ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша гIо до доьзалашна: Къилбаседа Кавказера уьдурш гIелончана йухабуьгу


Омбудсмен Солтаев Мансур а, Сулейманова Седа а
Омбудсмен Солтаев Мансур а, Сулейманова Седа а

Кризисан "СК SOS" тобанан бакъоларйархоша дIахьедина, Санкт-Петербургехь лачкъийна Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа цуьнан гергарчу наха йийна хила мега аьлла. 2022-чу шарахь 26 шо долу йоI махкара йеддера доьзалехь гIело латторна, делахь а цуьнан гергарчара полисхлйн гIоьнца бертаза йухайигира иза регионе. ХIара дуьххьара хилла хIума дац Къилбаседа Кавказера бевдда бахана нах лечкъош. Муха нисло и, ницкъаллин стурктураша хIуммаъ а хIунда ца до дийцира Кавказ.Реалиин редакцига бакъоларйархоша.

"Нохчийчохь гIело ца йо

Сулейманова Седа йийна хила тарло аьлла дийца даьккхира чиллан-беттан 7-чохь: "СК SOS" тобане цунах лаьцна хаамбинера республикера вовшаца йозуш йоцчу шина хьасто.

Йуьхьанца Сулейманова дIайахара Нохчийчуьра шен гергарчаьрца динца боьзна цакхетамаш хиларна а, шена везаш воцчу стаге маре йаха цалаарна а. "СК SOS" тобанан адвокат вара цунна гIо деш. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Санкт-Петербургехь лачкъийна иза Соьлжа-ГIала йухайигира. Бакъоларйархоша бохура, Седина лаьтта кхерам Iаламат боккха хиларан хьесап ца динера шаьш. ЙоIана йа шена а ца моьттура, регионал арахьа ша лоьхур йуйла.

Седа Петербурге йедда йахначул тIаьхьа дуьххьара иза лачкъон гIоьртира масех бутт баьллачул тIаьхьа. Цуьнан белхан меттиге – кофейне - веара цуьнан шича, цо кхерамаш тийсира, хьо Iаш йолу меттиг шайна карор бу, полисхой ара а баьхна бохуш. Кофейни чу веана стаг бахьана долуш йада аьтто хилира цуьнан, шелтере дIа а йоьдуш. Цул тIаьхьа шен везачуьнца Кудрявцев Станиславца цхьаьна петар лецира цо. Делахь а, хIетте а схьакарийра и шиъ цу йоьIан нахана. Шичин кхерамаш а кхочушхилира: иза лачкъо баьхкинчарна гIо дира бакъоларйаран органийн белхахоша.

Гезгамашин-беттан йуьххьехь хаамийн гIирсашкахь йоккха гIовгIа иккхинчул тIаьхьа Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео хIоттийра шен агIоне, цу тIехь уьйтIахула схьайогIуш йу цуьнца Седа, цо хаамбира, йоI "дика Iаш йу" аьлла. Чиллан-баттахь бакъоларйархоша Сулейманова йийна хила тарло аьлла дIахьедар дале Солтаевс элира, Нохчийчохь "зударшна тIехь латтош гIело йац". ЙоI йийна хила там бу аьлла зорбанашкахь дийцаран терго ца йина йа Солтаевс а, йа нохчийн Iедалхойн векалша а.

Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Дуьххьара иза лачкъон гIоьртинчу хенахь бакъоларйархоша пачхьалкхера дIайаха йеза хьо аьллера цуьнга, амма йоI дуьхьл хилира. "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас кхетийра, Къилбаседа Кавказан регионашкра уьдуш болчу зударшна дукха хьолахь Оьрсийчуьра дIабаха ца лаьа: "Къилбаседа Кавказера уьдучу божаршна жимма атта хуьлу. Уьш рицкъ лохурш бу, цара доьзал кхаба ахча даккха деза, цундела цаьрга мел а дешийта хьийза, ткъа зударшца хьал, хала хетахь а, кхечу агIор ду. Цунна боккха кхерам латтахь а, йоIана Оьрсийчохь йиса лууш хилча, бертаза иза пачхьалкхера дIайуьгийла дац тхан".

Цунна боккха кхерам латтахь а, йоIана Оьрсийчохь йиса лууш хилча, бертаза иза пачхьалкхера дIайуьгийла дац тхан

Седин доттагIчо, жигархочо Патяева Ленас чиллан-беттан 1-чохь цхьааллин пикет дIайаьхьира Санкт-Петербургера прокуратурина хьалха, йоI тIепаза къайлайаккхарна тидам тIеузуш, лахьан-баттахь дуьйна болийначу талламан а цхьа йист йаккхийта Iалашонца. Эххар а таллам берзийра, Сулейманова шен лаамехь Нохчийчу йухайахана, иштта цигахь сацар а цуьнан лаамехь дара аьлла.

Патяевас дийцира, оцу гIуллакхна терго тIеоза, кхин дIа а акцеш хIиттон лерина йу ша аьлла. "Нагахь санна, и гIуллакх нахаладаккха а, жамIаш хилийта а деш долчу кхиндолчу хIуманаша аьтто ца баккхахь, йуха а пикете йала дагахь йу со, хIунда аьлча, терго тIеоза а, информацин бахьана хIоттон а кхин некъ ца го суна", - бохура цо.

Цхьа могIа адамаш лечкъор

Сулеймановаца Iоттаделларг- дуьххьара дац Къилбаседа Кавказера девдда зудабераш лачкъон гIоьртина, йа нуьцкъаша шайн нахана тIе йухабига гIерташ. Йиллинчу хьасташкахь оцу кепара гIуллакхаш итт хилла а ца Iа, делахь а, бакъоларйархоша боху, дукхахдолу гIуллакхаш нахала ца довлу.

Дагестанера йахархо Ухманова Элина Оьрсийчуьра арайала ка йалале кхузза йедира цIера. Эрмалойчохь лецира цIера йедда гIалгIайн йоI Зурабова Фатима, амма бакъоларйархойн аьтто белира иза лачкъа ца йайта. ГIалгIайчуьра кхин цхьа йахархо Гиреева Лайлаъ йеддачул тIаьхьа лецира Петербургера ницкъахоша, амма эххар а дIахийцира цара иза. Дагестанера йедда хилла Хизриева Хадижат а, ПатIимат а, Газимагомедова Аминат а, Магомедова ПатIимат а исс сахьтехь латтийра Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йуккъерчу постехь. Хаамийн гIирсашкахь даьржина цунах лаьцна дийцадаьккхичнул тIаьхьа, бакъоларйархой а йукъаозийча ка йелира церан пачхьалкхера арабовла.

Шозза цIера йедира гIалгIа Яндиева Марина: дуьххьара йедча карайахара иза, цул тIаьхьа масийтта шарахь чохь йаллийра. ШолгIа йадар аьтто болуш нисделира цуьнан: йоI Оьрсийчуьра дIайахара. ЦIера йада гIоьртинчу Идрисова ПатIиматна тIехь гIело латтайора, бертаза дарба дан хьийзира цунна. Эххар а Оьрсийчуьра дIайахара иза а, шен цIе а хийцина цо. Бисексуал йу аьлла, цунах дарба дан хьийзийначу нохчийн йоьIан Лорсанова Аминатан йада ка йелира доьалгIа.

Шайн ницкъаца леха хьийзара тоххара дIабахана йоьIарий, ткъа хIинца ницкъахошкара гIо доьху

Бевддачийн кхоллам ирсе чакхе йолуш массеран а ца нислора. 2019-чу шеран аьхка цIера дIайахара 20 шо долу Сугаипова Заира – цуьнан лорах кхетта, махка йухайигира иза. Цуьнан кхолламах лаьцна тахана хууш хIума дац. Кадыровн гонерчу стеган йоI Тарамова Хьалимат масийтаза йада гIоьртира. 2021-чу шарахь ницкъахоша лачкъийра Хьалимат Дагестанера шелтерера, хIетахь дуьйна Нохчийчохь йац иза. Нохчийчу Iен-йаха а дIахьажийна хилла Германин йахархо Исмаилова Селима а гIоьртира Оьрсийчуьра дIайаха, амма аэропортехь лецира иза.

Оцу кепарчу гIуллакхех ду ала тарло Арсамиков Идрисан гIуллакх а: 2023-чу шарахь Москвахь лаьцна нохчо республике дIавигийтира. Ша лацале хьалха ницкъ бинера Нохчийчохь Арсамиковна тIехь, иза гомосексуал ву бохуш.

"Тоххара цIера бевдда йоьIарий шайн ницкъашца лоьхуш хиллехь а, хIинца полисхошкара гIо доьху цара: республикашкахь а, шахьарашкахь а. Зудабераш цIа дига атта ду царна хIинца, цундела алсамдаьлла нах лчкъор", - элира "СК SOS" тобанера Мирошникова Александрас.

Йеддарг цIа йигархьама гергарчара иза лехамашка ло, тIепаза йайнарг, йа кхола динарг иза йолуш санна, тIетуьйхира цо.

Доьзало а, йукъаралло а Iаткъамбар

"Марем" организацин бакъоларйархочо Анохина Светланас кхетийра мехкарий кест-кеста лечкъош хиларх, Къилбаседа Кавказера зударийн кхечу адамех боьзна ца хила хууш цахиларца. Масала, зуда майрчуьнца дIакъаьстина, болх беш, ша берана оьшург латтон гунахь йелахь а, дукха хьолахь цуьнан ден-ненан хIусаме йуха йаха деза. ХIунда аьлча, ханна петарш лучу долахошна ца лаьа ша Iаш йолчу зудчуьнга хIусам йала.

"Цуьнгара бехкаш дохур ду гергарчара а, бевза-безачара а, хийра болчу наха а цхьаьна. Доьзалан куьйгакIел хила йезаш йу йоI. Ден-ненан карара хIусамдега кхочу иза, тIаккха цуьнан карахь ду цуьнан доладар", - элира Анохинас.

Ден-ненан карара хIусамдега кхочу иза, тIаккха цуьнан карахь ду цуьнан доладар

Лачкъийначу къин а цхьаннах дуьйцуш, Анохинас бохура, йада а гIоьртина, бертаза иза йухайигинчул тIаьхьа йоIана шайн чохь карийнера болх беш йац аьлла массара а дIатесна ноутбук. Интернете йаьлла, цунна Iемира тоьхна блок йаста, иштта шех лачкъийна хилла мобилан телефон а йаьстира цо.

Оцу йукъанна мехкан Iедалхой гуттар а ца хуьлу бала болуш нах лечкъа ца байта, "сий лардеш" нах ца байийта а. Иштаниг хила тарло къаьсттина Нохчийчохь:"Нохчийн республикин а, цуьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзана а политика йу и. Вайна хууш дийцарш ду, товш доцург даьлла аьлла, "гучудевллачу" зудаберийн, йа кегийчу нехан дега-нене баьхна, шайн доьзалхо ве аьлла".

Кавказхошна шатайпа гетто кхоьллина Оьрсийчоьнан Iедалша аьлла хета цунна: "Кремлехь оцу кепара барт хиллачух тера ду республикашкарчу Iедалхошца, шайна муьтIахь хилчхьана цара бIаьргаш хьаббо, оцу мехкашкахь хуьлучун. Коьртаниг, шу Оьрсийчоьнна дуьхьал ма дийла, цуьнан декъехь Iе, сепаратистийн хабарш совцаде. Ткъа оха шуна шайн зударна тIехь хIуъа а лелрр магор ду".

Нах лечкъабо, бойу бохуш, дуьйцуш лаьтташехь, шайгахь гIело йаллочу гергарчу нахах бовда луурш алсам бу, боху къамелдечо. Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело хьоьгучу зударшна гIо латточу "Марем" тобане бахначу баттахь орца дийхира 30 зудчо. 2023-чу шарахь оцу кепара 68 дехар хилла.

"Хетарехь, бевддачийн кхолламах лаьцна хезачо Iадон безара уьш: цхьаъ лаьцна, важа йухайигна. Амма зудаберашна кхин го цуьнца - шаьш хIаллак ца дайта довда дезар", - дерзийра Анохинас.

  • Чиллан-беттан йуьххьехь пикете йаьлла Патяева Лена лаьцна, полици дIайигира, цигахь административан протокол а хIоттийра цуьнан хьокъехь. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Патяевас дийцира, цIера йеддачул тIаьхьа Сулейманован Санкт-Петербургехь хиллачу дахарх лаьцна.
  • Къилбаседа Кавказехь латточу гIелонах уьдуш болчарна дукха хьолахь тIаьхьабуьйлу гергарнаш а, ницкъахой а. Бахьана хуьлу зуламаш лелийна цара олий, харцонца царна дохку бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG