ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вер а, Нохчийчуьрчу Iедало и деш дакъалаьцна хилар а кхоччуш теллина дац аьлла ЕСПЧ-но


Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йарна дуьхьал митингехь ву Немцов Борис. Москва, 2014 шеран зазадоккху-беттан 15 де
Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йарна дуьхьал митингехь ву Немцов Борис. Москва, 2014 шеран зазадоккху-беттан 15 де

Адамийн бакъонехула йолчу Европерчу кхело къобалдина политик Немцов Борис верах лаьцна гIуллакх кхоччуш ца теллина аьлла чуделла арз – арзхо цуьнан йоI Немцова Жанна йара. Сацамехь билгалдоккху, талламо а, кхело а кхоччуш теллина дац Нохчийчуьрчу лаккхарчу хьаькамаша и зулам дарехь дакъалаьцна хилар а, иштта и политикан бух тIехь дина зулам хилар а.

ЕСПЧ-н сацамехь билгалдоккху, "динчу зуламан интеллектуалан автор, аьлча а, и вен аьлла заказ йинарш, билгалбаьхча бен и гIуллакх таллар лартIехь ду ала йиш хир йац". Кхеле "ца кхаьчна ала мегар ду, бехкенаш билгалбахарехула бинчу талламех долу зераш".

Кхелана хетарехь, материалашкахь шортта хаамаш бара, Немцов вер политикан бух тIехь хилар талла дезар гойтуш, амма и таллам бина бац; иштта талламо кхоччуш бух ца балийра, политикан мотив ца лохуш тессина стенна дитина гIуллакх.

Масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, пачхьалкхан думан депутате Делимханов Адаме, цуьнан вешига Алибеке, сенатор волчу Геремеев Сулеймане хеттарш дар тIедожош Немцова Жаннас чуделла аьрзнашна къобал ца дар а билгалдоккху Европерчу кхело.

Иштта боху кхело, талламо тоъал зераш гулдина – тIаккха цара тIедожадо чоьхьарчу эскарийн "Север" батальонан буьйранчан гIовс волу Геремеев Руслан а, цуьнан гергарстаг Артур и зулам дарна бехке хилар талла. Делахь а, царна дуьхьал талламан барамаш боло цкъа бен ца хьевсира уьш, Немцов вийначул тIаьхьа бархI бутт баьлча ГеремеевгIеран хIусаман берте хIоьттича – "уьш цIахь ца карийна" аьлла дерзийнера цара. "Кхеташ ма-хиллара, оцу кепара [таллам баран кеп хIиттор] тоъал ду ала йиш йац", – аьлла хета кхелана.

Адамийн бакъонашкахула йолчу 2-чу Конвенцин бакъонаш оьрсийн Iедало хьешна хилар тIечIагIдина Есропечу кхело – цара боху, адаман даха бакъо хилар низамо лардеш ду. 20 эзар евро компенсаци хьажийна Немцова Жаннина.

  • Оппозицин политик, Оьрсийчоьнан урхаллин хилла вице-премьер Немцов Борис вийра 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу сарахь Доккха Москварецкан тIай тIехь, Кремлана уллохь. Вер вовшахтоьхнарш, иза тIедиллинарг а карийна бац хIинца а. немцовн гергарчу наха, белхан накъосташа билгалдокху, и зулам дарна, бехкенарш къайлабахьа г1ертарна гунахь болу нах Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан а гонера нах хила тарло.
  • 2017-чу шарахь Москвара окружной тIеман кхело зулам дарна бехке лерира Нохчийчуьра схьаваьлла пхиъ стаг – Дадаев Заур, вежарий Анзор а, ШахIид а ГубашевгIар, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат а. Царна 11-на тIера 20 шаре кхачалц чохь яккха хенаш йиттира.
  • Дуьйцучу зуламна бехке ву аьлла хета кхин цхьаъ, Шаванов Беслан, официалан версица, шегарчу гранатана тIехь иккхинера лоцучу заманчохь. Политик вен Iалашонца тоба вовшахтоьхначарлахь ву аьлла, бехке хетта Мухудинов Руслан дуьненаюкъарчу лехамашка велла. 2020-чу шарахь Мухудиновх тера стаг ГеремеевгIеран доьзалера цхьамма гIардаьккхинчу суьртанна тIе нисвеллера. Сурт Нохчийчохь даьккхина дара.
  • Геремеев Руслан, Артур тIепаза вайна бохура – уьш а бехкебора зулам дарна гунахь хиларна. Талламхой цаьрга хеттарш дан дагахь хилла бохура, амма, цхьадийцарехь, гIуллакх ца хилира, официалан версица, уьш бехачу меттехь цхьамма а неI схьа ца йиллира. Кху шеран оханан-баттахь Геремеев Русланна а, кхин а масех Кадыровн уллорчу накъосташна а Нохчийчоьнан турпалхочун седанаш делира. СовгIаташ доькъучу заманчохь 44 шо долу Геремеев вовзийтира "запасан майор" аьлла. Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзана винчу денца декъалвира Геремеев Руслан.
  • Немцов Борис вийна пхи шо кхочучу хенахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Даймахкана хьалха хьунарш гайтарна" II тIегIанера орденан мидал луш куьг йаздира сенатор волчу Геремеев Сулиманна.
  • Пачхьалкхан думан Делимханов Адаман цIийнах нах бу ГеремеевгIар. Ненан агIора шичарой бу уьш цуьнан. "Медиазонас" а, курхаллина дуьхьало яран юкъараллин Scanner Project проекто а юккъехь бинчу талламца а догIуш, лач некъашца Немцов верца воьзна хиларца шеконашкахь болчу нехан тептарехь вара Делимханов Адам. И зулам динчу наха цуьнга телефонаш йиттинера, иза ша вийлинера цаьрца зIене.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG