...Тамаше симптом ю, Немцов верах вердикт дIакхайкхо сахьташ а дуьсуш, Путинан пресс-гIоьнчас, кхелал хьалха а иккхина, политик вер кхидIа а толлур ду, сурт дуьззина къасто алссам хан оьшу, алар.
Иза а, и санна долу девнаш а «къаьсттина хала ду листа, зулам кхочушдинарш лехна ца Iаш, иза дайтинарш а беза схьакаро».
...цкъацкъа шерашка йолу-кх и процесс»
КхидIа боху цо: «Нийсонан дуьхьа кхето деза, уьш вуно чолхе гIуллакхаш дуйла, президента дуккхаза а дийцина уьш талла хала хиларх лаьцна, амма иза данне а дац зуламхо ца лохуш Iан дохку бохург, цкъацкъа шерашка йолу-кх и процесс».
Оцу юкъанна, миллионаш Iа Москох тIеман кхелерчу бехккъасторхойн вердикте хьоьжуш. Ойла кхоллало хийлачун, лаа дуй-те цIеххьана Песковс девнах дош алар, олий…
Цхьаммо а ца боху, девне валийна пхи нохчо набахте хьажорца бекхам хилла болу, я Песков Дмитрийс дийриг деса къамел ду.
Делахь а. Немцов Борисан йоIа а, адвокаташа а дуккха дехна кхеле хьовха, оццу Кремлан дайшка, таллам нийсонан хорша баккхахьара, тапча тохарна Дадаев Заур а, цунна гIодарна цуьнан накъостий ГубашевгIар, Анзор а, Шадид а, Эскарханов Тамерлан а, Бахаев Хьамзат а бехктакхамхойн гура ховшорах нийсо а ца хуьлура, бохуш.
Немцова Жаннас, адвокаташа, бакъоларъярхоша дукхазза а вехна тоьшалле Немцов Борис вуьйриг 15 миллион сом делла бохуш вуьйцу «Къилбаседане» батальонан буьйранчашлахь лелла Геремеев Руслан. Яздина Кадыровга, кхачавахьара иза кхеле.
Цул сов, вийначун гергарчара тоххара дожийра зуламан IиндагI шена Кадыров Рамзанна тIе а – цара иза а вуьгу цIий тIехьарчийначийн декъа.
И массо а дехарш, бохку бехкаш хазаза, гарехь, ца висина Оьрсийчохь стагга а, … цхьа Кремлан да воцург. Амма вердикт нахала яла сахьташ дуьсуш элира ша аьлларг Путинан цIарх Песковс. Элира дехха, делахь а, ца элира, Немцова Жаннас а, цуьнан адвокаташа а сатуьйсучуьнга хьажча, хIумма а.
…Оцу юкъанна. 12 бехккъасторхо вара вердикт кечдеш, 26 хаттарна жоп лохуш.
2015-чу шеран Чиллан-беттан 28-чу дийнан сарахь Москох Москворецкан тIайтIехь тапча йиттина вийра Немцов Борис. Талламо, иза вен ахча а делла, нах арабаьхнарг Мухадинов ву, боху. Иза Интерполо лохуш ву. Ткъа кхелан гурачуьрчу пхеамма шаьш бехке дац, Немцов шаьш ца вийна, чIагIдо.
Дехха лела гIаьтти тахана керла хаттар: мила ву Немцов Борис вейтинарг?
… Мангал-беттан 29-гIа де. 15 сахьт даьлла. Вердикт тIеийци. Бехккъасторхоша Дадаев Заур бехке ву боху Немцов Борис верна. Боху, «талламо тIечIагIдина Дадаевс кхечу шеца кхеле балийначаьрца, ГубашевгIаьрца – Анзорца, Шадидца, Эскерханов Тамерланца, Бахаев Хьамзатца цхьаьна зулам дина хилар».
ХIинца дуьсу, ведиктна тIе а тевжаш, кхело къастор болу сацам ларбан. Кхета, хенаш алссам тухур ю.
…Делахь а, дехха латта гIаьтти тахана, «хьан ейтира Политковская», «хьенан лаамца йийра Эстемирова», «мила бехке вара Бесланехь бераш къелхьара цадахарна», «хьенан лаамца низамхоша газ тоьхна, байира Норд-Остехь нах» бохучу хеттаршца тIе хIара керла хаттар а: мила ву оппозиционер-политик Немцов Борис вейтинарг?..