ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нехан нуьцкъалли тӀехь пиар йар ду? Кадыров а, "Ахмат-мобильна" тIехула тӀеман министраллица даьлла дов а


"Ахмат-мобиль". Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видеон йина скриншот
"Ахмат-мобиль". Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видеон йина скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийна "Ахмат-мобиль" гIагI диллинчу машенийн модификаци йина сериш арахоьцуш болх дӀаболорах лаьцна. Цуьнца цхьаьна политико дӀахьедира, Оьрсийчоьнан тӀеман министралла дуьхьал хиларх оцу тайпа цIе машенашна тиллийта, и машенаш йечу хенахь цу йукъахь дакъалаьцна ша боху Кадыровс. ХӀун башхалла йу "Ахмат-мобилийн" а, царна тIетовш стенна вистхилира "Ростехан" куьйгалхо Чемезов Сергейс а, къасто хьаьжира Кавказ.Реалии сайт.

ГIажарийчуьра "Ахмат-мобиль"

Итт меттиг чохь болу бронетехника кечйан йолийнера 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Набережные Челны гӀаларчу "Ремдизель" заводехь. Нохчийчоь хьахош йолу "Ахмат" цӀе гучуйалар кхетош дара "спецоперацино дог-ойла гIаттийначу" Кадыровн Рамзанан бронемашинаца дуьххьара шовкъ хиларца.

"Ремдизель" йу "Ростех" корпорацин долахь йолчу "КАМАЗ" холдинган декъашхо. Цо арахоьцучу машенийн керла моделаш дуьххьара гайтира йукъараллина 2023-чу шарахь стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнан сий деш Москвахь дӀайаьхьначу парадехь. Товбеца-баттахь "Ростехан" куьйгалхочо Чемезов Сергейс Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хаам бинера, "Ахмат" гIагI диллина машенаш кечйина девлла аьлла. Тъа цара къамел дечу хенахь цу заводо хӀинцале а эзар гергга модификаци йина бронетехника арахецнера.

Чемезовна тIаьхьо баркалла элира Кадыров Рамзана керлачу моделан цӀе тилларна. Цо бахарехь, тӀеман министралла "хьогӀе йаьллера", цундела "Ахмат-Мобиль" цIе тилларна новкъарло йан гIоьртира уьш. Иза гучуйаларх кхетийра Кадыровс, "Ремдизель" заводан коьртачу конструкторца Зарахович Игорьца цхьаьна Соьлжа-ГӀаларчу шен резиденцехь и кечъйеш ша дакъалаьцна хиларца.

ХIун ду "Ростехан" куьйгалхочунна а, Нохчийчоьнан урхалхочцунна а йукъахь? "Трансперенси Интернешнл – Россия" организациин директоро, антикоррупци эксперта Шуманов Ильяс Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь и шиъ вузург лерира Канделаки Тина а, цуьнан хIусамда Бровко Василий ву аьлла.

"Бровко Василий ву "Ростехан" пачхьалкхан корпорацин леррина декхарш кхочушдаран директор. Цунна тIехь ду пиар йарх а, хаамийн гӀирсашца зӀе латторах а жоьпалла, корпорацина пиар йина ца Iаш, Чемезовна а цхьана йан декхаре. Бровко Василийгахь йу Канделаки Тина. Компроматан а, телеграм-каналийн а, нахалахь пиар йаран а гонашкахь лаккхара тIегIа дIалоцуш бу и нах", - бохуш, кхетадо Шумановс.

Бровко Василийс кхоьллина, Канделаки Тинин долахь йолчу "Апостол" холдинго а йехха заманчохь пиар латтийра Кадыров Рамзанна, бохуш кхин дӀа а дуьйцу цо. Шумановс бахарехь, хIусамден-хIусамненан а вуно дика йукъаметтигаш йу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца, уьш лела Чемезовн а, Кадыровн а юкъаметтигийн белхан канал санна. И зӀе – доттагӀалла ду, йа вовшашна пайдехьа йолу юкъаметтигаш йу – сел жигара йу уьш, Кадыровс, Канделаки Тинин дехарца, YotaPhone реклама йира, иза а йу "Ростеха" арахецначех цхьаъ, билгалдоккху эксперто.

Гуш боцу пайданаш?

Кадыровс чIагIдарехь, 2014-чу шарахь йовзийтинчу "Тайфун" гIагI диллинчу машене хьаьжча, хийцина "Ахмат-мобиль" вовшахтаса а, тойан а атта ю: "Нагахь санна "Тайфун" тойан кхо бутт эшахь, "Ахмат-мобильна" кхо де оьшу".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо "Ахмат-мобиль" йозуш йоцуш кечйина модель йу аьлла динчу дӀахьедарна дуьхьал, "Ремдизель" компанин коьртачу директоро Захаров Александра билгалдаьккхира, машен серийн рами тӀехь вовшахтосуш йу, Оьрсийчоьнан компонентех пайда а оьцуш.

Уггар а Ахматан" пайде хилар ду – механа йорах, хахкар маса а хилар

ГIагI диллина машенаш йечу компанеша дӀакхайкхийна долу "вуно лаккхара ларъяран класс" йолуш йу алар билламе ду олийла ду, бехкаман лара йиш йац иза маьршачу машенашца йуьстича бен, билгалдоккху возуш воцчу тӀеман аналитико Михайлов Кирилла. Цунна хетарехь, "Ахмате" Iалашваран агIор хьаьжча, иза тIаьхьайуьсу йуьззинчу пехотин гIагI диллинчу машенашна (БМП) а, цхьайолчу БТР-на а.

"Фронтехь камикадзе дронийн доминантан кхузаманан хьелашкахь гIагI дилларо ларйан йеза лаххара а PG-7 танкашна дуьхьал йолчу гранатех, иза дукха хьолахь цу тайпа БПЛА-шца кечйо. Цунна оьшу стандартан электронан тӀеман системаш а, цаца болу экранаш а, ткъа уьш, "Ахматан" ца хила тарло", -бохуш, кхетийра говзанчо.

Михайловна хетарехь, "Ахматан" уггар а диканиг ду - иза механа йорах хилар а, сиха арахоьцуш хилар а, юьззинчу бронетехникаца йуьстича, иза гуш ма-хиллара, ларъярца мел кӀезга а мичча а некъаш тIехула лелачу коммерцин машенел а дика хилар а. Кхеташ ма-хиллара, цуьнах йолучу харжах а, цуьнан коррупцин таронех а хаттар кхоллалуш делахь а, бохуш, дерзадо эксперто шен къамел.

"Бюджетан ахча дайъар"

Путинна хьалха дуьйцуш, Чемезовс дӀахьедира, дуьххьарлера итт "Ахмат" машен нохчийн дакъошна совгӀатна йелла йу аьлла. 2022-чу шеран товбеца-баттахь Нохчийчохь дуьххьара гайтира гIагI диллина машенаш. Кадыров Рамзана чӀагӀдора, уьш "эскархойн хьашташна эцна йу" бохуш. Кадыровс бахарехь, цхьана машенан мах бу 17–18 миллион сом.

Росгвардихь а, МВД-хь а Iовдалш бац бюджетан ахча спецтехникана дайъал

"Ростех" компанин долахь йолу "КАМАЗ" санкцешна кӀел йеанчу минотехь дуьйна цуьнан машенаш дуьнентӀехь йохкар доьхнера, боху коррупцица къийсам латточу говзанчо Шуманов Ильяс. ХӀинца компанин хьал тодан деза.

"Принципехь аьлча, Оьрсийчоьнан эскаршна КамАЗ машенаш кхачо йиш йу, амма иза а цхьа лаххарчу барамехь. И бохург ду, кхин а хӀума кхачо оьшуш хилар, масала, КАМАЗ-н базехь бронеавтомобилаш. "Ахмат" бронемашинаш а йохка йиш йу Золотовн Росгвардина а (цуьнца Кадыровн тоьлла юкъаметтигаш йу), ткъа иштта чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллина а– уьш берриш а Ӏовдал бац хӀинца лелочу лерринчу техникана бюджетан ахча дайа", - билгалдоккху эксперто.

ГIагI диллинчу машенашна "Ахмат" цIе тилла тӀеман министралла реза цахиларх дика кхеташ лору Шумановс: "Иза ма-дарра Нохчийчоьнца ассоциаци йолуш хIума ду. Кхеташ ма-хиллара, тӀеман министраллина цунна дуьхьало йан лиъна, хӀунда аьлча, царна дагахь бу Нохчийчохь хилла хьалхара а, шолгIа а тIемаш. Цигахь дакъалаьцна хӀинцалера дуккха а инарлаша".

Цуьнца цхьаьна Кадыровн агӀор "Ахмат" цӀарна гонаха йаржийна хайп а, йукъараллин пиар а пайдехьа хилира, бохуш дуьйцу цо кхин дӀа а. Реклама йина бронемашинаш хӀинца эцна хир йу мел кӀезга а Кадыровн дакъошна, хила тарло тӀеман министраллина а, лерринчу сервисан дакъошна а эцна, бохуш, дерзадо къамелдечо.

  • 2023-чу шеран Лльан-баттахь дуьйна "Чеченавто" заводехь тӀеман Ӏалашонашна лерина хийцина УАЗ а, ГАЗ а машенаш арахецар духа долийра. Уьш кечйина Бауман цӀарахчу Москварчу пачхьалкхан техникан университето. Нохчийчоьнан Ӏедалша цара арахецначу продукцих "джихIадан машенаш" элира.
  • Кадыров Рамзана дӀахьедина, Tesla Cybertruck электромобиль кхаьчна шена "ларамечу Илон Маскера" аьлла, дош делира цо и машен Украинерчу тӀаме дӀахьажор йу ша аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо зорбане йаьхначу видеош тIехь гуш йу Cybertruck машенна тӀехь дIанисйина пулемет. Видео тӀехь Кадыровс кеп хIиттайо, патарманийн доьхканаш а доьхна, суьрташ дохуш.
  • Америкера Tesla а, SpaseX а компанеш кхоьллинчу Илон Маска дӀахьедира, Cybertruck электромашенаш ша нохчийн Ӏедалхошна йелла йац аьлла. Цунна жоп луш Кадыровс бизнесхочунна баркалла элира кхиамашна, билгалйехирра Starlink спутникан зӀенан дика агӀонаш. "ЗӀенан чехкалла [Украинехь тӀом болчу зонехь] къаьхьа де ду-кх" - йаздина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG