ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашца боьзна нах бакъо йоцуш тIаме хьийсабо Нохчийчохь – бакъоларйархо Янгулбаев


Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт

Дозанал арахьа вехачу нохчийн бакъоларйархочо, оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара дIахьедина, республикера шен махкахой тIамтIе хьийсош бу къаьркъа мийларна а, наркотикаш лелорна а аьлла.

"Оцу тайпа дараш дира селхана, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш бакъо йоцуш тIаьхьайуьйлу шена аьлла, тховкIело йоьхуш хиллачу стага. Цо бахарехь, марихуана оьзнера аьлла гIеметтахIоьттина стаг тIамтIе хьажийна хилла бертаза, кхо бутт баьлча цуьнан дакъа цIа деана хиллера доьзална", - йаздина Янгулбаевс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан формалехь доцчу омраца, тIамтIе Украине хьийсабо къаьркъанах йа наркотикех боьзна бахархой. Цунах лаьцна, Янгулбаевс чIагIдарехь, дIахьедина "нохчийн полицин белхахойх цхьаммо". Жигархочо кхайкхамбина тешашка, йа оцу кепарчу хIуманах Iиттабеллачу нахе шеца зIене довла аьлла.

  • Янгулбаев Абубакар – "Iазапашна дуьхьал Комитетан" хилла белхахо ву, Оьрсийчуьра дIавахара иза 2021-ра шо довш, иза лаца цунна тIаьхьабовларна. Жигархочун нана Мусаева Зарема лачкъийра кадыровхоша 2022-чу шеран йуьххьехь Лаха Новгородера шен хIусамера. ТIаьхьо кхел йира зудчунна, бакъоларйархой тешна бу, ЯнгулабевгIар лаца Iалашонца Мусаева Кадыровн рожан закъалтхо йу аьлла.
  • Нохчийчуьра Лакхарчу кхело йухадаьккхина Сайдарханов Рахьимана дина таIзар наркотикаш латторна колонихь даккха кхо шо тоьхнера цунна. Цуьнан гIуллакх толлуш озабезам бинчу бахьанашлахь дара Украинана дуьхьал цо тIом бина хилар а.
  • Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца Украинан тIелетчхьана кхелаша кест-кеста луьсту "наркотикаца доьзна" гIуллакхаш тIеман декъашхойн хьокъехь. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь эксперташа дIахьедора алкоголоизман а, наркоманин а кхерам Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан къилбан а регионашкахь тIедогIучу шина шарчохь лакхабала тарло аьлла.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Куьрчала кIоштан полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама тIедожйира Украинерчу тIаме хьийсабе, ловзаршкахь герз кхуьйсу меттигера нах аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG