ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашца къийсам латточу жигархоша йиттина лачкъийна вигинчу ГIалгIайчуьра вахархочунна


ГIалгIайчуьра некъ, гайтаман сурт
ГIалгIайчуьра некъ, гайтаман сурт

ГIалгIайн Кантышево эвлара вахархо лачкъийна дIа а вигина, цунна йиттина наркотикашна дуьхьал йолчу "Антилирика" тобанан жигархоша. Диъ сахьт даьллачул тIаьхьа чевнашца волу иза охьатесна машенчуьра цуьнан хIусамна уллохь.

Инцидент нисйелла дечкен-беттан 8-чу буса. Mash Gor телеграм-каналан хааамашца, 36 шо долу Руслан (фамили йоккхуш йац) "Антилирика" боламца воьзначу итт стага шина машенахь дIавигинера. Цхьана майдана йуьстахваьккхина, цунна йиттина, гечдар доьхуш видео дIайазйайтина, цул тIаьхьа эвла йухавалийнера иза. Дарбан хIусаме вахана иза дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолуш.

Лачкъийна вигинчунна йиттина гойтуш видео хIоттийна "Антилирика" боламан телеграм-канале.

Shot телеграм-канало йаздо, дегIаца йина чевнаш йоцург а, йиттинчун мочхал кагдина, ткъа иза ша мелла хилла. Каналан информацица, Руслана дIахьедина, шегара 38 эзар сом ахча а даьккхина аьлла.

Mash Gor а, Shot каналаша хаамбина, тIелеттарш лохуш республикехь "Перехват" план йукъайаьккхинера, амма официалехь цунах лаьцна информаци йац, ишта хаам ца бина стаг лачкъорах а.

  • Стохка дечкен-баттахь Наьсарахь герзаш диттира – таллархойн топ кхийсира "Антилирикин" жигархочо Даурбеков Мусас. Реабилитацин центрера ведда меттигера цхьа вахархо лаца гIоьртинера иза, важа травматикан тапча йетта волавеллера. Эххар а ший а дарбан цIийне дIавигира.
  • 2022-чу шеран гIадужу-беттахь тIелатар дира "Антилирика" боламан жигархочунна Марзаганов Мохьмадна – Экажево эвларчу цуьнан цIенна уллохь масийттаза герз тоьхнера цунна. Ши кIира даьлча кхелхира иза дарбан хIусамехь йинчу чевнех.
  • Бакъо йоцуш наркотикаш лелорца доьзна зуламаш дар алсамдаларехь хьалхара меттиг дIалоцу ГIалгIайчоьно. Психотропан молханаш моьлу нах алсамбевлла регионехь, оцу йукъанна наркотикех хьакхалуш зуламаш совдийлар "гIожан системица" доьзна чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, аьлла хета Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG