ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вер вовшахтохарна бехкелорург винчу денца декъалвина Кадыровс


Кадыров Рамзан а, Геремеев Руслан а
Кадыров Рамзан а, Геремеев Руслан а

"Север" батальонан хилла командир, Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалаьцна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву аьлла, шеконашкахь латтон Геремеев Руслан винчу денца декъалвина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Шен телеграм-каналехь Кадыровс "ваша" аьлла Геремеевх, билгалдаьккхина, Мариуполь йоккхучу хенахь "уггар а чолхе меттиг нисйеллера цунна, мостагIчуьнгара кхиамца схьайаьккхира цо, бIахочун декхар кхочушдеш лаза а вира" аьлла.

Иштта Кадыровс чIагIдо, Геремеевна "хийра дац сий, доьналла, лаккхара оьздангалла а, Делах кхерар а" бохуш.

  • Кху шеран оханан-баттахь Геремеев Русланна а, кхин а масех Кадыровн уллорчу накъосташна а Нохчийчоьнан турпалхочун седанаш делира. СовгIаташ доькъучу заманчохь 44 шо долу Геремеев вовзийтира "запасан майор" аьлла.
  • Немцов Борис вер вовшахтоьхначех ву аьлла, уггар а коьрта шеконашка эцнарг ву Геремеев. Немцов вер луьсту суьдхо резахилира доьзалан адвокаташа Геремеев Руслан кхеле кхайкха хеттарш дан аьлла, тIедожорна, амма талламчаша тIаьхьа дIахьедира, иза ца карийна шайна аьлла. Геремеев вехачу хIусаме даьхкира шаьш, неI ца йиллира цхьаммо а дIахьединера хIетахь.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьно оккупаци йинчу территори тIехь йаьккхинчу видео тIехь хаавелира Геремеев – Мариуполехь, цул тIаьхьа лазийна дарбанан цIийнехь гайтира, Нохчийчоьнан куьйгалхо цуьнга хьажа а вогIуш. ХIетахь дуьйна Геремеевс тIамехь дакъалацарах лаьцна кхин дийцина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG