Нохчийчохь ши тIом бирзинчул тIаьхьа зуламийн тулгIе яьржира Оьрсийчухула. Зорбанан гIирсашкахь кест-кеста публикациш гучуюьйлура, тIеман декъашхо хилла хьенех йа минех тIелетта шен зудчунна, маре ян дуьхьалъяьлча йийна, йа салтий хиллачара талораш, къоланаш лелийна, бизнесхой байъина бохуш. Ницкъбаран керла тулгIе хир ю олийла дуй – хIинца Украинехь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцначаьргара схьа? Цунах лаьцна къамел дира Кавказ.Реалиино тIамера юхабирзинчу эскархойн гергарчаьрца.
"ТIемашкара юха а бирзина, маьршачу балха хIиттиначаьргара гонаха болчарна бала хила тарло. ТIамех чекхваьлла, цхьана хенахь нах байъинчу стеган "ма йетта", "оьгIаз ма вахийта", "ма ве" боху психологин дуьхьалонаш дIайевлла", - кхетадо тIемаш бирзича зуламаш алсамдийларх "Iазапашна дуьхьалояран Командин" куьйгалхочо, юристо Бабинец Сергейс.
ТIемаш боьлхучу заманчохь пачхьалкхо тIедожадо, стаг воьйла ду, Iалашо кхочушъярхьама оьшуш дерг ду олий, ткъа пропагандо и тешам чIагIбо церан, билгалдоккху бакъоларъярхочо.
Оьрсийчоьнан къилбера а Къилбаседа Кавказера а бахархой хIинцале а Iиттабелла, Украине тIамца чугIоьртичхьана агресси а, ницкъбар а кхуьуш хиларца. Масала, марсхьокху-баттахь Ростов-на-Дону гIалахь эскаран эпсаро тапча туьйхира таксхочунна, тIамах лаьцна шайн ойланаш цхьаьна ца еача. Оццу бахьанашца нах байъина иштта Большая Мартыновка слободехь а, Геленджикехь а.
Шаьш тIеман чугIортарехь дакъалаьцнарш а дукха хьолахь чевнашца, корта лазийна а, дера а цIа богIу. Кавказ.Реалиино зIе тесира эскархойн гергарчаьрца. Царех дукхахберш дуьхьал бара къамел дан, кхоьрура шаьш таIзаре хIитторна а. Амма царех цхьаберш, шайн цIераш йохур йоций хиъча, реза хилира тIамера цIабаьхкинчу шайн доьзалхошца хиллачух лаьцна дийца
"Цхьанна а герагахь турпалхо вац-кх иза"
Альбина (текстерчу турпалхойн цIераш хийцина ю. – Билгалдаккхар) Нальчикехь ехаш ю. Лаамхо хилира цуьнан веших чугIоьртинчу юьххьехь, ткъа цIа вирзира иза стигалкъекъа-бутт бовш. ТIамах лаьцна къамелаш дан дуьхьал хуьлу иза, боху гергарчо, чохь а цхьана.
"Сих-сиха синхIоттам дика ца хуьлу цуьнан, амма цкъацкъа цхьацца хIума дуьйцу. Масала, лаамхошна герз ца тоьа бохура. Шаьш дIакхаьчча [тIемаш боьлхучу меттиге], шинна цхьацца автомат лора боху. Донецкера баьхкинчаьргахь цул а кIезиг хуьлура. Вашас дагалоьцу, танкаш некъан юккъехь дIайовра, соьцура. Цо дийцарехь, армихь коррупци дика гуш яра. ХIинца хала ду цунна маьршачу дахаре верза. ТIамтIехь адреналинан тегIа лакхара яра, ткъа маьршачу дахарехь оццул яц, цунна хала ду. Суна ца хаьа, нах байъина цо, йа ца байъина, амма маьршачу дахарехь мостагIий лоьхуш хуьлу иза, жимахволчу вешин коча а оьху…ХIара дIа а ца доьрзуш, кхин а дала тоьхна хьал хIоттахь, со хууш яц хIун дийр ду", - латкъамаш бо Альбинас.
ГIалгIайчуьра Аптис, цуьнан дена вина ваша а хилла Украинехь, боху, иза юхавеана "цхьа ангалин волуш санна, мохане а, дера а".
"Новкъахула дIавоьдуш, пандеми йолуш санна, маска а юллий воьду иза, шен сурт ца доккхуьйту. Шега цхьаъ аьлча, дикка Iа дуьхьал вист ца хуьлуш, амма ша реза воцуш цхьа хIума нислой, моха йогIу цунна, мохь хьоькху, юха ша щена чу а вулий, дIатоь, цхьана меттиге охьахиина Iа сахьтехь-шина сахьтехь. Тапъаьлла Iа, хIуммаъ а ца дуьйцу. Цига ваха лууш вацара иза, амма иза цхьахйолчу структурин [тIеман] белхахо вара, ца вахча ца волура. ТIеман хьелашна Iамийна вара иза. Оцул иза хийцаваларна, со кхеташ вац цунна хиллачух. Йина чевнаш яц, амма цуьунан коьртехь цхьаъ хийцаделла. Нанас дарба леладо цунна хишца, КъорIан а доьшуш. Иза лоьрана тIе вига веза аьлла хета суна. Ас бехира цуьнга тIамтIе ма гIахьара хьо, хIун дара цуьнан цигахь? ГIуллакх ца хилира цунах а", - дуьйцу къамелдечо.
Аптис билгалдоккху, шена вешина дуккха а критика хеза шегахьа.
Цигахь нах байъина, хьийзийна, ткъа хIинца наношна а зударшна а шаьш къоладина хIуманаш кхоьхьу
"Пачхьалкхо вахийтинера иза цига, ткъа хIинца тIом ца бинчу белхан накъосташа дийцарш до: стенна ваханера хьо цига, ца ваха йиш ма яра, бохуш. Цхьанна а гергахь турпалхо вац иза. Украинера схьа неIалташ кхийкхадо вайн салташна, меттигерчу социалан машанашкахь дера комментариш язйо: "Нехан лаьтта тIе даханера шу, нехан мохк дIалаьцнарш ду шу!" ХIун хьал хила деза, шайн бераш шайгара схьа а даьхна, цига хьовисйначу нахехь? ТIаккха, церан кIентий меттана дегIан чалхаш, йа хIуммаъ цIа ца кхачаяхь, цаьрца бала дIа ца хуьлу цига ца баха ирс хиллачеран", - оьгIазъоьху Апти.
Дагестанерчу Надирин цхьахволу кIант дукха хан йоццуш цIа веана тIамтIера, когаш лазийна цуьнан, хIетте а юха а тIамтIе ваха лууш ву иза. Кавказ.Реалиица къамелдинчун шолгIа воI хIинца а Херсонан кIоштахь ву.
"Ша хIун дер ца хууш, собар доьхна хьийза кIант, юха а герз караэца лууш. Ша кадырывхо волуш санна тIеоьцура боху Украинехь. Рамзанан [Кадыровн] оцу моттаргIанечу роликаша а, цуьнан гоно а дика болх ца бо. Къаьсттина кадыровхошна дуьхьал бу украинхой, ткъа муьлхха а кавказхочо уьш дагабохкуьйту. Уьш йийсаре эца а ца лаьа, ницкъбина, оцу сохьта байъа тарло. Дуккхаъ тхан бераш ду цигахь леш. Соьца къийсало сан кIант, юха а тIамтIе ваха лууш ву, цигахь дика ахча ло бохуш, ткъа ас ца вохуьйту. ШолгIачу кIантана цхьаъ хилахь а, хIарах вай сан дийна вуьссур", - боху Надирас.
Цунна хетарехь, "оьрсий а, украинхой а мацца хилла а вежарий хир бу", ткъа Къилбаседа Кавказерчу бахархошца гамо юьссур ю.
"Бехчалгаш юккъе а хьерчийна"
Нохчийчохь ехаш ю Карина, Устрада-ГIалина гена йоццучу эвлахь. Украинерчу тIаме вахна хилла цуьнан ши деваша товбеца-баттахь дIавоьллина, ткъа марсхьокху-баттахь цIа кхехьа долийра цигара шичойн а, маьхчойн а декъий.
"Шиъ чевнашца цIа веара, биссинарш – бехчалгаш юккъе а хьерчийна. Цхьаъ дIакъевличну яьшки чохь вара, дакъошкахь. ДIавоьллира- вицви", - боху Каринас.
ТIом бахьанехь шен везачу кIантах яьлла иза – шозза вахара иза дукха хан йоццуш тIемаш бинчу меттиге сапер санна, цигара цIа вирзинчул тIаьхьа дера вара, нахана а хьалхха цхьана дийнахь тIара тоьхнера шен нускална.
"Туьканахь лаьтташ яра со, мала а мелла, сан коча оьхура. ДIагIахьара хьо элира ас – дIа ца воьдура. ТIаккха цунна тIе мохь хьаькхира ас, суна дуьхьал багалеян волавелира: "Хьажахь, хьо хIун ю ян а?!" Жаргонехь къамел дан воьллера, Донбассехь а воцуш, набахтихь хилча санна. Разваьлла, боьха тIара диллира цо суна. Дукха хан яра со оццул кхераялаза. Аз дайнера сан, бIаьрхиш оьхура. Полици кхайкхира ас, уьш баьхкина, туьканарчу камеро дIаяздинчуьга хьоьвсира, цхьана пхеа дийнахь чохь латтийра цара иза… Суна улло ван а ца ваьхьа хIинца, мохь бетта урамехь со гахь, "цIен ю" бохуш (и бохург ду полицина болх беш ю бохург - жаргонехь)", - дуьйцу къамелдечо.
Къаьркъа а мелла, буса балхара цIа йогIучу хенахь со марайолла гIоьртира
Контрактхо лартIахь цалеларх Каринас дийцинчун тоьшалла дира иштта цуьнан шина лулахочо а: сих-сиха къаьркъа моьлу цо, гIовгIа йо, девне вуьйлу, наб ца йойту.
"Ах бохург санна, тхан лулахь бехачара, бакъво иза, - кхин дIа дуьйцу Каринас, - иза турпалхо ву, цунна эрчо гина бохуш. Сайн наной санна суна хеташ, ас лоруш хилла масех зуда суьйранна вовшахкхетий Украинана а, украинхойн къомана а луьйш хуьлу. "Фашисташ, бандидаш, шайтIанаш" ду уьш боху. Со ца мега и хезча, царна уллохь ца лаьтта со. Украине нах байъа боьлхурш цара бакъбо. Лазийна ву, лардан вахначохь…Мила ларван? Ахчана дуьхьа вахна ма вара иза! Халахета, диллина иштта ала йиш цахиларна", - мукIарло до Нохчийчуьрчу яхархочо.
ТIаме хьийсон нах тIетоьаш цахиларна, психикана Iаткъамбинарш а цхьаьна юха а тIамтIе бохуьйтур бу аьлла хета цунна: "Оцу коьртаца дика боцчарна тIе а кхочур ю рагI. Цигахь нах байъина, хьийзийна цара, хIинца шаьш къоладина бахам шайн наношна а, зударшна а цIа кхоьхьуш бу. Амиран доттагI (Каринин тIехьийза кIант. – Билгалдаккхар.) галваьлла, амма харцахьа ца лела иза. Цхьа догIцена ву, мала а молий, уьйтIахула волавелла лела камуфляж йоьхна, иллеш олуш, ша шеца къамелаш деш. Цхьаьннан а коча ца оьху.. УьйтIарчу берашна ахчанаш дIасадоькъу, конфеташ а. Зудаберашна къежа. Иштта галвалар лан а мегар ду".
Бури-ГIаларчу студенто Тамилас а дийцира цIа веанчу кхин а цхьана контрактхочун маьттаза леларх.
"Лулахочо телефон тоьхна, боху соьга: Цхьа дика виски деана ас Украинера, хьоьга а малийта лууш вара со". Ас боху: "Къола а дина, суна дала воллу хьо? Хьайн нанна ло, йа йишига малийта". Ша нехан хIусамашчуьра хIуммаъ а лачкъийна яц, кхечара лечкъайора, ша хIума ца хьайира боху…Юха буьйсанна къаьркъа а мелла, со балхара цIа йогIуш, со марайолла хьийзара. Халла карара елира со", - дагалоьцу йоIа.
"Шайца тIом цIа бохьу цара"
Милцо-контрактхо хилла, Нохчийчуьрчу шолгIачу тIеман декъашхочо, тIаьхьо журналистан болх бина, Финляндихь мухIажаран статус еллачу Флорин Дмитрийс дуьйцу конфликт хиллачул тIаьхьа шегахь лаьттинчу хьолах.
"Карзахе хуьлура, къаьсттина цIахь а, пачхьалкхан урхаллашкахь а. Массо а "машаречара" дог этIадора: оха цIий Iенийна, ткъа уьш тылехь хилла бохуш. Иштта тIеоьцура… Атта лата кочаоьху хьо, собар кхача а дой. Хьуна хьайна хаало-кх: цхьаъ нис ца деллий – хье кхехка болало. ГIант схьа а эцна, цхьаннан коьртах долла лаьа и", - дагалоьцу Флорина.
Къамелдинчун дешнашца, цуьнца цхьаьна тIамтIехь хиллачеран психологин проблемаш юьйлаелира цIа баьхкина бутт баьллачу заманчохь.
"Вахархо а, арми а" бакъоларъяран центран куьйгалхочо Кривенко Сергейс билгалдоккху, тIеман декъашхошна реабилитаци йеш меттиг Оьрсийчохь цахилар.
"ТIемашкахь дакъалаьцначул тIаьхьа эскархой юхаметтахIиттош, иштта психикаца а цхьаьна, маьршачу дахарх уьш дIатарбеш цхьана процессах чекхбаха безара. Амма Оьрсийчохь цхьана а кепара реабилитацин система яц. Афганхойн тIом бирзинчул тIаьхьа а яздора, салтий цIа бирзинчул тIаьхьа доьзалехь ницкъбар алсамдаьлла бохуш. Изза дара Нохчийчуьра тIемаш бирзича а. Цхьаболу ветеранаш – "афганхой" а, "нохчий" а зуламечу тобанашца вовшахбетталора", - боху Кривенкос.
ТIемалошна дика хаьа, шаьш диканехьа доцийла
Цо бахарехь, Украинерчу тIамера цIабаьхкинчаьрца а болх беш стагга а вац, цул совнах, дукхахберш царна йогIучу мукъахенаца садаIа а ца бахийтина. Кривенкона хетарехь, оцу хьолан бахьана ду – пачхьалкхан шен бахархошца бала цахилар: ницкъабр кхуьуш хиларца шайна проблема ца го царна.
ТIеман конфликтийн ветеранашца болх бечу психотерапевто, США-хь Mindful Care Counseling долара клиника схьайиллинчу Коган Элинас билгалдоккху, шаьш латточу гIелонехь зен хилларш хуьлу тIемалойх аьлла.
"ГIело хьегийтарх йолчу стрессо психика хуьйцу. Оцу юкъанна, коьрта дац, и стаг балахьегнарг ву, йа ша баланехь цхьаъ валлийтина цо… Оцу стеган нерваш меттахъйийлар муьлхачу меттахь хуьлу хьаьжжина ду дуккхаъ хIума. Нагахь санна, изза зуламаш лелош, вовшийн къизаллаш лелорна хестош болчу нахана юкъахь иза нисвеллехь, иштта лелар нийса ду аьлла хоьтуьйту нервийн системо", - кхетадо психотерапевто.
Цо дийцарехь, эскархочун лазийна нервийн система "ма-дарра аьлча. тIамтIера юха ца йогIу".
"Шайца цIа бохьу цара и тIом, гуттар а тIамна кийча а хуьлу уьш, - кхин дIа дуьйцу Когана. – ТIаьхъе эрчо йолуш хуьлу: гонахарчу нахана а, гергарчарна а зен до, йа шаьш шайна таIзар до. Дукха хьолахь, тIамтIехь хиллачарна уьйр ца карайо, шаьш лайнарг гина боцчу нахаца, шаьш шайн гергарчех а, безачех дIахаьдда хета царна, эмоционалан изоляцихь лору".
Психологин проблемаш йерзорхьама лоьре гIо деха деза, билгалдоккху къамелдечо. Иштта цо хьоьху хеттарш цадар шайн гергарчуьнга, цунна тIамехь гинчух цо лайначух, къаьркъане а ца воьрзуьйтуш иза, цIахь стрессех ларвеш, дуккха а хан цомгаш яьккхина, юхавеана, паргIато оьшу стагаца санна хила деза цуьнца.
"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина юкъара зIе го тIеман конфликташ йоьлхучу юкъанна зуламаш динчарна а, цул тIаьхьа и зуламаш лелийначара шайн хIусамашкахь дечуьнца а.
"Гуттар хуьлу проблема ю хIара, "диканан агIор" тIом белахь а. Сан хенара болчу нахана хIинца а дагадогIу, девежарий, ненавежарий муха цIа богIура Сийлахьчу Даймехкан тIамера. Уьш турпалхой бара. Делахь а цхьа кхетамца доцуш хIума цара а лелош тарлора. ХIетахь цунах кхетадора, цаьрца къийсадала мегар дац, хIунда аьлча, церан могушалла дIоггара дика яц бохуш… Ткъа хIинца болчу тIамехь и комплексаш кхин тIе а язйина эхь-бехк хеташ хиларо. ТIемалошна дика хаьа, шаьш диканан агIор доцийла", - боху бакъонашларъярхочо.
Ишщтта шеконаш ю цуьнан, Украинехь тIемаш бийраш цIа баьхкинчул тIаьхьа пачхьалкхехь ницкъбеш керла тулгIе гIаттарна Iедало лартIахь реакци йийр ю аьлла.
"Вайн пачхьалкхо реабилитаци йеш яц, йа шаьш цунна жоьпаллехь а ца лору", - дерзийра Ганнушкинас.
- "Важные истории" гIирсо къастийра, чиллан-баттера охан-батте кхаччалц Оьрсийчоьнан эскарийн карахь хиллачу Киевн кIоштарчу Андреевка эвлахь меттигера бахархой байъарна бехкеболчу оьрсийн салтийн цIераш. Ресурсан корреспонденто цаьрга телефон тоьхнера, цхьахволчу эскархочо мукIарло динера.
- Кавказ.Реалиино марсхьокху-беттан юккъехь дийцира Челябинскерчу вахархочух Воложанин Александрах лаьцна. Нохчийчохь Iаморашкахь а хилла, Украинерчу тIаме ваханера иза стигалкъекъа-баттахь. Шен телеграм-каналехь цо дIаязбора Северодонецк а, цунна гергара ярташ а дIалоьцучу хенахь ша юкъахь волчу тобано лелийнарг. Воложанина яьхначу видеош тIехь тIечIагIдо къоланаш дар, бертаза тIаме хьийсор, лаамхой вовшахбеттачу заманчохь низамаш талхош хилар, иштта Iедалхоша лечкъон беллачех терахьаш а.
- Украинан кхерамзаллин Кхеташоно таллам болийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь, иза бехкево пачхьалкхан Зуламан кодексан кхаа Iедалан къепехь: дера тIом дIахьор, пачхьалкхан цхьаалина тIегIортар, Оьрсийчоьно Украинан дуьхьал йолийна агресси къобалъяр.