ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нехийн баьрзнаш лаьтта Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а мигранташ лецарна 


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа мигранташ леца болорна нехаш дIайахьарца проблемаш хIиттарх хаамбина Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу мел кIезиг а шина регионо – Къилбаседа ХIирийчоьно а, Дагестано а.

Нехаш дIахьош йац Буьри-ГIалахь а, хIунда аьлча, хIинццалц и болх беш хиллачийн хьокъехь талламаш болийна ницкъахоша, хаамбина "ЭРА" регоператоро. Компанин куьйгалло церан метта нах лоьху болх бан, амма оцу йукъанна гIаличуьра санитаран хьелаш кхин тIе а эшна догIу, аьлла ду телеграм-каналехь.

"Буьри-ГIалара нехаш дIакхоьхьучу 43 машенах болхе беш 12 бен йац, - компанин коьрта директоран Гокоев Александран дешнаш далийна "Mash Gor" хьосто. – ТIебаьхкина хилла белхахой документашка хьовса дIабигина".

Боллу белхалой аьлча санна – мигранташ бу, билгалдаьккхира цо. Йерриг а, цуьнан дешнашца, республикехь болх беш йу 80 машен – кризис дIоггара хьакхайелла йац кIоштех.

Нехаш гулйалар бахьана долуш ХIинжа-ГIалара санитаран хьал талхарх хаамбина "Вестник Кавказа" ресурсо. МухIажарш "лецначул" тIаьхьа "ХIинжа-ГIала-1" регионалан операторан халонаш хилира контейнеран майданаш цIанйеш а, хIусамашкара арайаьхна йаккхий дIакхийса кечйина нехаш дIайахьарца а, билгалдоккху ресурсо.

Карарчу хенахь цхьа барамаш тIеэца хьийза администраци, оцу гIуллакхна гIала цIанйан а, нехаш дIакхехьа а мэрира а, церан куьйгакIел йолчу хьукматашкара а божарий буьйлабелла.

Пачхьалкхан информацин РИА "Новости" агенталло регионера шайн хьасташна тIетевжина, йаздо, Йуккъерчу Азира цхьаболу бахархой дIабахана хила тарло, терроризмана бехкебина шайн махкахой лецначул тIаьхьа.

  • Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIахьедина, теракт йан гIоьртина аьллачу шеконашца оршот дийнахь Дагестанехь кхо стаг лацарх. Царех шиъ Йуккъерчу Азера ву, чIагIдора цара. ФСБ-но билгалдаккхарехь, "Крокус Сити Холлехь" динчу тIелетарна йукъара бу уьш, делахь а, цкъачунна кхачам боллуш информаци йац, оцу версих теша, аьлла хета бакъоларйархочунна Черкасов Александрна.
  • "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчу шолгIачу дийнахь къилбехь а, Кавказехь а дIахьедира дозанаш чIагIдарх а, кхерамзаллин барамаш совбахарх а.
  • "Антитерроран рейдаш" йолийна Волгоградехь мигранташна дуьхьал, цхьайолчу республикашкахь - антитерроран Iамораш а. Кавказ.Реалии сайто дийцира, Подмосковьехь хиллачу теракташна Iедалхоша жоп муха ло а, церан шеконашкахь мила нисвелла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG