ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашна тIехула таIзарх ваьлла Кадыровн бIанакъост лаьцна "ЛНР-хь". Зорбанаша хаамбо цуьнан кхалхарх


Хизриев Ислам а, Кадыров Рамзан а
Хизриев Ислам а, Кадыров Рамзан а

Украинехь йинчу чевнех велла Нохчийчоьнан Къилба-малхбузенан федералан гонашкара векалаллин хилла куьйгалхо Хизриев Ислам. ТIечIагIбазчу хаамашца, товбеца-беттан 3-чохь кхелхина иза Санкт-Петербургера ТIеман-медицинан академихь. Мангал-баттахь Хизриев лаьцнера сепаратистийн "ЛНР-хь".

Официалехь Iедалхоша оцу хаамана йина комментарий йац, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера 40 шо долу Хизриев валарх йаздина "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало. Муха, стенгахь чевнаш йинера цунна, хоуьйтуш дац.

Делахь а, сепаратистийн "ЛНР-ехь" Хизриев лоцуш йаьккхина видео мангал-беттан 13-чохь йаржийра. Камери хьалха шен цIе хIун йу а, вина де а, дарж а – нохчийн "Ахмат" декъан взводан командир ву ша аьлла, дийцира цо

Хиизриевс бахарехь, цо "гIо деш хилла" кадыровхошна техника дехьайоккхуш. Меттигерчу совхозан (цуьнан цIе ца йоккху)долара машенаш мича бакъонца лаьцначо дехьайохуш хилла хоьтту видео йоккхучо. Хизриевс дIахьедира, совхозан директоро дехар дира шега, тохарш динчул тIаьхьа дийна йиссина техника цхьана складашка кIелхьарйоккхуш дIайига аьлла. "Ахмат" декъан куьйгалла деш ву Алаудинов Апти, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн хилла министран гIовс – Ислам хIетахь цуьнан хадархо вара.

Хизриевх шеконаш йара цо курхаллаш лелийна аьлла, йа сепаратистийн ЛНР-ра" тракторш лечкъийна аьлла, хаамбина "Котел#6" телеграм-канало. Иза лаьцнарг мила вара а, цул тIаьхьа цунах хилларг а, хууш дац.

"ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало чIагIдо, Украинана дуьхьал тIаме Хизриев кхаьчнера ЧВК "Вагнеран" дакъошца набахтера аьлла. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Санкт-Петербургехь лецира иза – кхо грамм наркотикаш шеца а йолуш. ГIуллакх долийра баккхийчу барамашкахь магийна йоцург лелорна аьллачу артиклехула. Хизриевна кхаа шарера итт шаре кхаччалц хан йогIура набахтехь йаккха.

Делахь а, кхелахойн кехаташца а догIуш, Хизриевна таIзар ца дира. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Санкт-Петербурган кхело цуьнан бехктакхаман гIуллакх йухаделира прокуроре цу тIехь кхачамбацарш дитина аьлла. 2021-чу шеран гIадужу-баттера схьа дуьйна СИЗО-хь латтийна хилларг араваьккхира прокуроран дехарца. Цунна дихкинера тешашца хабаре вала а, телефон а, интернет а лелон. ХIетахь дуьйна цхьа а кхелан кхеташо хилла йац.

  • ГИБДД-н белхахоша Хизриевн Porsche Cayenne сацийра 2021-чу шеран гIадужу-беттан 26-хь Санкт-Петербургера Москван кIоштахь. Машенан урхалла дийриг хиллера Хизриев Исмлам. Цунах таллам бечу заманчохь кхо грамм наркотикаш чохь жима тIормиг баьккхинера цуьнгара.
  • Нохчийчоьнан цIарах Къилба-Малхбузенан векалаллин куьйгалле хIоттавале хьалха, Хизриев Ислам болх беш хилла Санкт-Петербургера ГИБДД-хь.
  • Стохка оханан-баттахь Украинерчу Мелитополехь лачкъийна йуьртбахаман техника Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Закан-Юьртахь гучуйелира. Зорбанан гIирсаша билгалдаьккхира, оцу эвлахь вина хилар мехкан премьер-министр Хучиев Муслим а, цуьнан ваша Хучиев Тамерлан а. Тахана Украинехь "гуманитаран мисси" кхочушйечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан директор хилла ву Тамерлан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG