ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчи вац": кадыровхочунна Алаудиновс бехк цабиллар дехар а, Мариуполера дов а


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу Мариуполехь Нохчийчуьра схьаваьллачу стагана а, садаӀархошна а юкъахь иккхина конфликт бахьана долуш нахана хьалха къинтӀера довлар дехна "Ахмат" цӀе йолчу нохчийн декъан буьйранчас Алаудинов Аптис. ТӀаьххьарчо шен машен пляже йалийна хилла, иза дӀайаккха аьлча – дуьхьал а волуш. Алаудиновс дагахь доцуш гечдар дехар конфликт дов къайладахьа йиш ца хиларца доьзна хилла ца Ӏаш, лакхарчу даржехь волчу кадыровхочун политикан амбицешца доьзна а ду, тешна бу Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш

Товбеца-беттан 18-чу дийнахь социалан машанашкахь гучуйелира Мариуполера видео, цигахь Нохчийчуьра схьаваьллачу стага шен Lexus машен хийистехь йуьту, ткъа садаӀархоша дехар до цуьнга машен кхечу билгалъяьккхинчу меттехь дӀахӀоттайе бохуш. Юьхьанца машенлелорхочо олу, ша лийчина ваьлча бен дӀагӀур вац, цул т1аьхьа кхерамаш тийса волало: "Оьшуш хилахь, ас милла а вуьйр ву" бохуш.

Дош дашера даьлла иккхинчу девна йукъахь виъ хилла, хетарехь, меттигера бахархой: машенан долахо а, хьиджаб йоьхна зуда а, ши кхиазхо а, гарехь, цуьнан доьзалан декъашхой бу уьш. Цхьа садаӀархо хийистехь лаьттачу машенан номер тIе а йоккхуш, видео йазйан йолайелча, цхьана кхиазхочо олу цуьнга: "Ас хьан телефон отур йу". ДӀайаздар юкъахдолу, дов эккхийтинчо зудчун карара телефон схьайаьккхича.

"Осторожно, новости" телеграм-канало бинчу хаамца, цу инцидентана бехке волчун цIе йу Вахидов Илес. Цо Мариуполан хийистехь д1ахIоттийна нохчийн номершца йолу "Лексус" цхьана Вахидова Мадинина тIейазйина ю, хетарехь, Илесан ненан, йа кхечу гергарчун. Йиллинчу хьасташкара хаамашца, 38 шо долу Вахидов Нохчийчуьра Хьалха-Мартанан кӀоштан Гойское юьртара схьаваьлла ву, 2020-чу шарахь дуьйна цуьнан долахь ю "Вокстрой" цӀе йолу гӀишлошъяран компани. Компанин дахначу шарахь даьккхина ахча 50 миллионал сов дара.

"Осторожно, новости" г1ирсаца хиллачу къамелехь Вахидовс д1ахьедина, садоӀучара шена провокаци а йина, цхьацца "лозунгаш" хезош бара аьлла. Цо комментари ца йира пляже йалийначу машенан хьокъехь.

"Кавказ.Реалиин" редакци а зӀене йелира Вахидовца. Тхан хеттаршна жоьпаш ца делира цо.

Маса реакци

Оццу дийнахь Мариуполехь йаьккхина видео интернетехула йаьржича, нохчийн "Ахмат" декъан буьйранчаc, Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн коьртачу тӀеман-политикан декъан куьйгалхочун гӀовса Алаудинов Аптис къинтӀера бовлар дийхира, шен махкахочо лелийначунна, цунах цо "адам" дац, нохчо" вац элира.

Кадыров Рамзанан герггарчу стага ишта дӀахьедира, Вахидов Украинана тӀелатар деш дакъалаьцна вацара аьлла – цо тӀом бина хиллехь, и тайпа конфликт хир йацара аьлла.

И дешнаш кхерам тасар санна хета тарло, 2022-чу шарахь дуьйна бакъонашларъярхоша кест-кеста Украинина дуьхьал тӀаме дӀахьажош Нохчийчоьнан бахархой лечкъош хиларх лаьцна хаам бар тидаме эцча.

Иштта Алаудиновс тӀетоьхнера, ша Мариуполера видео республикан куьйгалле хьажийна хилар а, гергарчу хенахь цуьнан реакци хир йу аьлла. Иза баккъалла а нисделира: кхо де даьлча, Вахидовс шен бехк тӀелецира камера хьалха, "нохчийн халкъан векал хиларе терра" пляже ваха ца везара ша аьлла.

Мариуполхой а, оккупаци а

Мариуполан мэран хьехамчана Андрющенко Пётрна хетарехь, оккупаци йина болу Оьрсийчоьнан ницкъаша меттигерчу бахархошца ларамаза лелар - даьржина хьал ду.

"Мел кӀезга а, Мариуполан бахархошца агресси гайтар, йа "дерриг а шайна мегаш долуш санна" лелар массо а хенахь хуьлу кхузахь. Кхузахь хаттар ду, мел кест-кеста дов довлу Мариуполера бахархойн, ХӀан-хӀа, кест-кеста ца хуьлу. Ца хилийта гIерта уьш, хӀунда аьлча, эххар а уьш шаьш бехке хир бу. Дукха хьолахь, оккупаци йинчу агIоно меттигерчу бахархошна тӀехь ницкъ бар ду", - боху Андрющенкос.

И дешнаш бакъдо Украинерчу "СОВА" экспертийн тобан куьйгалхочо, политикан Ӏилманийн доктора, профессора Савва Михаила.

"Мариуполь дӀалаьцначарна а, меттигерчу бахархошна а йукъахь дукха хуьлий конфликташ бохучух информаци йала йиш йац сан, хӀунда аьлча, и информаци къайлаяьккхина йу. Мариуполера бахархошкара схьакхочучу хаамашца жамӀ дан аьтто хуьлу: и тайпа девнаш кест-кеста хуьлуш ду",- элира къамелхочо.

Кадыровхоша цунах олу "шен метта охьахаор"

Саввана хетарехь, конфликт "гуш" хилла нийсса Украинин дӀалаьцначу территорийн бахархойн бакъонаш кхин а луьра хьоьшуш болчу Ӏедалан векалшца а доцуш, могӀарерчу нахана юкъахь хиларна.

"ХӀийистехь хилларг - "Ӏедална а, нахана а" йукъахь хилла дац, "цхьа адамаша вукху адамашна дуьхьал хиларца" нисделла ду. Цундела нахаладаьлла ду хIара. Х1ара тайпа девнаш Iаламат дукха нислуш ду. Кадыровхой болчу миччахь а дуьйлу ишта девнаш. Шаьш массарел а лакхара хилар дIагайта хьийза уьш. Цара цунах "шен метте стаг охьахаор" олу. И бохург ду, царна хетачу дуьненан суьрта тIехь – церан бакъо йу кхечу нахана тIехь шайн хьаштдерг дан", - дуьйцу Саввас.

Дукха хьолахь, Нохчийчоьнан куьйгалло "шайн" агӀо лоцу. Ткъа нагахь санна и конфликт видео тӀе дӀайазйина ца хиллехь, тӀаккха "шайчо" бохург деза хетар дара царна, муьлххачу а дуккхаъxу "хийрачара" аьллачул а.

"Кхузахь оьзда ца хиларан объективан тоьшаллаш ду. Нохчийчоьнан куьйгалла баккъалла а дехачу зуламан дуьненан кхетамаша ницкъ бо оцу хьолехь цхьана кепара реакци йайта. Тарло, дерриг а дерза, пляжехь сий доцуш леллачу Нохчийчуьра вахархочунна багахула кхерамаш а тийсина. И тоаме хуьлу, йукъараллехь хетарг дIатедан, цул тIаьхьа хIуммаъ а ца до",- дерзийра политолого.

"Мариуполан бахархойн тешаме хиларо хеттарш кхуллу".

Политологна Айсин Русланна хетарехь, цу конфликто "собар кхачийна" дӀалаьцначу Мариуполехь Кадыровн наха лелочо.

"Меттигерчу бахархойн тешаме хиларо хеттарш кхуллу Оьрсийчоьнан куьйгаллехь. Ткъа Мариуполе чубаьхкинчу кадыровхошна, цхьана агӀор, административан хьолаца вуно тешам болуш хьал хета, амма буьззина тешна бац уьш меттигерчу бахархойн хьежамашца", - боху Айсина.

Иштта цо билгалдаьккхира, нохчийн оьзда доцу лелар Алаудиновна политикан баллаш гулйан бахьана хилла дӀахӀоьттина хилар. ХӀинццалц дуккхаъчу говзанчаша лорура, Кремло Алаудиновна къастийначух тера ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан метта хӀоттон.

Иштта Айсина юкъара ца доккху, Кремлан цхьахйолчу клано Алаудинов хаьржина хила тарлуш хилар: иза Кадыровн метте кхачорхьама а доцуш, цхьа шатайпа контрбаланс кхоллархьама хила а тарло – ледара, амма хӀетте а Ӏаткъаме.

"Оцу хьолехь Алаудинов уггаре а дика пайдаэца гӀоьртира, уггаре а хьалха, шен дуьхьа, хӀунда аьлча, иза тӀеман министраллин кхетош-кхиоран белхан декъан куьйгалхочун гӀовс ву, цуьнан цхьацца бакъонаш а, декхарш а ду. Аьлча а, цунна тӀедиллина ду, цу тайпа хеттарш листар а. Дика хууш ду, Алаудинов ша Оьрсийчоьнан идеологин а, политикан а повесткехь дикка интеграци йеш хилар, ша оьрси ву бохуш санна дIагайта хьийза иза. Аьлча а, ша Кадыровна йуьстах волуш санна, цуьнан йоккхачу системин дакъа ша доллушехь", - аьлла хета Асйсинна.

Иштта цо юкъара ца доккху, оцу хьолехь "Ахматан" буьйранчас къинтӀера бахар цуьнан шен лаамехь дӀадолор хила тарлуш хилар: "ХӀара оццул политикан маьӀна долуш хаттар дац, цхьанхьа лакхахь барт бан безаш", - аьлла, дерзийра Айсина шен къамел.

  • Украинин кхерамазаллин сервисо шайн шеконаш йу элира Алаудиновх, цо Украинин территорин цхьааллана а, иза йохо йиш йоцуш хиларна а тӀелатар дарна. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептара йукъатуьйхира иза. Цул тӀаьхьа жимма хан яьлча дихкира цунна Латви вар. 2020-чу шарахь Британин санкцешна кӀел веара Алаудинов, ткъа 2023-чу шарахь Украинин а. Нохчийчуьрчу "къайлахчу набахтешкахь" Ӏазапаш лелийна ву бохуш вуьйцу Алаудинов.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан тукхаман бизнес йу Оьрсийчоьно цхьана ханна дӀалаьцначу Украинан дакъошкахь, цигахь бизнес йуха а дӀасайекъарх лаьцна дийцадоккху кест-кеста. Кавказ.Реалиин корреспонденто говзанчашца цхьаьна листира и процесс.
  • Украинехь Алаудиновс буьйралла дечу "Ахматан" тӀемалойх шеко йолуш бу маьрша бахархой цара байъина бохуш. "Ахмат" тобанан "лаамхойх" цхьаммо дийцира Кадыровн агӀончаша Украинехь дина дуккха а тӀеман зуламаш ду аьлла. Изза дӀахьединера оккупацех дийна бисинчу Украинин бахархоша а. Бахмутан гергахь йийсаре лаьцначу цхьана ахматхочо дийцира, шайн куьйгалло тIеман хьалхарчу меттигашка хьийсабо коьртачу декъана нохчех боцурш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу бахархойх лаьтташ йолу взводаш. Уьш, йийсархочо бахарехь, ледара герз долуш бу, цхьана а кепара Ӏамийна а бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG