Къаьсттина тΙаьххьарчу хенахь нислуш ма-хиллара, амир Занкишиев Ιелим тΙевоьссина хΙусам Ιедале дΙайийцина информатор, кхечу дешнашца аьлча, мотт тоьхнарг, лула-кулара могΙара нальчикъхо ву. Стенна а делахь а, цо хьал деста а деш бинчу хаамна тΙе а тевжина, даьржийначух тера ду низамхоша шаьш операци йолаяллале кхайкхийна тΙемалойн терахь – пхи стаг.
Ιуьйранна, пхеалгΙачух ах даьлча, Нальчикерчу Мичуринанний, Комсомольскийний урамаш цхьанакхетачу маьΙΙера цΙа гоне а лаьцна, чуьрнаш карабахка декхаре бина низамхоша. ХΙеттехь чуьра ара а ваьлла, каравахна цΙийнан да. Ткъа чохь висина амир Занкишиев Ιелим, дийцарехь, юьхьанца ойла еш а Ιийна, тΙаккха герзаца дуьхьало ян хΙоьттина.
ЦΙенна тΙе даккхий герзаш деттале хьалха, Чегеман къоштарчу Мир-юьртахь, цхьана цΙа чуьра, массех гΙаттамхо а вуьйш, ши кΙира хьалха шаьш лаьцна кхобу амиран зуда Созаева Мадина ялийна Ιедалша майрачуьнга герз охьадиллар а, каравахар а дехийта.
Амма Занкишиевс летта вала харжам бина, схьагарехь. Маса тоьпаца ша гоне лаьцначарна дуьхьало еш а Ιийна, тΙаьххьара а, цΙено догуш, ша кΙуьрлахь висича, карахь граната а оьккхуьйтуш велла амир. Иштта бу полицерчу хьостанийн хаам.Занкишиев Ιелим бархΙ шо дара тΙеман хьелашка ваьлла а, Ιедало лаца кхайкхийна а.
Дуккха а хьалха Ιедало тΙамца дохийначу «Ярмук» джамаΙатах дийна бисинчех цхьаъ вара иза. Цунна бехке до дуккха а Ιедалан белхахошна тΙелетар а, полицин хьаькамаш хΙаллакбар а, бизнесхошкара тΙеман гΙуллакхна цо ял йохуш хилар а. Стохка бΙаьста амир Джаппуев Аскер кхелхича, Кавказ Имаратан куьйгалхочо Умаров Доккас шен омрица хΙоттийна вара Занкишиев Къилба Кавказан амир.
Дукха хан йоццуш иштта кхелхира Кавказ Имаратехь ГΙебарта-Балкхаройчоьнах жоп луш волу Геграев Аслан а.
ХΙинца юха а мукъабаьлла Умаров Доккин дакъошкахь Кавказан къилба декъах жоп лучу амиран меттиг. Ткъа хьоло гайтарехь, гΙаттамхой кхачонза бу гΙебартошлахь, кхарачой-балкхарошлахь. Кестта хуур ду, хьан шен караоьцур ду Занкишиевх дисина, стаг хьоьгийла доцу дукъ.