, ша тапча ца йитинера, кхелан-мед экспертизана гучуйевллера тапчан мукъа тIехь "бIостане" лараш криминалисто элира, "уллора тоьхна герз дац", йа тоьхнарг тапча а йац. Шахбанов вийна даьндарг а ца карийна. Такаевн адвокаташа чIагIдора, "зудабераша нийсонца хьолах дерг дийцина хир дац, шаьш кегий хиларна а, стресс ларна а, мелла хъиларна а".

Оцу меттиге йеанчу тIеман полицино лецира Такаев. Ша маьршаваккхалц Ростов-на-Дону гIаларчу СИЗО-хь латтийна иза. Чохь йаккха 15 шо хан кхачайора цунна.

  • Новочеркасскера тIеман гарнизонан кхело Ростовн кIоштахь эскарехь гIуллакх дечу контрактхочунна Артемьев Артемана ворхI шой, ахшой хан туьйхира, уьрсаца шен командирна тIелетта - чевнаш йарна.
  • "Политикан тутмакхашна гIо дар. Мемориал" йукъаралло политикан тутмакх лерира Сочира Морозов Дмитрий, Украинерчу тIаме йухаваха дуьхьал хиларна. Морозовна ши шой, биъ буттий туьйхира шега дина омра кхочуш ца дарна.
  • Хасав-Йуьртан кхело бехказаваьккхира полисхо хилла Джамалудинов Сайпулакади верца доьзна гIуллакхехь. ХIара кхоалгIа таIзар ду – кхул хьалха хилла шиъ бехкбуьллуш дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG