Чиллан-беттан 16-чохь Ямало-Ненецкан автономин гонашкарчу колонихь кхелхина Навальный Алексей, къаьсттина дика вевзаш хилла Оьрсийчоьнан оппозиционер а, Путин Владимиран критик а.
Политик кхалхарх бинчу хааман тергойира Евробертан пачхьалкхийн лидерша, ткъа Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ву элира бехке шен коьрта политикан дуьхьалонча валарна.
Оьрсийчоьнан къилбехь тезетан акциш хIиттийра Краснодарехь, Волгоградехь, Элистахь, Ростовехь – адамаша зезагаш кхоьхьура политикан репрессеша хIаллакбинчийн хIолламашна тIе.
2017-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Краснодарехь а, Ростов-на-Дону гIалахь а, Ставрополехь а, Волгоградехь а болх беш хилла Навальный Алексейн штабаша вовшахтоьхнера дукхахболу нах, цул а хьалха политикаца бала хилла боцу нах а цхьаьна. Штабийн структура экстремистийн лерина, Оьрсийчохь йихкинчул тIаьхьа, дIакъевлинера уьш, шайн агIончашна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш ца дахийта.
Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира къилбан регионашкара Навальныйн штабийн хиллачу координаторшца а, жигархошца а, дийхира цаьрга шайн политикца хиллачу цхьанакхетарх, кху заманан Оьрсийчохь цо дIалаьцначу декъах а лаьцна дийцар.
Гяммер Лев, 2020-чу шарахь Краснодарера Навальныйн штабан хилла координатор
– 20й7-чу шарера схьа дуьйна Навальныйн штабаш регионалан политикан бакъйолу центраш хилла дIахIиттира. Навальный Алексейх бахьана хилира, сан хенара а цхьаьна, жимма сол баккхий нах а политике бахкийта. Цо дIагайтира тхуна, политикаца гIуллакх хила деза, къийсам латтон а оьшу аьлла. Цхьа билгалонан адам хилира цунах кху заманан Оьрсийчуьра дуккхаъчу нахана, уггар хьалха, даггара пачхьалкх маьрша хила луучу Оьрсийчоьнан бахархошна.
Шеко йоцуш, Алексейн кхалхар, харжамаш тIекхочучу заманчохь Кремло дайтина политикан зулам ду. Даим а Iазапехь латтавора иза, гIуданан изолятор чохь латтавора. Иза вен хьийзара. ХIинцца иза хIунда вийна, суна хетарехь, тIаьхьо гучудер ду вайна.
Сайн цуьнца шеца хиллачу къамелехь дог цIена, цхьа а тайпа куралла йоцуш стаг санна дагахь висина суна иза. И цхьа бахьана хила тарлора, оппозици вовшахтоха цуьнан ницкъ кхачаран. Дуккхачу политикашкахь хуьлу дезалла дацара цуьнца. Хьан лулахо хила а тарлора иза, супермаркетехь раьгIнашкахь лаьттар волуш, хIора денна автобусан социйлехь хьох кхета йиш йолу адам дара иза. Амма, уггар а коьртаниг, дагца а, сица а цIена вара иза, цуьнца къамел тасаделлачу хьалхарчу миноташкахь хаалора и.
Манапов Мурад, ХIинжа-ГIалара Навальныйн штабан жигархо
– Дуьххьара сайна Навальныйх лаьцна хезча, сан бала бацара, йа хIинца а бац, Къилбаседа Кавказах лаьцна цо дийицинчуьнца. Муьлхха а федералан политик мухха делахь а хуьлуш ву националистийн позицешкахь, вуьшта и тIеоьцур вац харжамхойн доккхачу декъо. Суна хетарехь, дуккхаъчу кавказхоша тергамза дуьту и цуьнан дIахьедарш.
Iедал хийца лууш вара Навальный выступал. Суна и тоаме дара
Со тешна ву, штабийн болх республикашкахь дIоггара гIара ца балар доьзна дацара цо хьалхо динчу политикан дIахьедаршца. Дагестан, масала, доккхачу декъана Кремлан агIонча лоруш йу. Навальный президент хилча, дагестанхой цуьнгахьа хир бара.
ХIинжа-ГIалара штабан жигархо хила со реза стенна хилира, и штаб цхьана дийнахь лаьттина бен йацахь а? ХIунда аьлча, Iедал хийцийта хьийзара Навальный. Суна и тоаме дара.
Къамелаш дина ца Iаш, цо шен дахар къийсамна хьажийнера. Доьналла долуш хиларна, Путинах лаьцна бакъдерг дуьйцуш хиларна а, дуккхаъчу нахехь шовкъ гIаттайора цо.
Глинберг Татьяна, Ставрополера Навальныйн штабан координатор
– Алексейца хиллачу цхьанакхетарх лаьцна дийно сарралц лартIахь сайн дагалецамаш вовшатаса хьийзара со, амма пайдехь хIуммаъ а коьрте ца догIу. ХIунда аьлча кхинболчеран дийцаршкахь цхьа шуьйра, эмоционале хуьлу дийцарш, ткъа со неIарехь Iоттайелира цунах штабийн гуламехь. Чу йоьдура со, цхьаммо неI лаьцна йитира суна. Йухахьаьжча, кхийтира со, Навальный вара иза. Хетарехь, иштта ван а вара иза: цхьа сонталла йоцуш, гIиллакхе. Массарел а тоьлашха.
Политик – галстук йихкина, хадархой улло баьхна лелачу дуьненахь, Навальный цхьа шен стаг санна вара
Ткъа суьйранна цуьнца цхьаьна суьрташ дохуш, къамелдан тIеоьхура тхо цунна. Йуьстах лаьтташ, масаьрца а цхьа хаза къамел деш Iара иза. Цунах стаг дIакъахка цхьа бахьана дацара, йа цо шена тIе стаг ца вуьту аьлла а, йа ша массарел а лакхара хета ала меттиг бацара. Суна хетарехь, оцу доллучо а вора цунах оппозицин лидер. Политик – галстук йихкина, хадархой улло баьхна лела стаг волчу дуьненахь, Навальный цхьа шен стаг санна вара. Бегаш бора цо, мемех лаьцна дуьйцура, тхох кхеташ стаг вара иза. Адам дар-кх иза, цхьа дагадаийтар санна: вайн а хила йиш йу-кх иштта майра, ницкъе, иза санна.
Суна хетарехь, Ставрополан а, кхечу регионалашкарчу штабийн болх а коррупцина дуьхьал талламаш бар а, меттигерчу къоланаш дечу хьаькамех а лаьцна фильмаш йахар дац, хьох кхетар а, цхьаьна хилар а ду. Аьттехьа а бевзаш боцу нах тхо долчу баьхкича, дуьхьал а ховший, кхечу цхьангга а дуьйцур доцург дуьйцура оха цаьрга. Оцу Iедалх а, хIокху кепарчу дахарх а шаьш хIиттина хиларх. Царна хаьара, кхузахь шайх кхетар дуй, кхузахь ша шеца бакъо лелайора.
И ду суна штабо делларг, суна хетарехь, дуккхаъчу кхечарна а делла аьлла хета суна. Штабийн Iалашонел а совдерг дара цуьнца – Путинан рожана дуьхьал волчу стагана дIагайтар, иза ша цхьаъ воцийла. Гонах телепропаганда хилча, нах кхоьру шайн сагатдийриг дийца, тIаккха хьо а ойла йан волало, дуккхаъ нах оцу политикехь бу-кх олий. Штабаша дегайовхо лора, серло лора, хьуна уллохь дуккха а нах хилар, накъосталла дар хаадолуьйтура цара. Суна а, эзарчу кхечу Оьрсийчоьнан бахархошна а Алексейс йелларг и гIортор йу, тхо тхаьш доций дIахаийтар.
Кочегин Евгений, 2018-2021-чу шерашкахь Волгогардера Навальныйн штабан хилла координатор
– Тхо дикка ладоьгIуш Iийра адвокаташка а, Алексейн команде а, цуьнан герарчаьрга а, цара хаам тIечIагIбаре. Амма лаккхарчу тIегIанехь дIахьедар дина хиларна, со кхетара, Кремло кху тIехь харцдерг ца дуьйцу аьлла.
Цхьа уллора стаг кхалхар санна ду суна Алексейн валар. Шозза гинера тхойша: 2017-чу шарахь Волгоградера митингехь а, цул а тIаьхьа кхо шо даьлча – Новосибирскехь харжамийн штабо болх бечу хенахь а.
Алексейх сан бIаьрбузуш, уггар а суна чIогIа хетарг дара цуьнгахь – жоьпалла а, кхерам а шена тIе а лоций, кхерамна дуьхьал цуьнан майрра гIаттар, харцо цо эшор. ТIаьхьа хиндолчуьнга ла а ца доьгIуш, зуламна а, харцонна а дуьхьал волура иза.
Цо кхоьллинчу штабийн структуро хийцира регионашкара политикан дахар, кегийрхошна жигаралле а, бакъйолчу политике а некъ боьллуш. Шайн-шайн меттигашкахь бахархойн йукъараллаш вовшахтухура оцу стурктуро. Локалан толамех ас дийца а ца дуьйцу, масала, дуккха а миллионашна пачхьалкхан цIарах гIирс эцар йухадаккхийта гIиртира тхан штаб.
Алексейн кхалхар билггал сайна уллора, дукхадеза адам дIадахча санна тIеийцира ас
Алексейн доккха дакъа дара цу йукъахь, и бахьана долуш бIенаш, эзарнаш Оьрсийчоьнан бахархой тийшира: шайн пачхьалкхехь къийса деза, оьшу и, ткъа йукъаралла политикана йукъа а ца гIерташ, дастамдаьлла "йукъараллин бартабр" тхуна мегаш дацара.
Адамийн дегнаш чу тешам биллинера Навальныйс, ткъа тIаьххьарчу шерашкахь Путина мелхо а жимма а дегайовхо ца йитина Оьрсийчоьнан йукъараллехь цхьа хийцамаш хир бара аьлла. Цунна коьрта ду дийна мел долу хIума дагор, хIаллакдар. Орсийн Мандела Нельсон (Къилба Африкан Республикехь апартеиадн мур болчу хенахь 27 шо хан йаьккхина цо набахтехь, цул тIаьхьа пачхьалкхан президент хилира цунах. – редакцин билгалдаккхар) хуьлийла дара Навальныйх.
Ша маьрша волчу хенахь тIаьххьара йеллачу интервьюхь Алексейс элира: нагахь санна, ша вехь, оцу мIаьргонехь шайн эгIазалла а, дуьхьалонан ницкъ а хаалуш хир ду Iедална. Цуьнан кхайкхам иштта бара: "Къар ма лолаш!"
Путинан Iалашо йу – массара а куьйгаш охьа а дахийтина, уьш къарбар. Хьекъал долу, шайн даймахкана маршо йеза Оьрсийчоьнан бахархой а, шаьш Iалашден украинхой а, демократин Малхбузе а. Амма вай кхин дIа а къийсам латтон беза хIокху рожаца, шаьш Iедалан коьртехь дукха мел Iен, кхин а чIогIа хьаллакйеш йу цара Оьрсийчоь. ХIинца Навальный хIаллак ма варра.
Тотров Руслан, Къилбаседа ХIирийчуьра журналист
– Кремльна оьшурий-те Навальный хIинцца вер? Цунах лаьцна кофен букъарш тIехь пал тийса а ца оьшу. Кху заманан дуьненахь цхьаъ бен йоцчу фашистийн рожо шен коьрта политикан дуьхьалонча вий. ДIадахдина стаг вер дара и. Цу тIехь тIадам бу.
Политикехь оьзда, гIиллакхехь лела дезаш хилар Оьрсийчоьнан рожо лар ца ден дукха хан йу, цунна бен-башха йац шен репутаци. Амма хIинца Iаламат коьрта ду, дуьненан йукъаралло цуьнан терго муха йийр йу.
Кремлан пропагандо йух-йуха достуш дуьйцур ду Алексейс Кавказан хьокъехь дина дIахьедарш, амма Навальный – маьршачу Оьрсийчоьнан а, дуьхьалонан а символ йу. Дуккха а шераш хьалха цо аьлларг дуьхьал деттар аьттехьа а нийса дац.
- Бакъоларйаран органаш тIаьхьайевлла лийлира дIайохийначу Навальный Алексейн штабийн координаторшна. Доккхачу декъана, Ростов гIалара штабан коррдинаторо Середкина Ксенияс дIахьедира шена тIехь ницкъбарх. Эххар а Оьрсийчуьра дIайахара иза. Шайна тIаьхьабийларна а, кхерамаш тийсарна а дIабахара Краснодарера штабан хилла координаторш Панченко Анастасия а, Гяммер Лев а, Кочегин Евгений а, Султанбегова Алипат а.
- Кху заманан Оьрсийчуьра дуьхьалонан боламан историхь хир йу ХIинжа-ГIалара Навальныйн штаб, масех дийнахь болх беш хилларг санна. 2021-чу шеран чиллан-баттахь дуьххьара и схьайелла гIортар дирзира координаторна Аблякимов Русланна йетта а йиттина, иза Дагестанера дIа а воьдуш. Охан-беттан 11-чу дийнахь штаб эххар а схьайиллира – цуьнан коьрте хIоьттира республикера "ПАРНАС" партин декъан 50 шо долу куьйгалхо, харжамашна тIехь йукъараллин терго латтор вовшахтоьхна Атаев Эдуард. Штаб схьайоьллучу дийнахь жигархо лецира - администартиван гIуллакхна тIехула. Эххар а Атаевна йалх шой, ахшой хан туьйхира герз а, наркотикаш а лелорна аьлла. Шена ницкъахоша гIело йарх а, гIуллакхца харцонаш лелорах а дIахьедира цо.