ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис верца воьзна хилла Делимханов Адаман гергара стаг велла Нохчийчохь - "ВЧК-ОГПУ"


Adam Delimkhanov
Adam Delimkhanov

"ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало дӀакхайкхийна мехкан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман гIоьнча, цуьнан гергара стаг Кучиев Турпал Нохчийчохь валарх лаьцна. Кхечу хьостанашкара информаци тӀечӀагӀйина яц.

2015-чу шарахь политик Немцов Борис верна декъа хила мегачех ву Кучиев Турпал. Журналисташна гучудаьллера, зулам дале масех сахьт хьалха иза зӀене ваьлла хилар нохчийн полисхочуьнца Хатаев Асланбекаца. Немцов вер вовшахтоьхначех цхьаъ ву олу иза, киллерийн тобанан лелар Нохчийчуьра лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамашца, шайна юкъахь Делимханов Адам а волуш, дийцаредеш хилла цо.

Немцов вийначул тӀаьхьа талламчаша хеттарш дира Хатаевга, амма теше санна. Кучиевца доьзна цхьа а талламан барамаш дIабахьарх хаам ца бира.

"ВЧК-ОГПУ" гIирсо бинчу хаамца, товбеца-беттан 11-чу буса Делимхановн гергара кӀант велла Соьлж-ГӀалин аэропортера схьавогIучу хенахь хиллачу некъан бохамехь. Цигара шен доттагӀ а, цуьнан зуда а, церан ши бер а далош вогIуш хиллера иза. Машенчохь мел хилларг велла, чӀагӀдо телеграм-канало.

Бохамах лаьцна хаамаш йазбина бац некъан авареш хиларх йечу сводкашкахь, цIерашца ца буьйцуш а, ур-атталла. Делимханов Адаман гергарниг дӀавоьллина оццу дийнахь малх чубузале", - билгалдоккху ресурсо.

Зорбане баьхначу хаамашна комментарий ца йо Соьлжа-ГIалахь.

2015-чу шарахь чиллан-беттан 27-чу сарахь Кремлан пенашна уллохь букъах герз тоьхна вийра оппозицин политик Немцов Борис. Депутат Делимханов воцург, Нохчийчуьра Федерацин Кхеташонан декъашхо волу Геремеев Сулейман а вара оцу зуламца вузуш. Цуьнан вешин кӀант Геремеев Руслан хилла гӀуллакхна юкъаозийна, амма Оьрсийчоьнан талламчийн аьтто ца баьлла боху цуьнга хеттарш дан. Иза къайлаваьллера, 2022-чу шарахь Украинехь тIом болийча бен гучу а ца велира. 2023-чу шеран охан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Геремеев Русланна Республикан Турпалхочун цӀе йелира, ткъа масех бутт баьлча цхьана батальонан буьйранча хӀоттийра иза.

  • 2023-чу шеран мангал-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тӀечӀагӀдира Немцов Борис верца доьзна талламбар эвсаре ца хиларх бина латкъам – арз динарг йара политикан йоӀ Жанна. ЕСПЧ-н сацамехь билгалдаьккхина ду, Оьрсийчоьнан талламо а, кхело а зуламна декъах хила тарлучу нохчийн лаккхарчу даржашкахь болу хьаькамех а, тӀеман белхахойх а информаци ма-йарра теллина цахилар.
  • Кху охан-баттахь Москвара некъан полицин белхахоша сацийнера сенаторан Геремеев Сулейманан вешин кIанта Геремеев Ӏийсас лелош йолу машен. Машен теллича, царна карийнера ворхI тапча а, йиъ пулемет а, ворхӀ бӀе сов патармаш а. ХIетте а машенлелорхо лаьцна вац.
  • Хетарехь ницкъахошца йоьзна "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канал Оьрсийчохь "арахьарчу агентийн" тептаре йазйина товбеца-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG