Москвана уллорчу Котельникашкахь долчу маьждиге лелачу бусулбачу наха президенте Путин Владимире виедокхайкхам бина, ницйкъахойх ларбе шаьш аьлла. ПIераскан дийнахь хилла рузба дохийна болчу полисхошна дуьхьал шога барамаш лелабе аьлла дехна цара. Оцу маьждиге лелаш болчех дукхахберш Къилбаседа Кавказера бахархой бу.
Товбеца-беттан 7-хь пIераскан дийнахь рузба доьдучу йукъанна ОМОН-н белхахой чулилхира маьждиге: "Когара мачаш дIа ца йохуш, наха ламаз деш йолчу чоь чу лилхира уьш. Цаларар гойтуш, маьхьаршца, сийсазалле къамелашца, пхьармотт буьйцуш, ницкъбира цара. Маьждиге баьхкинарш сийсазбора – царах дукхахберш Оьрсийчоьнан бахархой бу", – чIагIдо видео тIехь цхьаволчу и хьал шена бIаьрга гиначо.
Низамехь боцу мигранташна дуьхьал йина рейд хила тарло иза, амма ницкъахоша лелийнарг исламофобих тера дара, боху маьждиган администраторо Барханов Рината.
"И рузбан ламаз доьдучу хенахь дина хиларо оьгIазе дина тхо. Тхо дуьхьал дац талламаш дайтарна, амма, доьху, тхан йукъараллин пенашкахь ма де уьш", – билгалдаьккхина Бархановс.
Цо тIетуьйхира, маьждиге баьхкинарш, доккхачу декъанна, Къилбаседа Кавказера бахархой бу, иштта Татарстанера, Башкортостанера. Кхечу пачхьалкхашкара бахархой. Иштта цо бахарехь, маьждиге лела Таджикистанера, Узбекистанера, Кыргызстанера бахархой.
Москохан кIоштарчу бусулбачу нехан урхалло дIахьедар арахийцира, ницкъахоша лелийнарг йемалдеш. Цигахь билгалдаьккхира, ОМОН-н белхахоша "оцу рейдана кIел нисбеллачу нехан бакъонаш, сий а хьешарна" тIехула аьрзнаш хьовсор ду прокуратуре.
- 2021-чу шарахь Котельникашкахь долчу маьждигна йинера оцу кепара рейд рузбан дийнахь. Масех бусулба стаг полицин декъе вигира кехаташка хьовса.
- Маьршачу наха а, националистийн кхетам болчу жигархоша а дуьхьалонаш йинчул тIахьа Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедина, шахьаран Косино-Ухтомскан кIоштахь дан лерина хилла маьждиг кхечу меттигехь дийр ду аьлла. Хьалхо оцу протестхошна кхел йе, йа уьш тIамтIе хьийсабе аьлла, кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сацам "чIогIа дика бу" аьлла. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, маьждиг дан гIертарна гонаха хилла дов Къилбаседа Кавказехь муха тIелоцу, иштта дине болчу цабезаман муьлха керла маьIанаш гучудевлла Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана.