Динан урхаллин лидерийн исторехь дуьххьара къона бусулба нах баьхкина. Радикалан исламан новкъа бовлучу кегийчу нахаца доьзна хаттарш атта къастадала там бу аьлла, хетадала тарло.
Кхаарин дийнахь, гулам чекх ма-беллина, Самигуллина журналисташца къамел деш элира, «кегийчу нахаца Iилман маттахь дийца деза, шед етташ, Iаморах гIуллакх хир дац». «Шайн динийн школа уггар собарениг ю. Кегийчу нахаца къамел дича, цара шайн ойла хуьйцу», - элира керлачу муфтис. «ГIезалойчоь Кавказ яц, чай молуш Iашшехь, муьлхха а хаттар къастало гIезалошка» бохуш вара Самигуллин.
Амма ГIезалойчохь дукха бац керла муфти санна коьртачу динан ден Iалашонаш цуьнга атта кхочушъялур ю бохучух.
Казанехь вехаш волу историк а, ислам динан говзанча а волу Хабутдинов Айдар ву царах цхьаъ.
Хабутдинов Айдар: «1000 маьждиг долчу республикех лаьцна къамел деш ду вай. 25 шарахь гIаьххьачул дин карладаьлла цигахь. 25 шарахь кхиъна иза. Ткъа хIинца, меттигера гIиллакхаш, кхиаран эвсаралла а ца евзаш волу керла стаг веана. Шен 28 шарах 3 шо - кхиазхо волуш - ГIезалойчохь даьккхина цо. ХIинца пхеа шарахь ваьхна иза кхузахь. Цунна республика вуо евза.
ШолгIа - иза маьIне а ду - лаккхара исламан генара дешар доьшуш ву иза. Цуьнан, хала хеташ делахь а - цхьа а дуьненан дешар дац.»
Маршо радио: Цецвоккхуш ду, гуламехь мел хиллачу векало цхьабосса кхаж тесна цунах бохург.
Хабутдинов: Цец хIунда йолу хьо? Тхан коьрта харжамхо тхан ГIезалойчоьнан президент Минниханов Рустам ву. Шаймиев вуьстича, иза нийсса болчу харжамашкахь дакъа лаьцна вац. Оьрсийчоьнан президенто хьалха а теттина, пачхьалкхан кхеташоно "хаьржина" ву иза. Кхузахь а изза ду.
Маршо радио: Массо а Оьрсийчура бусулба республикашкахь муха гIиллакх ду аьлча, Iедало шена атта а, муьтIахь а волу динан да хоржу. Иза-м дац ГIезалойчохь а?
Хабутдинов: Дукхах болу гIезалой гIаланашкахь Iаш бу. ГIезалойн къона чкъуран доккхах долу дакъа гIаланашкахь кхуьуш ду. Дика дешна а бац уьш. Шаьш шайна хьесапдан Iемина нах бу уьш.
Гарехь, "Керла шо даздан ца оьшу", "шахматех ловза ца оьшу" бохуш волу Самигуллин, мелла а малхбузенан амалш йолчу гIаланийн кегийрахошна дуьхьала хIоттийна ву Iедалша.
Маршо радио: Шен керла программа а, ша юьхьарлаьцнарг а дуьйцуш, Самигуллина билгалдаьккхира, шаьш «онлайн хьуьжарш схьаелла дагахь ду», цигахь гIезалойн, оьрсийн, Iаьрбийн а меттанашкахь дин хьоьхур ду, аьлла.
Схьагарехь, шен болх интернетехь жигара баккха дагахь ву ГIезалойчоьнан керла муфти. ГIезалойн динан дайша язбина белхаш «Онлайн библиотеке» а баьхна, царна тIекхачар аттачу даккха ойла йолуш а ву иза. Самигуллина шен гIезалойн а, оьрсийн а меттинаш боцурш, Iаьрбийн а, туркойн а меттанаш хаьа. Цуьнан зуда а, кхоъ бер а ду.