ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикех дIовш даьлла пхиъ стаг кхелхина Астраханехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Астраханехь беллачу нехан пхи дакъа карийна, 14 стаг дарбанан цIийне охавиллина. Официалехь хаамбо къастазчу хIуманах дIовш даьлла бохуш, телеграм-каналийн хаамашца, йуьйцург наркотик лору метадон йу.

Талламан комитетан регионалан урхаллехь дIахьедина, Астраханан шина кIоштахь "тайп-тайпанчу меттигашкахь 18 шарера 40 шаре бевллачу божарийн а, зударийн а декъий дара", хаамбина "Интерфаксо" урхаллин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Хьалхо талламо бинчу хаамашца, цара массара а пайдаэцна наркотикех.

Цул совнах, хьастан хаамашца, 14 стаг дарбанан цIийне охьавиллина, царех 11 – чолхечу хьелашкахь ву. Церан цамгар билгалйаьккхина "цхьана хIуманах дIовш далар" аьлла.

Ларамза шиъ, йа сов адамаш дайъар аьллачу артиклехула толлуш ду бехктакхаман гIуллакх мехкан прокуроро гIуллакх листар шен тергоне эцна.

"112", Mash телеграм-каналаша йаздо, дуьйцург метадонах дIовш далар ду, волайнхошкара телефонаш схьайаьхна, наротикан кепаш йаьхна, талламо къастор ду, стенгахь эцна йара наркотикаш.

  • Лахьан-баттахь метадонах дIовш даьлла Астраханехь зенаш дира 25 гергга стагана, кхоъ велира. Хиллачунна бехкебина лецира Ставрополь-махкахь арахьара тIевеана кхоъ вахархо– Астраханера бевдда уьш бохура, нах дарбанан цIийне кхехьа болийча. Талламан версица, дIовш даьлла хиллера царна а, метадон олург мефедрон йу моттарна. И йу аьлла хеттера и йухкуш болчарна а.
  • Стохка стигалкъекъа-баттахь Астраханехь бехкзуламан гIуллакх айдира Астраханера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан хьаькамна дуьхьал, цунах шеконаш йу 10 кила наркотикаш лечкъорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG